Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделени регионехь бахархойн социальни хьашташ кхочушдеш йолчу учрежденех тоьллачех цхьаъ ю. Цо шен-шен хенахь дIахьо пенсийн законодательствехь хуьлучу хийцамех лаьцна учрежденешка а, предприятешка а, бахархошка а хаамаш бар, Шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь зорбатуху Россин Федерацин пенсийн законодательствех лаьцна йолу статьяш а, комментареш а.
ХIокху статья тIехь оха жоьпаш ло страховани ечеран хаттаршна: регистрацин номер бохург хIун ду? Оцу номерх лаьцна хаамаш мичахь карор бу? Пенсионни фондан органаша иза муха ло?
Регистрацин номер я регистрацин код – иза тIаьхьа-хьалха чIогIа нисйина, билггал йолу объект йовзийта, цуьнан ц1арах луш йолу билгало ю (дукха хьолахь элпаш я терахьаш) Регистрацин номерехь хаам боцца хилийта цунна код ло. Цундела оцу номеран кхитIе а йолу цIе код ю. Цкъацкъа иза объектан цхьа могIарера номер хила тарло (масала, регистрацин книги тIехь документан номер), цкъацкъа цуьнан чулацамехь хила тарло (штрих-код санна) товаран, иза арахоьцучун, кхечун хьокъехь болу дуккха а хаамаш. Иштта номерш ло Россин Пенсионни фондехь а, Социальни страхованин фондехь а регистраци ечу хенахь страхови взносаш луш болчарна а.
Цу тайппана, страховани йинчу хIора стагана Пенсионни фондан я социальни страховани яран фондехь законо билгалйина йолу шен номер ло – иза Россин Пенсионни фондан я Социальни страхованин фондан террирориальни органехь предприятин, учрежденин, ша волчу предпринимателан шен номер ю.
Страхови взносаш луш болчарна код ло оцу учрежденийн территориальни органашкахь дIаязбечу хенахь. Организаци юьллучу я ша волчу предпринимательна регистраци ечу хенахь, уьш дIаязбечу налогийн службин территориальни органо цига керлачу организацин хьокъехь электронни кепара (язбина) хаам бохьуьйту, ткъа лакхахь йийцинчу фондаша шаьш уьш дIаязйо, цунна шен регистрацин номер а луш. Цул тIаьхьа страхови взносаш луш болчаьрга уьш дIаязбаран хьокъехь хаам бо.
Россин Федерацин пенсионни законодательствехь нийса билгалйина ю иштта хаамаш бахьийтаран къепе а, хенаш а. Амма цкъацкъа иштта хаам дIа ца кхочу, кхачахь а – дикка хан яьлчий бен ца кхочу.
Тидам бе: болх беш йолчу организацин я ша волчу предпринимателан юридически адрес хийцича, хьалха Пенсионни фондан я Социальни страхованин фондан отделенехь ша дIаязвинчуьра дIавала а, страховани йинарг волчу меттехь йолчу фондийн территориальни керлачу отделенехь дIаязвала а веза.
Хууш хилийта эр ду вай: номер кхаа блоках лаьтташ ю: xxx–xxx–xxxxxx. Хьалхара блок (кхо терахь) регионан код ю. Масала, 020-о гойту стаг я предприяти Нохчийн Республикера хилар. ШолгIа блок (кхо терахь) районан код ю. КхозлагIа блок (ялх терахь) организацин Пенсионни фондехь дIаязйина номер ю.
ТIаьххьара а, Пенсионни фондехь я Социальни страхованин фондехь шен организацин регистрацин номер (код) уггаре а сиха йовзаран кеп ю билгалйина йолу лакхахь билгалйина йолу регистрацин номер тIехь йолчу интернетан электронни сайта тIерачу электронни почти чуьра организацина, я ша волчу предпринимательна пачхьалкхан регистраци тIера электронни выписка схьаэцар. Страховани йинчун иштта таро ю и хаам шена бегIийла йолчу хенахь Пенсионни фондан территориальни фондера схьаэца а.
I.ХАСАНОВ,
Россин Пенсионни фондан Нохчийн Республикин отделенин юридически отделан хьаькаман заместитель
№85, шот, 1 август, 2015 шо