Нохчийчохь хоккейни команда ю олуш ца хезначу суна боккха кхаъ хилира масех шо хьалха Словенехь, «Баьццара саьрмак» цIе йолуш, хоккейхула дIадаьхьначу къийсадаларшкахь «Соьлжа-ГIалин хоккейни клубо» шолгIа меттиг яккхарх. Цигахь дакъалоцуш яра 18 пачхьалкхера командаш.
БIешерашкахь хоккей ловзуш командаш йолуш схьайогIучу пачхьалкхийн командашна юкъахь Нохчийн Республикерчу командо шолгIа меттиг яккхар иза вайн къомана юьхькIам бара, вайн кегийрхой шайн ловзарна реза ца хиллехь а…
«Соьлжа-ГIалин хоккейни клубан» декъашхо ву 2001-чу шарахь АлихаджиевгIеран Вахин а, ТIаусан а доьзалехь дуьнен чу ваьлла волу Абубакар. Бусалба динехь, ийманехь кхиочу деа берах кхоалгIаниг ву иза.
Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан №8 йолчу школин 8-чу классан дешархо ву Абубакар. Дешарца дика ларош схьавогIуш а ву. Хоккейх ловза волавелла шен итт шо кхаьчча. Цуьнан самукъадолу хоккей ловзуш. ТIейогIучу хенахь а шен дахар хоккейца доза дагахь ву иза. КIентан лаамна дуьхьало ца йо дас-нанас, цара къобалбо кIанта хаьржина некъ. Оьшучохь шайгара гIо-накъосталла а до.
Кхаъ хиларца тIеэцна Абубакара Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштахь хоккейни школа еш хилар. «Соьлжа-ГIалин хоккейни клуб» дуьненахь а тоьлла хилла дIахIуттийла лууш ву кIант. Цу лакхене кхачархьама шаьш дуккха а къахьега дезий хаьа, цундела цига тренировкашка аравала сатесна а ву иза. Цунна хаьа тренировкашкахь Iамийнарг шена пайдехь хир дуй.
Россин хоккеистех кIанта къастийнарг ву Овечкин Александр.
Аьхкенан-садаIаран хенахь а мукъа Iаш вац Абубакар. Туьканахь болх бечу шен вешина гIо деш ву иза.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№85, шот, 1 август, 2015 шо