«Белхахой кхиоран кхерч»

цІе тиллина Нохчийчоьнан кегийрхойн Парламентана

2004-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикехь шен болх дIакхьоьхьуш ю кегийрхойн Парламент. ХIетахь Рязанехь кегийрхойн Парламентехь болх беш хилла волчу Нагаев Iаднана (таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун  заместитель) Нохчийчу цIа а веана, цу хенахь хиллачу кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу комитетехула республикин куьйгалле дехар а дина, вовшахтохийтинера вайн республикехь кегийрхойн Парламент. Цул тIаьхьа, республикин лаккхарчу дешаран учрежденешкарчу хIора факультетера цхьацца тоьлла студент а къастийна, царех кегийрхойн Парламент кхолларан комитет вовшахтуьйхира. Комитет вовшахтоьхначул тIаьхьа харжамаш дIабаьхьира. ХIетахь дуьйна кегийрхойн Парламентехь болх бина ву таханлерчу дийнахь цуьнан председатель волу Элембаев Алихан. Цо цигахь тайп-тайпанчу даржашкахь белхаш бина, дукха хан йоццуш, 4-гIа гулам вовшахтоьхначул тIаьхьа председатель хаьржина иза.

Таханлерчу дийнахь жигара кхиош, яржош ю вайн республикехь кегийрхойн парламентаризм. Масех районехь кегийрхойн Парламентан кхерчаш схьабиллина. Цу юкъахь ю Невран, Шелковски, Шелан, Соьлжан районаш. Дукха хан йоццуш, 4-гIа гулам схьабоьллучу хенахь, Нохчийн Республикин Куьйгалхо а веана, цо Парламентан декъашхошна удостоверенеш дIа а луш, цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь Кадыров Рамзан Нохчийн Республикин кегийрхойн Парламентан Сийлахь Председатель хаьржира.

«Къилбаседа Кавказан регионашкахь вай довзийта, цаьрца юкъаметтигаш тоян, цул сов, ерриге Россин кегийрхошна юкъахь вай цхьанамогIарехь хилийта, церан санна хьекъал, похIма, корматалла долуш кегийрхой вайн а буй  хаийта Iалашонаш йолуш дIаболийра оха тхайн болх. Цул тIаьхьа массо регионехь кегийрхойн Парламентан  семинарашкахь, форумашкахь, конференцешкахь, кхеташонашкахь дакъалаьцна вайн кегийрхоша, кхечарел хIумма а ледара боцуш», – дуьйцу Элембаев Алихана. Шаьш билгалъяьхна Iалашонаш кхочушъярехь дуккха къахьоьгу  Парламентан декъашхоша. Масех шо хьалха Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь  кхоьллинчу кегийрхойн Парламента юкъаяхна вайн республикин кегийрхойн Парламент а. Цу юкъахь (депутат) ву Элембаев Алихан.

Кхийолчу регионашкахьчул а дика, жигара къахьоьгу нохчийн кегийрхоша. Масала, вайн кегийрхойн  йина  проекташ Красноярски крайхь, Ханты-Мансийски округехь, кхийолчу регионашкахь а дика хетта, шайна а яийтахьара олуш, шаьш долчохь цара кхочуш а еш, мехалла йолуш ю. Россин кегийрхойн парламентан юкъарчу боламан официальни сайта тIехь уггаре  а дика болх беш ю аьлла билгалъяьккхина, хьалхарчу меттехь лаьтташ ю вайн кегийрхойн Парламент. Иштта лаккхара мах хадорехь доккха маьIна леладо вайн республикин Куьйгалхочо кегийрхойн политикина, парламентаризмана, дешарна еш йолчу тергоно.

Тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу а, ерригроссин а, республикански а конкурсашкахь билгалбаьккхина вайн республикин кегийрхойн Парламентан  болх. ДIадаханчу шарахь «Машук» форумехь грант яьккхира цуьнан  декъашхоша. Нохчийчохь кегийрхойн тоьлла 10 проект къастош, цу юкъаяхна «Я – Гражданин» аьлла проект. Иза кхочушъярехь Кадыров Рамзана накъосталла дира ахча даларца. Оцу проектана юкъаозийна республикин 70 школа ю. Цу школашкахь дIахьош дуккха а белхаш бу, кхетош-кхиоран декъехь вовшахтухуш семинараш ю. Иштта, кхин а дуккха а  проекташ кхочушйина Парламентехь болх бечу кегийрхоша.

4-гIа гулам берзош, тайп-тайпана совгIаташ дина Кадыров Рамзана Парламентерчу кегийрхошна, цхьаболчарна Сийлаллин цIерш техкина. Оцу гуламан жамIашца 38 жимстаг балха дIанисвина, иштта кхин ши йоI Нохчийн Республикин Парламенте балха дIаэца билгалъяьккхина  ю. Билгалдаккха деза, кегийрхойн Парламенто республикин лаккхарчу дешаран учрежденешка, районийн администрацешка  кхаа ВУЗ-н хIора факультетера цхьацца тоьлла студент схьаэцийтарехьа  гІуллакхаш до.. Иштта, шайн районехь лоруш, вевзаш а волу цхьацца стаг билгалвоккху меттигерчу  администрацис а. Ткъа итт стаг конкурсан кепехь дIаоьцу кегийрхойн Парламенте – кегийрхоша шайн проекташ гойту, царех тоьлларш къастабо.

Шен коьртачу декхаршца – Iедалан белхашна кегийрхой кхиорца, кхийолчу регионашца юкъаметтигаш тоярца, районашкарчу кегийрхошца болх дIакхехьарца  дика ларийна, ларош  а ю Нохчийн Республикин кегийрхойн Парламент. Цунна тоьшалла до, республикин Куьйгалхочо кегийрхойн Парламентана «белхахой кхиоран кхерч» аьлла тиллинчу цIаро а.

А.МУСАЕВА

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: