Некъан йистерчу диттан IиндагIехь тхешан луларчу доккхачу шина стагаца хиъна Iара со. Бер чохь долу берийн гIудалкх а теттина йогIучу жимачу зудчух бIаьрг кхетча, суна дагадеара, ма гIиллакхехь хир дара генахьо гIудалкх йитина, ша йолаелла иза баккхийчарна тIехъяьлча, аьлла. Урамнекъ баьккхина девдда лелачу бераша тIаьхьакхиор ма ю цунна иза, юьтур ма яц некъа юккъехь латта. ХIара доккха ши стаг цуьнан дегахьахула уллера гергара а, лулахь а ма ду. Амма жимачу зудчунна ца девзачух тера дара вайнехан зударийн и оьзда гIиллакх. Тхан суьйре дика а йина, шен гIудалкх теттина, тIехъелира иза.
Хийла гина а, лайна а, дайн гIиллакхаш дика девзаш а долчу хIокху шинга хоьтту ас: «Хьалха, шу кегий долуш, муха лардора зударша и гIиллакх?».
– Ахь хIун дуьйцу, бер карахь шен вежаршний, баккхийчарний гайтар-м хьеха а хIунда дора, царна шен доьзалхочун цIе йоккхуш хазийтар а эхье хетара, – боху йоккхачу стага.
– Хьо соьга дуй боуьйтуш ца воллу, хьадал-вадална хиллалц и бер хьенан ду ца хууш хуьлур-кха. И хIун дара хаьий хьуна? Хих, цIарах кхера муха Iамадо бер? Иштта, мотт Iамале, кога дахале, довзуьйтура гIиллакх, баккхийчеран, бехкечеран мера кIел Iуьттуш, цаьрца эвхьаза ца дохура бераш. ХIинца хIун ду? Ненаваша башха дац, деваша башха дац, воккханиг башха дац, ворхIе да эццахь латтахь а, иза шен дуйла хаийта санна, коьшкала даьккхина, дIагIур ю-кх хьуна. Кхано-о, царах хирг хилла даьлча, ненахой лера беза, воккхачун сий дан деза цаьрга бахар эрна ма ду. Бакъду, цхьа жима зуда яра кху вайн лулахь, тхо даккхийчарна шен бер карахь ша ца гойтуш, Делан эхарта яхара иза, Дала ялсамане лойла цунна. Ас дукха-м дийци, – дерзадо воккхачу стага шен къамел.
Цо и зуда хьахийча, суна дагадогIу Исмайлин Дудех лаьцна цхьа дийцар.
Исмайлин Дуда хиллера шен некъе воьдуш. Дуьхьалкхетта цунна жима зуда, карахь бер а долуш. Иза шена дуьхьал вогIу гича, нана, и бер охьа а диллина, юьстах яьлла.
Чехка тIекхиинчу Дудас, и кIант вуйла шена ма-хиъинехь, цунна юххе, шен юкъахара схьа а яьккхина, тапча охьайиллина.
Цу кIантана зуда ялийча. Верта а, герз а, кхин совгIат а дохьуш, воккха хиллачу Дудина тIееанера оцу кIентан нана.
ХIара могIанаш доьшуш къоначу нанна (ишттаниг царна юкъахь нислахь) дагадан тарло, тхо Iамо хIоьттина хIара къано мила ву те аьлла. Со дика кхета дерриге а замано луьттуш хиларх, замане хьаьжжина хийцадалаза ца дуьсу меттан дешнаш, духар, гIиллакх-ламаст. Цундела, со ца гIерта бIе шо хьалха лелийна неIармачаш вай тахана а лело еза ала. Бераш кхетош-кхиорехь доккха дукъ ду наношна тIехь (дай оцу балхах хьалхабахар а дац хIара). Паспорта тIе яздина «нохчи» хиларх, нохчи хуьлуш вац, нохчалла кхио езаш ю. Цундела, хIара шайх бехк баккхар а ца лоруш, къоначу наноша хIокху къамелан ойла ян лаьара.
Исмайлин Дуда цIеяххана дика къонах, хьекъал долуш стаг хилла. Шеко яц, наха гIиллакх лелош хилла цуьнца. Амма шеца гIиллакх мел лелийначунна тапчанаш ца екъна цо. Оцу жимачу зудчо шеца лелийна и гIиллакх ша чIогIа деза лоруш хилар гайтина Дудас кIантана совгIатна герз даларца.
Иштта деза а, доккхачу маьIне а и гIиллакх лелор тахана а дуйла хаар дар-кх а лууш дерг.
Хь.ДОВКАЕВ
№85, шот, 1 август, 2015 шо