Дахаран некъ

Доккха маьIна леладо вайн дахарехь цIерпоштнекъо. Ларамаза дац цунах дахаран некъ алар. Шина тIамах чекхъяьллачу Соьлжа-ГIалин  цIерпоштнекъан вокзалан шатайпа истори ю. Цуьнан белхахоша уггаре а халачу 1994-2000-чуй шерашкахь  меттахIоттийна иза.  ЦIерпоштнекъан пассажирийн хьашташ кхочушдаран Дирекцин куьйгаллехь цу хенахь  Тарамова Лайлаъ яра. Шайн ницкъ а, могашалла а ца кхоош къахьийгира  цIерпоштнекъахоша, цо куьйгалла а деш.

Атта ца хилла цIерпоштнекъан билларх а боьзна  белхаш цкъа а, хьалха  муххале а. ХIинца  шуна  дагаяийта лаьа Соьлжа-ГIала  иза  кхаьчна хан а, цул  тIаьхьа  хилла хан а..

1889-чу шарахь  Владикавказан цIерпоштнекъан акционерни юкъаралло Россин правительствера бакъо яьккхира Бесланера  Петровске (хIинца Махачкала) кхаччалц  цIерпоштнекъ билла. Иза Соьлжа-ГIалахула чекхбала безаш бара. Кечаман гIуллакхаш чекхдевллачул тIаьхьа, 1891-чу шеран 15-чу июнехь болх дIаболийра. Белхаш лаьмнийн хьелашкахь беш хиларна,  гIишлошъярхойн ка ца долура. Цул сов, цIерпоштнекъ билларан белхаш, бел а, лом а, зIокберг а лелош, куьйга беш бара. Оьшуш долу латта гIудалкхашца а,  говр-ворданашца а тIекхоьхьуш  дара. Кест-кеста  хийцалуш болчу хенан хIоттамо ницкъ  бора белхалошна. Лаьмнийн басешкара хьоькхучу мехаша, оьхучу догIанаша ма-хетта дIа ца дохуьйтура  церан гIуллакхаш. Iуьйранна сатоссушехь болабой Iаржъяллалц  бора болх. Юучуьнца а,  садаIарца а хьелаш чIогIа ледара дара. Буьйса йоллалц къахьегча, шайн баракашна тIекхача а гIора ца хуьлура цIерпоштнекъбиллархойн. Оьрсийн гIараваьллачу яздархочо Горький Максима «В ущелье» аьллачу Беслан-Петровски цIерпоштнекъ биллинчу белхалойх  лаьцна долчу шен дийцарехь иштта яздора: «Сарахь баракашна чубогIу белхалой, дукха кIадбаларна, когаш тIехь а ца латталуш хуьлура. Пхьуьйшаш хьала а дой, тишъелла Iаьржа а, мокха а, цIен а хIуманаш юхий, дукхахберш коьртахь куйнаш а доцуш, чIогIа беркъа  хуьлура».  Бесланера Соьлжа-ГIала некъ билла къаьсттина хала дара.  ТIулгаш, ирхенаш, Iаьмнаш  дара некъан бохалла. Шпалаш лаьтта охьа а йохкий, царна тIечIагIъеш яра рельсаш. Цул тIаьхьа царна тIе латта тосура, балластаца уьш чIагI а ца еш. ДогIанаш  даьхкича некъаш дохадора. ТIаккха шпалаш, рельсаш юха чIагIъян езаш хуьлура.

1893-чу шеран 1-чу майхь яхара Соьлжа-ГIалара Беслане дуьххьара цIерпошт. Соьлжа-ГIалара Петровске цIерпошт йолаелира оцу шеран 6-чу ноябрехь. 1893-чу шеран июнь баттахь Гуьмсера станци а йолаелира болх бан. Цу юкъахь  станцин гIишло а, дIасавахаран (разъездные)  некъаш а, киранийн платформа а, цхьа казарма а, хи чохь долу яйш а  масех цIа а дара. Диъ шо даьлча цунах цIерпоштнекъан  йоккха узел хилира. Оцу хенахь станцина юххехь  Гуьмсе олуш йолу юрт а, Кохановская станица а яра.

Бесланера Петровски биллинчу некъан мах хадийначул тIаьхьа, цIерпоштнекъан министерствон комиссис  бакъо елира цу тIехула цIерпошт дIасалелийта. 1894-чу шеран  1-чу январехь схьайиллира гуттаренна йолу  пассажирийн а, киранаш лелоран а маршрут.  22 киранийн а, 6 киранийн-пассажирийн а вагонаш йолу цIерпошт яра лелаш ерг. Куьйга тосучу тормозашца сацош яра белхалоша вагонаш. Уьш ларъян билгалбохий  белхалой хуьлура. Машинисто шок туххушехь, цара тормоз тосура.

Тормозан колодкаш дечигах йина  хиларе терра, сиха юхура. Винтийн тIеозораш мал а делла, уьш охьаэгча, цIерпоштана тIаьхьатесна вагон новкъахь тIаьхьара дIаяларна кхерам бара. И саннарг ца хилийта, ерриге а составехула, тIехьарчу вагон тIе кхаччалц, еха тIийриг тосура. ТIаьхьатесна вагон дIаяла йоьлча, тесна тIийриг озалой, ерриге а шалонехула шакаран гIовгIа йолура. Кхерам хаабеллачу машиниста цIерпошт сацайора.  Беслан-Гуьмсе  некъан декъа тIехь ерриге а 5 станци яра: Несара, Слепцовск, СемаIашка, Соьлжа-ГIала, Гуьмсе.

Беслан-Петровски некъа тIехь  2 депо (Бесланехь, Петровскехь), Соьлжа-ГIалахь коьрта 1 депо яра. Шалон юьлуш,  вовшахтухуш  я ремонт еш гIуллакх ца дора царах цхьамма а. Соьлжа-ГIалара Петровске йоьдучу цIерпошто цхьана дийнахь-бусий некъ бора. Технически а, эксплуатационни а дакъошкахь Беслан-Петровски цIерпоштнекъ чIогIа ледара бара. Иза иштта делахь а,  цIерпоштнекъ схьабеллар доккха маьIна долуш дара Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан, ХIирийчоьнан, Дагестанан экономика а, культура а кхиорехь. ХIинццалц халчу хьелашкахь яьхна йолчу  Къилбаседа Кавказан республикийн Россин кхечу регионашца йолу экономически а, культурни а зIенаш чIагIйора цо.

Тахана вайн республикерчу цIерпоштнекъан белхан декъехь дуккха а хIума хийцаделла. Хиллачу тIеман хиламийн лар ца йисина. Соьлжа-ГIалара Москва а, Ростове а, Волгограде а лелаш цIерпошташ ю. Аьхкенан муьрехь пассажираш дукха хилча, кхитIе цIерпошт а йохуьйту.

ЦIерпоштнекъан  «Грозный» станцин вагонин декъан куьйгалхочо Амаев Сайхана дийцарехь, хьалха санна кхечу гIаланашка –Санкт-Петербурге а, Баку а цIерпошт яхийта лерина бу уьш. И гIуллакх дуьйцуш ду лаккхарчу тIегIан тIехь – Федеральни пассажирски компанехь.  Цул сов, церан коьрта Iалашо ю «Грозный-Москва» шалон тоьлла хьелаш долчу вагонашца карлаяккхар. Оцу хийцамаша таро хуьлуьйтур ю Соьлжа-ГIалара Москва лелачу цIерпоштана фирменни статус яккха. Цу гIуллакхана проводникаш зерех чекх а баьхна, кийча болу дукха хан ю.

Де-дийне мел долу алсамбовлуш бу цIерпоштнекъах пайдаоьцуш берш. ДIадаханчу шеран шолгIачу декъехь  вайн республикера дIасабигинчу пассажирийн барам 333341стаг бара. Карарчу шарахь уьш кхин а алсамбевлла.

Вайн республикера  цIерпоштнекъахой августан хьалхарчу мукъачу дийнахь шайн  белхан де даздан кечлуш бу. Ирсо кхелина хуьлда шун некъ!

Б.Дудаева

 №85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: