ОвгIанерчу «Талибан» боламан декъашхоша шайн тхьамда хаьржина Ахьтар Мансур. Цо дIахьедина иблисан пачхьалкхан а, шайн боламан а Iалашонаш цхьаьна йогIуш цахилар.
***
Хонкаран тIеман кеманаша Иракехь болчу курдашна бомбанаш, ракеташ тохарца доьзна Курдистанан белхалойн партин декъашхоша Хонкаран Iедална дуьхьал жигара къийсам дIабахьа болийна.
***
США-н Калифорни штатехь йолчу хьаннашкахь цIерш евлла. ЦIераша дIалаьцна 200 эзар гектар меттиг. ЦIеяйъархойн масех бIе машен а, кхийолу техника а араяьккхина цIарна дуьхьал къийсам дIабахьа.
***
Мисаран Президента дIахьедина Суэцки керла татол (канал) диллина даьлла хилар. Цуьнан йохалла 72 километр ю. ХIинцале цигахула дIасадахана киралелош долу хьалхара хIордакеманаш. Даздаран хьолехь иза 6-чу августехь схьадоьллур ду.
***
Францерчу фермерех масал а эцна, забастовкаш дIайолийна Бельгерчу фермерша а. Цара а лоьху Iедале шаьш кхиийна сурсаташ дохка аьтто бар, Россица йолу юкъаметтигаш тояр.
***
Россина «Мистраль» хIордакеманаш дохкаран хьокъехь бина хилла барт бохийна Францис. Герггарчу хенахь билгалбоккхур бу оцу пачхьалкхо Россина схьадала дезачу гIуданан такхарийн барам
***
Россин Президентан В.Путинан телефонехула къамел хилира Израилан премьер-министраца В.Нетаньяхуца. Цара дийцаре дира иблисан пачхьалкхана дуьхьал дIахьочу къийсамехь ницкъаш цхьаьнатоха безаш хиларан хьокъехь долу гIуллакхаш.
***
Россин МСЧ-н машенийн ковр гуманитарни кира хьош Донбассе яхана. Кхачанан сурсаташца цхьаьна цига яьхьна дешаран керлачу шарна берашна школехь оьшу йолу Iаматаш (учебникаш).
***
ГIирмехь хиллачул тIаьхьа Украине бахкар дихкина оцу мехкан Iедало Францерчу парламентан депутаташна.
***
Россин дуьненаюкъара тIаьхьалонаш 17-чу июлера 24-чу июле кхаччалц болчу муьрехь 0,03 процентана алсамъевлла.
***
АвтоВАЗ-о тахана, 1-чу августехь дуьйна лакхадаьхна «Ладан» кхаа моделан мехаш
№85, шот, 1 август. 2015 шо