Экстремизмах лардала Iамадо

Дукха хан йоццуш Шелковски районерчу Оьрза-ГIалахь  Культурин цIийнан белхахоша вовшахтоьхнера «Экстремистийн организацех кхетам» цIе йолу цхьаьнакхетар. Берашна хьехам бира  Культурин цIийнан директора К. Ю Митрошкинас.

5

  – Экстремистийн гIуллакх – иза бусалба нахана ницкъ бар, къинхетамза церан дахар дохор, Россин Федерацин цхьаалла талхор ду. Цунна дуьхьало ян вайна массарна а юкъахь барт хила беза, церан хабарех Iеха ца дала аш шайна ца хуург Iеламнахе хатта деза. Муьлххачу а хаттарна нийса жоп лур долуш Iеламнах бу вайн, – бохура цо.

Шен къамелехь К. Митрошкинас иштта билгалдаьккхира кху тIаьхьарчу ткъех шарахь оцу зуламхойн тобанашна жим-жима кхеташ алссам вовшахкхета аьтто баьлла хилар а, цара бусалба нах байина ца Iаш, тIекхуьу къона чкъор Iехош а, махкана даккхий зуламаш деш хилар а.

– Бусалба дин ойъуш ду шаьш бохуш адамашна тIехь къизаллаш а латтош лелаш бу уьш. Царах цхьаболчарна Къуръан деша, Iаьрбийн мотт  хиъча уьш баккъал а Делан дин тIехь къахьоьгуш бу моьттуш Iехало цхьаболу кегийрхой. Иштта  дебаш  бу уьш.  Хьекъална аьрта верг кийча хуьлу дIааьлларг бакъ деш тIелаца. Маггане а мегар дац мила ву а ца хуучу стага дийцинчух теша. Шех нахана  зулам далале ойла ян еза, кхо дуьйцург бух болуш, нийса ду-те я дац-те аьлла. Цул совнаха, хатта а деза Iеламнахе. Вайга  цу хьокъехь дуккха а дийца а дуьйцу вайн махкарчу Iеламнаха – бохуш, дуккха а хьехарш дира директора.

Шайна иштта, хьехарш деш, диканиг довзийтарна  директорна  баркалла а олуш, цу тайпа цхьаьнакхетарш шайца кест-кеста дар дийхира цигахь хиллачу бераша а, кхиазхоша а.

МАТАГОВ Исхан

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: