Студенташна цIен дипломаш дIаделира

ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтехь студенташна дипломаш дIадаларна лерина цхьаьнакхетар хилира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхочун заместитела Нагаев Iадлана, Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министра Байханов ИсмаьIала, хьехархойн институтан ректора Халадов Хож-Ахьмада, профессорша, хьехархоша, дешна бевллачеран дай-наноша.

«Ас декъалдо шу цIен дипломаш схьаэцарца. Даггара баркалла ала лаьа шу Iамийначу хьехархошна.  Цара шу  тIехдика Iамийна хилар бахьана долуш даьхна аш цIен дипломаш», – элира I.Нагаевс.

И.Байхановс билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо дешарна тIехь леррина терго латтош хилар,  хьехархойн институт дика дешарца чекхъяьхнарш говза хьехархой хилла дIахIуьттург хиларх ша тешаш хилар.

Институтан ректора а элира декъалдаран дешнаш: «Ас даггара декъалдо шу дешна довларца. Вайн тIекхуьучу чкъурана хьехархой хилла дIахIитта дезаш ду шу. Дешна бевллачарех 42 студента цIен дипломаш схьаэцна. Ас царах дозалла до. ЦIен диплом иза  аш доьшучу шерашкахь хьегна къинан жамI ду», – элира цо. Цо баркалла элира церан дай-наношна, доьзалш дика кхетош-кхиорна.

Философин Iилманийн кандидата, профессора Гадаев Вахас билгалдаьккхира, цара хаьржина корматалла уггаре а оьшучех цхьаъ хилар а, бераш Iамо шаьш хьакъ хилар цара гайтина хилар а.

Цул тIаьхьа, Х-А.Халадовс В.Гадаевца цхьаьна дешна бевллачарна дипломаш, иштта Сийлаллин грамоташ а, ахчанан совгIаташ а дIаделира. КхидIа концертни программа гайтарца дIадаьхьира цхьаьнакхетар.

З.ХАСИЕВА

 №85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: