Я.Шамиловн кхоалгIа меттиг
Тюмень гIалахь чекхъяьлла «Большой шлем» цIе йолу дзюдохула дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш Нохчийн Республикера спортсменаш а бара.
ДегIан йозалла 60 кийла йолчу категорехь леташ волчу Яшуев Ислама шен ахфинале боьду некъ атта дIабаьхьира. Бакъду, финале вала аьтто ца белира цуьнан. «Жимачу финалехь» нохчийн спортсмен цхьаьнакхийтира Казахстанерчу Имашев Айбекца. Оцу тасадаларехь вайн махкахочуьнга толам ца баккха белира.
ДегIан йозалла 66 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш волу Шамилов Якъуб а дукха атта ахфинале велира. Ткъа турниран коьртачу латарехь дакъалаца таро лучу тасадаларехь Якъуб эшийра Казахстанерчу Ессимбетов Габита. Амма нохчийн дзюдоист мидал йоцуш ца висира. Цо кхоалгIа меттиг къовсуш толам баккхарца йоьза мидал яьккхира.
Азин чемпионатера – датон ши мидал
Дукха хан йоцуш Мьянмерчу Нейпьидо гIалахь дIаяьхьира паргIатчу а, греко-римски а охьатохаран кепашкахула йолу Азин чемпионат. Оцу къийсадаларшкахь дакъалоцуш вайн республикера Шадукаев Тамерлан а, Чилаев Илисхан а вара.
ДегIан йозалла 74 кийла йолчу категорехь леташ волчу (греко-римски кепара охьатохарлатарехула) Шадукаев Тамерлана атта толамаш бехира шен «довхошна» тIехь. Амма финалехь эшарца дато мидал яьккхира.
Билгалдаккха догIу, вайн спортсмен 2013-чу шарахь дIадаьхьначу оцу къийсадаларийн чемпион хилар.
ДегIан йозалла 84 кийла йолчу категорехь дакъалоцуш волчу (паргIатчу кепара охьатохархлатарехула) Чилаев Илисхан а дика леташ вара оцу чемпионатехь. Нохчийн спортсмен атта финале велира. Ткъа финалехь вайн махкахочун лата дийзира Иранерчу аьтто «вольникца». Оцу чулацамечу цхьаьнакхетарехь Илисханан аьтто ца белира толам баккха.
Очкош йийкъира
ШолгIачу дивизионан командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 2-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек-2» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Ставрополерчу «Динамо» командица.
Цхьаьнакхетар вовшашкахь хIун доллу хьожуш дIадолийра командаша. Матчехь кхерамечу тIелатаре дукха сатийса дийзира болельщикийн. Бакъду, футболисташа хан дIа мел йолу шайн болар сиха дира. Чулацаме а, ира а тIелатарш а дора. Амма вовшашна буьрка ца тохаелира. Матч йолалуш хилла счет кхин хийца ца луш чекхделира цхьаьнакхетар.
4-чу августехь 3-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь С.Билимхановн цIарах йолчу стадионехь ловзар ю Назранерчу «Ангушт» командица.
А.АБДУЛАЕВ
№85, шот, 1 август, 2015 шо