Дагера – Серлоне

Кхана, 2-чу августехь, Нохчийчохь дIахьур ду Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Регионан юкъараллин фондан президентан Кадырова Айманин йинчу денна лерина вилспеташ хахкар. Цу хьокъехь масех де хьалха хиллачу кхеташонехь дийцира вовшахтохараллин комитетан куьйгалхо волчу Нохчийн Республикин Парламентан  Председатела Даудов Мохьмада.

Цигахь къамел динчу Нохчийчоьнан физически культурин а, спортан а министра Хизриев Хасмохьмада билгалдаьккхина  ма-хиллара, вилспеташ хохкур ю Аргун гIаларчу Кадырова Айманин  цIарах долчу «Ненан дог» маьждигна  хьалхара Гуьмсерчу Ташу-Хьаьжин  (Воккхачу Хьаьжин) маьждиге  кхаччалц. Оцу шина  маьждигна юкъахь 22  километр некъ бу.

– Нохчийн Республикин Куьйгалхочо, Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана дерриге а хьелаш кхоьллина  луучуьнга  хIоранна а спортан  дахарехь  дакъалацийта. Иза заьIапхойх а хьакхалуш ду», – бохура Даудов Мохьмада. Цо чIагIдарехь  спортан  къийсадаларшкахь  дакъалоцуш хир бу республикин Парламентан депутаташ, министерствийн, ведомствийн, гIаланийн, районийн  куьйгалхой.

Стомара чекхдаьлла  вилспеташ хахкарехь дакъалаца лууш берш дIаязбар. Герггарчу хьесапехь 5  эзар стаг хир ву Кадырова Айманин сийнна вилспеташ хахкарехь дакъалоцуш. Царна юкъахь хир бу Россин кхечу регионашкара вилспеташ хахкар дезаш берш.

Вовшахтохараллин комитето  билгалъяьккхина совгIатан итт меттиг. Вуьшта аьлча, Аргунерчу маьждигера Гуьмсерчу маьждига хьалха дIакхаьчначу иттанна мехала совгIаташ лур ду. Цул совнаха  билгалдина ду леррина кхин совгIаташ далар а. Вилспеташ хохкурш шина декъе бекъна хир бу.

Хьалхарчу тобанехь 14  шераш кхачаза бераш а  хир ду, кхиазхой  а хир бу. Ткъа шолгIачу тобанехь  14  шарал лакхара хенаш ерш хир бу.

Бакъонца спортан деза де хилла дIахIуттур ду вилспеташ хахкар. Уьш хохкучаьрга хьовса а богIур бу бIеннаш бахархой.

Хь.САЙДАЕВ

 №85, шот, 1 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: