Зама, шен болар ца хуьйцуш дIайоьду. Дуьненал доккха халахетар хиларх болар лах а ца до цо, дуьненал доккха хазахетар хиларх болар сих а ца до. Дийно кIира, кIирано бутт, батто шо… хуьйцуш дIайоьдучу замано шеца дIадаьхьна дуккха а халахетарш, хазахетарш. Царах цхьадерш тоххарехь дицделла. Ткъа цхьадерш дицдала ца туьгуш, вайца деха, вай бакъдуьнена дерззалц.
Ишттачу халахетарех дара Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вайх дIакъастар. Дуьне дозуш а долуш хила йиш йоцуш хIума ду аьлла хеташ дара иза. Вайга хаьттича, вайн лаамехь хилча хуьлуьйтур а доцуш. Делахь а, хIун дер тIаккха, Делан кхиэл ю-кх лелларг. Вайн дегнашна хилла оццул доккха халахетар, цатам лан Везахинволчу АллахIа собар а, ийман а делира. Иштта доккха…
Цхьайтта шо дIадаьлла иза вайца воцу. Цунах къастаро дегнашна йина чевнаш тахана а хьегIаш ю. Иза багара охьавуьллуш дац нохчийн халкъ. Ахьмад-Хьаьжа цуьнан дагчохь ву. Хир а ву, и мел деха, абаде кхаччалц. Нохчийн къам а дехар ду Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдархьама, цо дан дагалаьцнарг чекхдаккхархьама. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас кест-кеста олура: «Суна уггаре а коьрта ду долийна гIуллакх чекхдаккхар». Цуьнан и лаам шайн дахаран коьрта декхар дина доггаха къахьоьгуш бу тахана цунна уллехь лаьттина хилла тешаме накъостий. Царна хьалхаваьлла ву цуьнан кIант Рамзан. Ткъа нохчийн дерриге а халкъ муьтIахь ду шен Куьйгалхочунна а, цуьнан командина а. Иза иштта ца хилча, халкъан а, Iедалан а барт ца хилча, уьш вовшех дика кхеташ ца хилча хIинца Нохчийчохь долу маьрша, синтеме хьал хир дацара. Йоццачу хенахь меттахIиттийна хир яцара Гуьмсе, Аргун, Шела гIаланаш. Оцу гIаланашка кхаьчча цхьамма а эр дац цигахь 15–20 шо хьалха луьра тIемаш хилла, гIаланаш ерриге а йохийна хилла.
Иштта де-дийне хазлуш, цIинлуш, толуш дIахIуттуш ю Соьлжа-ГIала. Дуьненан исбаьхьаллийн хазна хилла дIахIоьттина кхузара башха маьждиг… Масане ду уьш, дагардан воьлча дийца а, дагардан а. И дерриге а Ахьмад-Хьаьжас долийначу, юьхьарлаьцна хиллачу цIеначу, хьаналчу гIуллакхан беркате тIаьхье ю. Цуьнан беркат шо-шаре алсамдолуш ду.
ХIун ду-те Ахьмад-Хьаьжас юьхьарлаьцна хиллачу некъан халкъо доггаха гIолацаран бахьана? Нохчийн дегнашкахь хIунда висина иза? Оцу шина хаттарна доцца жоп дала аьтто бу вайн. Цо юьхьарлаьцна хиллачу некъан гIо а лаьцна, иза нохчийн халкъан дегнашкахь а висина халкъана юккъера схьаваьлла хиларна. Халкъана юккъера схьаваьлла халкъан тхьамда вара иза. Цундела цуьнан лаамаш, лазамаш, хьежамаш гергара бара массарна а. Мискъалазарратал куралла яцара цуьнгахь, гIиллакхах, оьздангаллех, собарх, ийманах вуьзна вара. И саннарг ца везалойла дацара халкъана.
Цул сов, А-Хь.Кадыров диканехь-вуонехь а шен халкъаца цхьаьна хилла вара массо хенахь а. Шен дукхах болчу нийсархойнчух терра хиллера цуьнан дахар… Вайн къам дохийна Казахстане, Юккъерчу Азе дIадахийтинчул тIаьхьа 7 шо даьлча, 1951-чу шеран 23-чу августехь вина вара иза. Казахстанан мецачу гIум-аренашкахь дIадахара цуьнан бераллин 5–6 шо. 1957-чу шарахь Нохчийчу богIу некъ «схьабаьстича» шен деца-ненаца, йиша-вешица цхьаьна цIа веара. БIачи-Юьртара юккъера школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 1968-чу шарахь Неврерчу корматаллин-технически училище вахара комбайнеран говзалла караерзо. Иштта, вайн дайн лаьтта тIехь хьанал къахьега сацам бина вара Ахьмад. Иза уггаре а хьалха шен махке, лаьтте, халкъе безам хилар дара. Ца хилча, шегахь кхин говзалла караерзон хаарш, собар, хьуьнар доллушехь профтехучилище деша гIур вацара. Иза иштта волу дела цуьнга ларам бара, цуьнан сий-пусар дора вевзинчара.
Цуьнца цхьаьна Ахьмад-Хьаьжа бераллехь дуьйна чIогIа ийманехь а, бусалба дин Iамо лууш а вара. Цуьнан дагчуьра цкъа а дIайолуш яцара бусалба Iилма кIорггера Iамо йолу ойла. Советийн заманахь иза Iамор луьра дихкина хиллехь а, эххар а шен кIеззиг а аьтто ма-беллинехь Бухара деша дIавахара Ахьмад. Мир-Араб хьуьжарехь деа шарахь дийшира цо. ХIара дагалоцуш Ахьмад-Хьаьжин хьехархо хиллачу, Узбекистанан Лаккхарчу муфтис Бахрамов Iабдурешид Хожас дуьйцура: «Хьуьжаран мутаIелам волчу А-Хь.Кадыровс дешаран хьалхарчу дийнахь дуьйна гайтира ша бусалба дин кIорггера Iамо лууш хилар. Цунна Iаламат дика хаьара Iаьрбийн а, оьрсийн а меттанаш. Дика кхетара узбекийн а, таджикийн а меттанех. Цо вуно лерина Iамадора Накъшбандин Бахьаутдин жайнаш. Иза езаш вара философи а, поэзи а. Къаьсттина дукха йоьшура Навоин, Рудакин, Берунийн говзарш, Улугбекан, Авиценнин белхаш. Географи, истори цунна дукхаезачу предметех яра.
Аудиторешкахь дIахьочу къамелашкахь, шегара башха хаарш гойтура цо. Хьоьхуш долчу Iилманна и санна сиха духе кхуьуш болу мутаIеламаш бацара хьуьжарехь. Хаалора бераллехь дуьйна иза дас-нанас ийманехь, бусалба динехь, оьзда, гIиллакхе кхиийна хилар. Цуьнан леларехь денна хаалора оьзда амал а, тIетта алсамдолу Iилма а.
Ша нахал лакхара хетаран ойла цкъа а ца хаалора цуьнгахь. Цундела мутаIеламаша а, хьехархоша а цхьабосса чIогIа лоруш вара иза.
Кхин цхьа хIума а ца хьахийча нийса хир дац. Ахьмад-Хьаьжас шен леларца йоккха хазна юкъайиллира мутаIеламаша шайна тIедиллина декхар кхочушдаран жоьпалла лакхадаккхарна. Шена тIедиллина муьлхха а гIуллакх лаккхарчу жоьпаллица кхочушдарх тоам ца беш, изза лоьхура цо шена юххерчу мутаIеламашкара а.
Иштта, дешарехь бIаьрла кхиамаш бахарна Кадыров Ахьмад-Хьаьжина Мир-Арам хьуьжар чекхъяккхаран хьокъехь долу диплом дала дезачул кхо шо хьалха делира. ВархI шарахь деша дезачу цу хьуьжарехь деа шарахь дешна велира иза. Цу тайпа бакъдерг тхан хьуьжар йиличхьана хилла а дац».
Ахьмад-Хьаьжас динчу муьлххачу а гIуллакхан (цул хьалха а, тIаьхьа а) даима иштта лаккхара мах хадош бара. Амма оцо цуьнан дагтIе куралла ца тосура. Мелхо а шена тIехь долу жоьпалла лакхадолуш хетара цунна Iилманехь, балхахь лакха мел вели а, халкъана тIе хIуьтту хала киртигаш алсам мел евли а.
Вайн къона чкъор тIеман кхерамах лардан лааро тIелацийтинера республикин муфтин дарж. Нохчийчуьра хьалхара тIом уггаре а чIогIа кIуркIамане баьллачу хенахь хилира иза. Иза лардарна тIехь цуьнан дикка аьтто а белира.
Ткъа шолгIа тIом болабелча, кху чуьра шен доьзалца цхьаьна дIаваха, зовкхе хан яккха цхьаьннан а боцу аьтто шен боллушехь (иза хазахетарца тIелоцур вара Юккъерчу Азехь, Малхбалехь, Iаьрбийн мехкашкахь), шен халкъаца дика а, вуон а декъа сецира А.-Хь.Кадыров. Аьлча а, халкъ хIаллакдан тIекхозабелла ирча, инзаре боккха кхерам цунна тIера дIабаккха сецира. И сацам тIеоьцуш Ахьмад-Хьаьжа вуно дика кхеташ вара ша тIелоцург хIун дукъ, хIун жоьпалла ду. Шен дегIах, сих дог диллина бина сацам бара иза. Халкъ хIаллакьхиларх лардархьама. Халкъа юккъера схьаваьлла волу халкъан тхьамда, халкъан баьчча кхечу кепара хуьлийла а дацара.
Байттамал яI-кх! Цу хенахь массо а вацара цунах тешаш, цо лелочун духе кхуьуш… Вуно сиха а, кегаре а, кхераме а мур бара иза. Массо а шен-шен синехьа ваьлла мур. Цо мохь ца хьийкхира со шу лардан, кIелхьардаха веана бохуш. Шен са денна кхерамна кIела а кхуьйсуш, дечу гIуллакхашца гойтура цо ша баккъал а цIенчу нийятца халкъ хIаллакьхиларх хьалхадаккха юкъ йихкина араваьлла хилар а, юхавер воцуш хилар а. Цунах кхийтира мехкан куьйгалла. Цунах тийшира. Цуьнан некъ къобалбира.
Вайна дагадан деза цо хIетахь вайга баьхнарг: «Вайна барт оьшу», «Дагчохь Дела а волуш, багахь бакъдерг долуш хила деза вай». «Вайна тIом ца оьшу, вайна машар оьшу». «Бакъдерг тола деза», «Дала бакъо толайойла!» и.дI.кх.
Вай кара герз эца деза, тIом бан беза ца олура цо цкъа а. Ахьмад-Хьаьжас хаддаза бохура: «Iилма Iамаде. Вай Iилманца довзуьйтур ду ваьш». Цунна халкъан лаамаш, хьашташ, лазамаш бевзар бацара халкъана юккъера схьаваьлла оцу халкъан воI ца хиллехь. Иштта Халкъан воI, мехкан турпалхо, къонаха хилла вехар ву Ахьмад-Хьаьжа, эзарнаш шерашкахь. Дала декъалвойла иза!
Д.АНАДЕВ.
№85, шот, 1 август 2015 шо