ДIадахнарг карладоккхуш

Амаева Маша – поэтесса, эшаршлакхархо, юкъараллин гIуллакххо,   7 беран нана дика евза Нохчийн Республикехь.

Шен доьзалан деца  Задаев ШахIрудица иза еха  50 шо хан ю. Машех лаьцна дукха яздина  зорбанан хаамийн гIирсашкахь. Суна иза 1986-чу шарахь евзира. ХIетахь «Ленинан некъ» газетехь балхахь яра  со. Газетан  редактора, профессора Айдаев ЮшаIа (Дала декъал войла иза)  дуьххьара  Нажи-Юьртан районе яхийтира со.

Машица хилла интервью а, цуьнан байташ а  зорбане  евлира «Ленинан некъ» газетан а, «Орга» журналан  а агIонашкахь.

Ткъа 1992-чу шарахь цуьнан дуьххьарлера  «Дахаран некъ» поэзин гулар зорбане елира Соьлжа-ГIалахь «Книга» издательствехь.

Амаева Машин поэзи Даймахках, машарах, шена дукхаезачу шен юьртах –  Зандакъах лаьцна  яра.

Нохчийчохь дуьххьара тIом баьлча шен хIусамдеца а, доьзалца а цхьаьна Соьлжа-ГIала охьакхелхира иза. Массо а заманчохь шен халкъаца бара Маша а, цуьнан доьзал  а. Вон-дика  шен халкъаца  цхьаьна доькъуш.

2004-чу шеран 9-чу майхь вайн республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа тешнабехкаца  вийча, дерриге а  нохчийн халкъо  санна, Iаламат хала лайра  цо и къизалла, ирчалла.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжина  лерина язйина байт  ю Амаева  Машин.

Къонахчун сийлалла»

(Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентана Кадыров Ахьмад-Хьаьжина  лерина).

 

Ден-ненан тIома кIел жима бер  санна,

Ма паргIат дара тхо хьо волчу хенахь.

Доьлхучу буоберийн гIийла дог хьостуш,

Даймахкахь гIаьттира хьо, машаре кхойкхуш.

 

Де доьхна бисинчийн аьттоне хьоьжуш.

ГIорасиз бисначийн доьжна  дог  гIаттош,

Халонца къуьйсуш, кIадвалар доцуш.

ГIаьттира хьо Нохчийчоь машаре  кхойкхуш.

 

Динца дерг дора, вайн Дала ма-бохху

Iадаташ лардора, аттаче  дохуш.

Турпалчу хьан даг чохь болатан майралла!

Ехар ю заманца – къоначун Сийлалла!

 

Тхо дуйла, хаалахь, хьан новкъа догIуш,

Хьан лорах ког боккхуш хьоме  Нохчийчоь,

Хазахетарца, тоярца, машарца дехаш

Даима  вехар ву  Турпалхо Нохчи!

Юрт къастийначунна

Ма херо кхоьлли ахь, тайпане  ваьлла

Кицанийн дийцаршца юрт къасто воьлла,

Сингаттам  совбаьлла, са  логтIе даьлла

Дицлург  дац «зандакъо» ахь сайга аьлла,

Кийрара дог Iийжош, бIаьргаш хих дуьзна,

Къайленгахь хьийзара ойлане яьлла

Дог цIена сан ваша хьо хетарх дуьзна,

Цкъа а дог хилла дац ваша  вац  аьлла.

 

Адамашлахь бIаьрг кхетча, вистхуьлу хезча,

Хьо ваша сайн хиларх йоккхаеш лелла,

«Шун юьртахь», – аьлла дош, хьан озах хезча,

Готтачу сан кийрахь сийна цIе  яьлла.

Халоно хьовзийча, дог хьоьга делхош,

ГIо эшна суо йисча, ахь гIо дер бохуш.

Хьо веха хьан хIусам «ден цIа  ду» бохуш

Леллашехь, ахь аьлларг ду сан дог  делхош.

 

Алахьа, сан ваша, хезирий хьуна,

Кийрара дог оьккхуш, син пхенийн тата?

Набарха доккха Теркан хи деана,

Дистинчу хиэ текхош, гIан гирий хьуна?

1983 шо. Нажи-Юрт

АРСАМИРЗАЕВА Асет

 №85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: