Кхиамийн лакхенашка боьду некъ

Алссам къона артисташ бу вайн махкахь. Церан кхоллараллин  кхиамаш самукъадаларца тIеоьцу халкъо. ХIора  дика  кхета  къоман  кхане  иза  хиларх.   Муьлххачу  кхиаман  лакхене  а  хьанал къахьегаро бен  ца  кхачаво.  Хазахета  цунах  вайн  къона  артисташ кхеташ  болуш. Къоначу артистех  цхьаъ ю Садулаева Лариса. Иза  цкъа а  ца  хилла  къинхьегамах къехкаш. Цундела къаьсттина лерамца йоккху йоьIан цIе къона артисташ хьахийначохь. «Уггаре а хьалха айса локхучу эшаран маьIна ладогIархошка дIакхачо лаьа суна. Самукъане йиш елахь церан дог ойъуш, нагахь санна гIайгIане йиш со локхуш елахь,  ладогIархошка  ойла йойтуш. Доцца аьлча, оцу кхаа-еа минотехь хьовсархойн  синкхетам, ойла  йийсаре  лаьцна,  цхьана  мIаьргонна  хилийтина а,  урхалла  сайгахь  хилийта  лаьа. Дагахь дерг, хетарг  эшарца атта алало. ХIора ладогIархочунна шех лаьцна ду моттийта  деза  эшаран дешнаш», – боху  эшаршлакхархочо.

za0qjiENwFo

Садулаева Лариса йина 1983-чу шеран 16-чу январехь. ЦIера Шуьйтара бу СадулаевгIеран доьзал. Делахь  а,  Iар-дахар  Нохчийн  Респуликин  коьртачу  шахьарахь  нисделла.  Соьлжа-ГIалахь  йина а, кхиъна а  ю иза. 1991-чу  шарахь  кхузарчу №41 йолчу  школин хьалхарчу  классе   деша яхна. Цигахь  бахара  Ларисин сценига безам. Хьалхарчу  классашкахь  доьшуш  йолуш  дуьйна  билгалделира  цуьнан зевне  аз  хилар,  эшарш  лакха  корматалла  хилар, хьовсархой,  уьш  мел дукха хиларх ийза  ца  луш,  сцени тIехь  паргIат  латта,  лела  йоьIан  хьуьнар  хилар. Соьлжа-ГIалахь,  республикехь  дIахьочу   мероприятешкахь, конкурсашкахь жигара дакъалоцуш хуьлура  Лариса. Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа Нохчийн пачхьалкхан университете деша йоьду  иза,  говзалла  караерзо филологин факультет а хоржий. Делахь а, сцене болу безам дагчуьра дIа ца болу  кхуьнан. 2007-чу шарахь вайн махкахь  дIахьош яра «Къона седарчий»  цIе  йолу проект. И проект ю аьлла шайна хезча  цу  юкъахь  дакъалаца  сакIамделира Ларисин а, цуьнан йишин Каметин а. Амма дай-наний реза дацара. Мехкарий сцени тIе  гIертар  дIогара баккхийберца тIелоцуш цкъа а ца хилла нохчийн доьзалшкахь. Делахь а шина  йоьIан лаам чIогIа хиларна мелла а малделира да-нана. Къайлаха кхобуш сатийсам бара  церан, ши йоI  хьуьнарш  къовсучу  зеэрех  чекхъериг хир яц бохуш. Амма сцени тIехь яьхначу дуьххьарлерчу гIулчашца  жюрин декъашхой  йийсаре лецира йижарша СадулаевагIара. Ткъа жюрехь бара Нохчийн Республикехь цIарна цIеяххана болу эстрадин белхахой. Царна тайра шина йоьIан  аз.

Iаламат беркате хилира Ларисина «Къона седарчий» проект. Иза чекхъяьлла дукха хан ялале йоI балха кхайкхира Соьлжа-ГIаларчу Мэрин Культурин Департаментан куьйгалхочо Шагидаева Динас. Иза  дагахь  доцу  хазахетар  дара, дегайовхо  чIагIъеш,  сирлачу  кханенах  тешош,  керлачу  анайистошка  кхойкхуш.  Иштта дIаболабелира Ларисин кхоллараллин некъ. Шен дахарехь уггаре а деза совгIат хета йоIана и мур. Лариса-м тахана а ю оцу Департаментехь болх беш. Динас хастаме дешнаш олу  къоначу  артисткех  лаьцна. Цуьнан шатайпа аз,  йиш дIалакхар а билгалдоккху куьйгалхочо.  Проектехь кхуьнца цхьана  хилла  дукха кегийрхой  а мехкарий а бу таханлерчу  белхан накъосташна юкъахь: Идрисова Линда, Дзагиев Джамиль, Ислангириев ШахIрудди, Еснакаева ПетIамат, Хусиева Зули. иштта кхиберш.  Соьлжа-ГIаларчу  мэрин  культурин  департаментан  Iуналлехь  кхиамца  болх  бечу  «Столица»  ансамблан  артисташ  бу  уьш.

Хаза аз, тайна куц-кеп, оьзда лелар – и ша дерриге а  шеца долуш ю Садулаева Лариса. Цуьнан муьлххачу эшаре ладоьгIча вайна хаало иза. Цундела ду аьлла хета  цуьнан керла  йиш хезча ладогIархойн  чIогIа самукъадалар. Дех-ненах, Даймахках, безамах, гIиллакхех лаьцна хуьлу уьш. Нохчийчийн  поэтессийн  Закриева  ПетIаматан,  Арсалиева  Любин,  Халикова  Асетан  дешнаш тIехь  яьхна  эшарш  хуьлу  дукхахьолахь  цо  дIалокхушъерш.  Къаьсттина  езаш  тIеоьцучарех  ю  Закриева  ПетIаматан дешнаш тIехь  яьккхина  «Гири  шуна»  цIе йолу  йиш.

2009-чу шарахь Нохчийн Республикин искусствон хьакъйолу гIуллакххочо Ахмадова Хьавас «Серло» театре балха кхайкхира Лариса. Йоккхаерца реза хилира къона артистка, драмтеатран  сцени тIехь  шен  хьуьнар  зен  аьтто  баларх.  КIезиг яц цо «Серло» театран сцени тIехь ловзийна ролаш. Юьхьанца  цуьнга кховдош ерш эпизодашкахь нисло кегий ролаш хиллехь а, тIаьхьо  цхьайолчу  спектаклийн коьртачу ролашкахь а го вайна иза. Хьовсархоша езаш тIелаьцначарех ю Нохчийн Республикин халкъан яздархочо Ахмадов Мусас язйинчу пьесаш тIехь театро хIиттийна спектаклаш: «Марчо эца вахнарг», «Баланийн дагалецамаш», иштта дуккха а кхиерш. Цу массо спектаклехь дакъалаьцна Ларисас. Режиссера Ахмадова Хьавас хIоттийна ю «Ишкап» цIе йолу  цхьана  актехь  йолу спектакль. Тахана цхьаболчу кегийрхошкара доь доцуш дайначу гIиллакх-оьздангаллех ю и постановка. Воккхачуьнга хила беза ларам, къинхетам дагабаийта гIерташ орца доху «Ишкап» спектакль хIоттийначу тобано. Садулаева Лариса а ю цу тобанна юкъахь. Цуьнан шовкъечу ловзаре хьаьжча хуур ду дайх дисинчу оьздачу гIиллакхана мел бIостанехьа бирзина цхьаболу кегийрхой.

Дукха  хан  яц  къона артистка  къинхьегаман новкъа яьлла. Амма хIинцале а шен  хьаналчу  къинхьегамна,  сирлачу  кхоллараллина тIе тидам озо ларийна иза. Махкахь а  евза цо дIалокху эшарш, хьовсархойн  самукъадолу театральни сцени тIехь иза гучуяьлча. Говзалла  лаккхарчу  тIегIанехь  хиларан билгало ю иза. Ткъа  похIма,  корматалла хаддаза,  кIорда  ца  деш, къихьегамца  тусуш  хилча    сатийсаман  гIушлакхе  кхочу  муьлхха а стаг. Хазахета  вайн  турпалхочунна   цу  ирсечу  кхиаме  кхачаво  некъан  тача  карийна. Тахана,  лерамца йоккхуш шен  цIе  йолуш, дахаран  къилба билгалдаьлла  артистка  ю иза.    Теша  лаьа    кхоллараллин керлачу  кхиамашка кхаьчна,  Садулаева  Ларисас шен  бIаьрла  хьуьнарш  лоручу  хьовсархойн дегнаш  хьостург   хиларх.

 

ГАЗИЕВА Аза.

№85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: