Къоман искусствоца доттагIалла кхиадо

Дика хета хIора районехь бераш Iамош Берийн кхоллараллин цIенош хилар. Ленински районан Берийн кхоллараллин цIийнахь таханлерчу дийнахь Iемаш дуккха а бераш ду. Уьш  10 шарера 14 шаре кхаччалц хенаш йолуш ду. Цигахь масех кружок ю: «СтелаIад», «Говза куьйгаш», «Исламан некъ», «Къоначу инспекторан клуб», «Вокал», хIуманаш тега Iаморан. Иштта, хелхаран «Салам», «Грозный» тобанаш ю. Царах хIора кружок мехала ю.  Бер кхуьучу хенахь цунна вон некъ марзабаларна кхерам бу, цундела, иза ийманехь кхиийтарна лерина ю «Исламан некъ» кружок.

IMG-20150731-WA0007

Вайн республикехь дIахьочу даздаршкахь а, гIалин, республикин конкурсашкахь а, фестивалашкахь а жигара дакъалоцу цара. Цигахь гучудолу берийн хьуьнарш. ХIокху цIийнерчу бераша шаьш дикачу агIор гойту муьлххачу а даздаршкахь а, цхьаьнакхетаршкахь а, къийсадаларшкахь а. Къаьсттина тIаьхьарчу хенахь дуккха а толамаш баьхна цара. Масала, республикин «Красная гвоздика» конкурсехь хьалхара меттиг яьккхира, республикин «Седарчийн гулам» конкурсехь «Вокал», «Музыкин гIирсаш» номинацешкахь – Гран-при, «Хелхар» номинацехь – совгIатан меттигаш, Прикладни кхоллараллин конкурсехь тайп-тайпанчу номинацешкахь йиъ 1-ра меттиг яьккхира.

Берийн кхоллараллин цIийнан белхахоша берашна хелхарш дан, эшарш лакха, музыкин гIирсаш лакха Iамийна ца Iаш, уьш кхетош-кхиорехь болх бо.  Берашна кхолларалла марзйина ца Iаш, уьш ийманехь кхиийта лаьа царна. Терроризмах, экстремизмах, наркоманех долучу зуламех а, цигаьрках могашаллина хуьлучу иэшамах а дерг берашна дуьйцуш дIахьо кхетош-кхиоран болх.

«Кхузара дукхахболу белхахой оха Iамийна  бу. Вуно дика шайна тIедехкинчу декхаршца ларош схьабогIуш бу уьш. Бераш жимма а Iама лууш хилча, царна хьеха а дог доху. Хелхаршца, эшаршца билгалдевлла тоьлла бераш Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран департаменто а билгалбоху», – дуьйцу хIокху цIийнан директора М.Исапаевас.

Билгалбаха лаьа, шайн болх дика хууш, берашца кхоллараллин декъехула къахьоьгуш болу белхахой: директоран заместитель М.Орсханова, М.Тахаев, М.Масиханова, Л.Солтаханова, Л.Джанаралиева, и.дI.кх.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан сурт

 №85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: