Мичахь ю хьан меттиг, дечиг-пондар?..

Базаев ХасанМосква йоьдуш вокзале кхачар доцург, Гуьмсехь хIинццалц хилла яцара со. Тахана, мелла а цхьа аьрха хеташ йогIура со цигарчу М.Горькийн цIарахчу, суна Iаламат чIогIа беха хеттачу урамехула…

Ас лоьхург №112 йолу хIусам яра. ЦIеношна тIера терахьаша хьере йина, гIаддайна, туьйранахь вай ма-дешшара, биъ некъ къаьстачохь сецира. Суна гергахь иттех бер дара, гIовгIа эккхийтина ловзуш. Сайн карарчу кехатан цуьрге а хьоьжуш, оьшу адрес карладохуш, царна тIекхечира со. Юха, тапъаьлла, дIатийра церан гIовгIанаш, царех цхьаммо дикка къаьсташ элира: «ХIинца хIара мила ю? Кхунна мила оьшу техьа?». Цхьа хIара ду ала хIума а доцуш, кIадъялар дайна, оцу бераша аьлларг хазделла елаелира со. Иза хазделла, и бераш шаьш а дийладелира соьца.

Эххар а карийра гIараваьлла вуьйцуш волу дечиг-пхьар Базаев Хьасан веха керт. Хьасан нохчийн дечиг-пондарш деш ву. Дечиг пондарх, иза бан хууш волчу пхьерах лаьцна дийцархьама мел гена хиларх а хьакъ дара иза лоьхуш къахьега.

Дечиг-пондарца доьзна дукха хIума хилла нохчийн къоман. Наха дуьйцу, «нохчий къам гуора а хIоттийна, уьш хIаллак а бина» – аьлла, шега хаам бича Чингисхана аьлла бохуш: «Дечиг пондар схьабаьккхирий аш цаьргара?». «Ца баьккхи, тхан эла» – аьлча, «Аш нохчий тIаккха ца эшийна» – аьлла бохуш. Дечиг-пондарх лаьцна хаа лууш, дуккха лелла со цхьацца хаттарш деш. Амма суна уггаре а дагахь лаьттинарг Нохчийн Республикин хьакъволчу артиста Шаипов СаьIида дийцинарг ду. (Дала гечдойла цунна, тахана бакъ дуьненахь ву иза). Халкъан кхоллараллин марказан директор а, похIме композитор а волчу Даудов Рамзана хьехар дина дагаяьллера со цунах.

Ала лаьа, Шаипов СаьIид халкъана дукхавезаш илланча вара. 1980-чу шерашкахь, хьалхалерчу чкъурана дагадогIу хир ду цо дIаолуш хилла «Нене» илли… И илли  вайн къам Сибрех дахийтича, цигахь кхелхинчу нанас, маьрша зама а еана, ДегIаста цIадахар нислахь, шен даьIахкаш ша яьхначу юьртарчу кешнашкахь дIайохка аьлла СаьIиде весет дарх, цо иза кхочушдарх лаьцна дара…

СаьIидана дика хууш хиллера вайн къоман музыкальни гIирсех дерг: «Дечиг-пондар – иза нохчийн къоман уггаре а шира пондар бу.

Хьалха заманахь, нохчашна шайн хIума дош хетачу хенахь, дукха бара пондар бан хуурш а, цунах шайн дахаран накъост лаца луурш а. 1938-чу шарахь Хьалха-МартантIера Мусханов Мовлдис 50 шарахь бакъийначу акхачу кхуран дечигах бинера дечиг-пондар, юха 1944-чу шарахь шеца Сибрех дIа а баьхьнера. Цхьаболчу наха ялта, бедарш схьаэца, дIакхосса и чIишалг аьлча, – «Ма ца хаьа шуна, гIийла, еха йогIур йолчу суьйренашкахь шайн дог дастар цуьнца хир дуйла», – аьлла хиллера цо.

Иза иштта хилира, цунна теш ду вайн къам…», – дийцира СаьIида.

Масийтта шарахь нохчийн эшарш, мукъамаш бихкина латтош, къомана тIехь харцо дIайийца дихкинчу муьрехь, дош ца тоьъначу дийнахь вайн меттана дош аьлла, къамел дина дечиг-пондаро.

Вайн къам делхийча билхина пондар, цуьнга хазхетар кхаьчча синкъерамах бухдийлина цуьнан аз. Лаьмнийн сихачу чухчарийн болар, аренийн комаьршалла, халкъан забарийн самукъа, и дерриге а шена чухуьйдина кхоллабеллачу мукъамех дика кхетта дечиг-пондар.

ЛадугIург ойлане воккхуш бекна, билхина иза.

Дечиг-пондарх лаьцна СаьIида дийцинарг карладуьйлу тахана. Цо дийцира хьалха заманахь хиллачу пондарш даран технологех лаьцна: – «Дечиг-пондар бар дийнна цхьа Iилма хилла. Шира пондар, буто дечигах, юккъера гIирт йоккхий, чохь хара а йолуш, цхьанхьа хIоьттина а боцуш, ур-аттал мерзаш чIагIдеш долу лергаш а дечигах долуш деш хилла. ХIинца, вайн заманахь лелош долу цхьадолу пондарш фанерах а дало. Ткъа оцу дечиг-пондаран мерзаш дан хаар а хилла йоккха корматалла оьшу болх. Хьалхара ши мерз – говрийн когах яьккхинчу хьорзамах (жилы) беш хилла. Цкъа хьалха, овкъаршна юккъехь якъош хилла уьш, тIаккха тIе еза хIума уллий, озош хилла, мерзан аз зевне хиллал чIагIбеш, тIаккха цу юккъера буткъа хьаса схьабаьлча, тIе балоз (прополис) хьокхуш хилла. КхоалгIа, альт олу мерз – иза газан дуткъачу йоьхьехь беш хилла, туьханан шовричохь кеч а беш.

1960-чу шерашкахь, музыкальни гIирсаш дика бевзачу Iилманчас Шошинс реконструкци йира нохчийн пондарна. ТIаккха, цул тIаьхьа, вайн пондар дуьненчуьра муьлххачу а академически оркестрана юкъабало мегаш хилла.

Вайн халкъ Сибрехара цIадирзича, Москвара цхьа 100 пондар баийтинера Нохчийчу. ХIетахь, нохчийн халкъан инструментальни оркестр кхоьллира, шена юкъахь 25 дечиг-пондаррий, 15 Iадхьокху пондарий болуш.

Хьалха заманахь зударша а локхуш хилла дечиг-пондар, хIунда аьлча, вайна хIинца бевзаш болу кехат-пондар XIX-гIа бIешо чекхдолуш бен Нохчийчу кхаьчна цахиларна.

Къаьсттина пондар хаза, говза лакхарца евзаш хилла Цимиева Хьулимат (1952-чу шарахь Сибрехахь кхелхира иза). Дечиг-пондар вайн къоман хазна ю, къоман мукъамийн ма-дарра цIена аьзнаш, хьаьркаш цуьнца доггах далало.

Дечиг-пондарца нохчи воьлура, воьлхура. Де эшначохь иза каралоций назманаш а олура вайн баккхийчу наха», – иштта мехала тоьшалла, хаза къамел дира дечиг-пондарх лаьцна Шоипов СаьIида (Дала гечдойла цунна).

Иштта, цо вийцарехь хезна, лехнера ас лакхахь хьахийначу дечиган пхьеран Базаев Хьасанан хIусам.

… Айса лоьхучу цIенна тIе йоьдуш, цуьнан хIусамнана Курмани дуьхьал еара суна. Хьасан ша, нохчийн мотт безаш, цIена нохчалла девзаш, бусалба динца марзо йолуш стаг хиллера. Курманин гIиллакх а дара цуьнан дог-ойланца цхьаьнадогIуш.

Хьасан дечигца болх беш волу дукха хан хилла. Дуьххьара, иза дечигах аьрзунаш ян волавелира. Уьш тайп-тайпанчу меттигашкарчу наха, совгIатна яла, шайн чу дIахIитто а йойтура.

Муьлххачу а дечигах дезар дан хууш, говза ши куьг долуш вуйла а хууш, шен накъоста «Илли» ансамблан илланчас Абдулкеримов Илеса яхье а ваьккхина, бира Хьасана шен дуьххьарлера дечиг-пондар.

Цул тIаьхьа бIеннашкахь дина цо уьш.

Цо бохура, шена чIогIа жоьпалле хеташ гIуллакх ду халкъан музыкальни гIирс бар. Мил-мила а вогIур вац шена дечиг-пондар байта, ткъа иза цхьа дикачу балхе сатесна вогIуш хилча, шен декхар ду цуьнан сатийсамашна эшам ца хилийта. Ала лаьа, ХьасангIеран хIусамехь дерриге а дара нохчийн кхерчаца цхьаьнадогIуш. Тхо чоьхьадевлла а довлале, Курманис бовха кхача хIоттийра. Къамелехь хаалора, церан хIусамехь дика евза, истори, царна герга ю забарш.

Юха, Хьасана тхуна шен белхан меттиг, пхьалгIа гайтира, ткъа оцу чохь, хIара чолхе, сиха, дош доцу дуьне дицделла, хьалхалерчу замане кхаьчча санна хеталора, гуобаьккхина, хIинц-хIинца «дендийр» долу нохчийн дечиг-пондарш дара. ПхьалгIахь шортта гIирс бара. Массо а кепара аьчкан чархаш, жIаьвнаш, басарш, къоман бустамаш. Хьасанан ирс хийтира тхуна, БазаевгIар бовзар тхайн аьтто хийтира.

Пондарх, нохчийн исторех, мукъамех, маттах лаьцна до къамелаш гуобаьккхина лаьттачу дечиган-пондаршна юккъехь товш а дара.

Хьасана а бохура, лакхахь СаьIида ма-дийццара, акхачу кхурах бина пондар даима а дика лерина бу, амма тIаьхь-тIаьхьа ледара карош бу иза хьуьнхахь. Карарчу хенахь цо къоначу бIаран дечигах до дечиг-пондарш.

Пондарш дан гIирс кечбарехь коьртаниг хIун ду аьлла, шега хаьттича цо элира, дечиг кхоччуш дика а, нийса а дакъор ду аьлла.

Цунах доьзна хуьлу пондаран аз а, хан а. Хьасана а до шина тайпана пондарш. Цхьадерш цхьанхьа а хIиттина доцуш, ширачу заманахь ма-дарра деш ду, ткъа вуьйш – фанерах.

Хьалха заманахь дечиган а, аьчкан а пхьераш алсам болчу хенахь, дечиг-пондар бан хуурш а хилла дукха. Дукхахьолахь, Дагестанехь бен ца карош цхьа мур беара пондаран пхьар. Хазхета Хьасан шен корматалла кIорггера евзаш, ша дечу гIуллакхан мах хууш, бевзаш нохчийн бакъволу пхьар хилар. Механа деза а ца хуьлу цуьнан пондарш. Вайн республикерчу хIора районийн, яртийн культурин цIеношкахь хила дезара уьш. Муьлхха а божаберан цуьнга безам баханехь, иза лакха Iамош говзанча а волуш. Къоман культура кхиор, кегийрхошна къоман мехаллаш марзъяр къоман сина гергарчу хIуманашций бен хуьлийла а дац. Царех ду вай кхузахь дуьйцург.

Тахана кIезиг нах хир бацара аьлла хета шайн хIусамехь дечиг-пондар ган лууш.

Кхечу мехкашкахь шайн къоман хазна баьрчче яьккхина лелош хуьлу, ткъа вайн цхьаболу нах партала бу шайн халкъан хIуманан сий дарехь. Ткъа дечиг-пондаро хIумма а эрча-м йоккхур яцара нохчийн хIусам.

Нохчичунна ша шен мелла а токхе хетар вара пенах тоьхначу ширачу истангана тIехула дIатесна дечиг-пондар хилча. Пайдехь мел йоцу мах белла тайнигаш хуьлу вайн хIусамашкахь Iалашъеш, ткъа царна юккъехь хьо нохчийн хIусаме кхаьччий хоуьйтуш долу хIума цхьа а ца хуьлу. Дечиг-пондар нохчийн кхерчахь, баьрччехь товш бу. Къонахаша ладийгIина цуьнга, дагна хилла хорам цуьнан озаца, мукъамца баьстина.

Нохчийн къоман литературин классикаш а, дешан говзанчаш а, илланчаш а сий дина вайн дечиг-пондаран. Иза дика лакха хууш, нохчийн шира иллеш а, шайн байташ а цуьнан гIоьнца олуш хилла бара (Дала декъал бойла уьш) къомана дукхавезна Айдамиров Абузар, Сулейманов Ахьмад, Алиев ГIапур. Россин Федерацин халкъан артиста Дагаев Валида пондар кара эцча, дIадаханчу бIешерийн мохь-орца долий, ломара чу хьаьдда чухчари санна, дог Iабош хаза иллеш олу.

Оьзда, собаре, самукъане, ойлане хила хаьа пондарна. Ткъа иза хьенан буйна кхаьчна хьаьжжина илланчин йиш хаьллачохь, боьлху, боьлу.

Вайн дозалла, зовкх ду дечиг-пондар…

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: