Кагерманов Докка

Докка

(1957-чу шарахь дуьйна, 1993-чу шарахь ша пенсе ваххалц, «Ленинан некъ» («Даймохк») газетехь хьанал къахьегарца нохчийн журналистика кхиорна юккъе шен бIаьрла хазна йиллина Кагерманов Доккас)

1957-чу шарахь меттахIоттийра Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика. Дехачу кхойтта шарахь шаьш чIогIа сатийсинчу шайн даймахка цIаэха буьйлабелира цхьа а бехк-гуьнахь доцуш махках баьхна хилла нохчий а, гIалгIай а. Иштта меттахIоттийра нохчийн маттахь арахоьцуш хилла «Ленинан некъ»  газет а.

Юьхьанца яккхий халонаш лайра газет арахоьцуш. КIезиг бара нохчийн маттахь яздан хууш болу белхахой. Нохчийн къомах болу журналисташ чIогIа цатоарна редакце  балха оьцура газетан белхан зеделларг долу оьрсий а, жуьгтий а.

Редакцин коллективана чолхе  хиллачу оцу муьрехь цига балха веара Кагерманов Докка. Оцу хенахь нохчийн маттахь яздан а, деша а хууш волу хIора белхахо дешин механ вара.

1957-чу шеран аьхка газетан хьалхара номер арахийцира, Доккас дакъа а лоцуш. Оцу номеро гайтира балха схьаэцначарах муьлха белхахо стенна хьуьнаре ву, хIораннан а ненан мотт, йоза хааран барам мел бу. Доккина дика хаьара нохчийн мотт а, нийса яздан а. Цундела иза корректоран балха хIоттийра. Цу хенахь иза чIогIа оьшуш  белхахо вара. ХIетахь редакцин муьлххачу а журналиста язйина текст шена тIехь кхитIе дикка болх бина, нисъян езаш хуьлура. Ткъа иза нисъяран корматалла цу хенахь Доккина дика карайирзина яра. Цул тIаьхьа Д.Кагермановн хаарш а, корматалла а, балхаца хьанал юкъаметтигаш хилар а хьесапе а эцна, иза редакцин коьрта корректор хIоттийра. Оцо дуккха а аттачу баьккхира редакцин коллективан болх, гIо дира белхахоша хIорамма а шен-шен юьртан диалекте узуш, тайп-тайпанчу кепара яздеш хилла дешнаш литературин меттан цхьана кепа дерзо.

Доккас редакцехь литературин белхахочун а, корреспондентан   жоьпаллин секретаран гIоьнчин а белхаш бира. Иза муьлххачу а балхахь хилча а, цо гуттар а хьанал кхочушдора шена тIедехкина декхарш.

Иза кхечара язйинчу материалийн тексташ толлуш, нисйина ца Iара. Цо ша а тайп-тайпанчу темашна жигара яздора газетехь. Шайна тидам тIебохуьйтуш а, кIорггера чулацам болуш а хуьлура цо язйина статьяш, корреспонденцеш, зарисовкаш, репортажаш, очеркаш, къаьсттина динан, дахаран-Iеран, нахана юккъерчу юкъаметтигийн, гIиллакх-оьздангаллин, кегийрхой кхетош-кхиоран тема йолуш язйинарш. Журналиста-яздархочо шен материалашкахь гуттар а хьоьхура бусалба дин, адамийн яхь-юьхь, эхь-бехк, тешам, адамалла, нохчалла, къонахалла, стогалла, комаьршалла, нийсо.

Докка газете балха вале а дуккха а хьалха зиэн волавелира шен кхоллараллин ницкъаш. Ткъа хIинца газетехь яккхий таронаш схьаеллаелира цунна шен корматаллин похIма кхидIа а кхио. Оцу таронах хаарца пайда а оьцура цо. Журналист-яздархо цхьабосса дика яздеш ву тайп-тайпанчу жанрашкахь. Цуьнан проза, поэзи паргIат ешалуш а, дог-ойла гIаттош а, кIорггера чулацам болуш а хуьлу. Цуьнан дуьххьарлера кхоллараллин произведенеш араевлира коллективин «Хьалхара гIулчаш», «Къоначеран аьзнаш», «Iуьйренан аьзнаш» гуларшкахь а, «Орга» альманаха тIехь а, оьрсийн маттахь араяьллачу антологи тIехь а.

Цул сов, цо шен кхоъ гулар арахецна. 1970-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн книжни издательствехь араелира цуьнан байтийн «Лаьмнашкахь бIаьсте» цIе йолу гулар. 1976-чу шарахь берашна лерина арахийцира «БIаьстенан беш» а, 1986-чу шарахь – берийн дийцарийн «Iимран а, цуьнан доттагIий а» гулар а.

Амма дешархоша къаьсттинчу лаамца йоьшуш а, церан доккха хьашт долуш а ю Д.Кагермановс бусалба динан темина язъеш йолу материалаш. Царех цхьаьннан – «Пайхамарийн кхолламаш» аьлла газетан иттех сов номерехь зорбатоьхначу дуккха а очеркийн цIе яьккхича а тоьар ду. Уьш ислам динан истори дика йовзарца язйина, бусалба динан дуккха а пайдехь хIумнаш довзуьйтуш ю.

И тема юххера а, гергара а ю Доккина. Иза гуттар а вара коммунистически партис бечу хьехамах тешаш хиллачу шена юххерчарах къаьсташ, ламаз-марха даггара лелош. Иза хIинца, дахаран шераш къаналлехьа лестинчу хенахь, кара а дина цунна. Докка ша вехачу Калининан поселкехь хилла ца Iаш,  республикерчу дуккха а гIаланашкахь а, ярташкахь а дика вевзаш ву. Цуьнга кхойкху мовлад деша, цомгашчу стагана тIе, маслаIатана – мел ду уьш. Доцца аьлча, оьшуш стаг ву иза. Оьшуш ву массарна а. Иза вевзачохь массанхьа а ларам болуш, къинхетаме, хьанал стаг ву. Дин дезарца, Далла гIуллакх дарца ша оьзда хиларе терра, 2004-чу шарахь цуьнан аьтто хилира динан коьртачу, уггар а сийлахьчу фарзех цхьаъ кхочушдан – ХьаьжцIа ваха.

Билгалдаккха лаьа, Доккина ша санна оьзда, цIена бусалба хIусамнана нисъелла хилар. Бертахь, ирсе дехаш ду Докка а, Аймани а.

Дуккха а шерашкахь цхьаьна болх беш, юххера девзира суна Доккин дахар: хьалха хилларг а, хIинца долуш дерг а.

Кагерманов Докка вина 1933-чу шарахь Хьалха-Мартан районерчу ГIойтIахь Бурсакан Денисолтин доьзалехь. Шен хан кхаьчча, юьртарчу ишколе вахара. Амма 1944-чу шарахь дерриге а нохчийн халкъ а санна, Доккин доьзал а махках баьккхина, Казахстане дIабахийтар бахьана долуш дешар юкъахдисира.

Казахстанехь а, ГIиргIизийчохь а веха меттиг масийттазза хийца дийзира. Халонаш а, баланаш а дукха лайра. Юххера гергарнаш кхелхина, дукха жима волуш баккхий бохамаш а гира. Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIаме вахара да, кхин гергарнаш юххехь боцуш, и дерриге а вуонаш шен лан дийзира Доккин.

Шена а, шен доьзална а дукха жима волуш напха лаха дезна, 1946-чу шарахь балха вахара. Нохчий махках баьхна даьккхинчу кхойтта шарахь белхаш бира юьртан бахамехь а, промышленностан декъехь а. Болх а беш, суьйренан школехь дийшира. Дахарехь мел хала хиллехь а, амма дешар дIа ца тосуш, вехачу меттигашца цхьаьна хуьйцура школаш а. 1957-чу шарахь Нохч-ГIалгIайн АССР меттахIоттийначу хенахь Казахстанерчу Джамбул гIалахь шекаран заводехь болх битина, цIа веара.

1957-чу шарахь «Ленинан некъ» газете веана, 1993-чу шарахь ша пенсе ваххалц кхин белхан меттиг ца хийцира. Коллективехь сий-ларам болуш, массаьрца а тарлуш, массеран а юххера доттагI хилла чекхвелира Докка. Ша пенсе ваханехь а, амма редакцица а, цуьнан коллективаца а йолу зIе ца хадош, кест-кеста яздеш ву.

Дуккха а шерашкахь хьанал болх барна а, Нохчийн Республикин журналистика кхиорна йоккха хазна юкъайилларна а Д.Кагермановна дуккхазза а совгIаташ дина Сийлаллин грамоташца. Нохч-ГIалгIайн АССР-н Лакхарчу Советан Президиуман Указца «Нохч-ГIалгIайн АССР-н культуран хьакъ волу белхахо», 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президентан Указца – «Нохчийн Республикин хьакъ волу журналист» аьлла сийлаллин цIерш техкина цунна.

2010-чу шарахь  дуьйна  Д.Кагерманов  Нохчийн Республикин   интеллектуальни  центран  лауреат   ву. 2012-чу  шарахь   дуьйна Россин яздархойн   союзан декъашхо ву иза.

Амма шен уггаре а боккха сий-ларам бар а, шена дина дицлур доцу, мехала совгIат а лору Доккас 2007-чу шарахь Нохчийн Республикин Президента Кадыров Рамзана ша совгIатана шена коьрта тиллина холхазан куй. И совгIат хьакъ а ду Доккина.

 

С.Магомаев

№85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: