Вайн республикин аренашкахь баккъал а болх бу кхехкаш. Аренашлелорхоша хIокху йовхонан бурконехь къинхьегаман даккхий хьуьнарш гойтуш дIахьош ду гуьйренан ялташ чудерзор. ХIинцале чудерзийна 70 сов процент майданашкара ялташ: кIа, мукх, Iаьржа кIа. Нагахь санна Iаламан хьелаша я дагахь доцчу кхечу хIумано новкъарло ца яхь цхьана кIиранчохь ялташ чудерзийна бевр бу вайн аренашлелорхой. Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан юьртан бахаман министерствон ораматашлелоран а, химизацин а, орматаш ларъяран а департаментан директора Матуев Хан-Пашас.
Цо дийцарехь, гуьйренан ялташ 111 эзар гектара тIехь кхиийнера. Оцу майданашкахь кхиийначу ялтех чудерзоза дисина 30 эзар гектара тIера ялта. ХIинцале чуэцна, хьаьтташка охьадоьхкинчу ялтийн юкъара барам 164 эзар тонна бу я хIора гектара тIера чудерзийна 21,7 центнер ялта. ДIадаханчу шарахь хиллачул дикка лакхара бу и гайтам. Стохка йокъана хIоттар бахьанехь хIаллакьхилира 32 эзар гектара тIера ялта. Чудерзийнарг дерриге а 122 эзар тонна дара.
ХIара хаам зорбатоха кечбечу дийнахь гуьйренан кIа 44 эзар гектара тIера чудерзийнера. Иза кхин а 17 гектара тIера чуэца дезаш ду. Мукх берриге а (гуьйренан) чуберзийна баьлла. Иза 17215 гектара тIехь кхиийнера. Мелла а тIаьхьадисина гуьйренан Iаьржа кIа чудерзор. Иза 1186 гектара тIехь кхиийнера. Чудерзийна 700 гектар гергга майданашкара. Тахана-кхана чекхдер ду ийна кIа а, Iаьржа кIа а чудерзор. Иза 443 гектар майданашкахь кхиийнера аренашлелорхоша.
Ткъа сула кху шарахь 18465 гектара тIехь кхиийна. Оцу майданах сулех паргIатъяьккхинарг 11207 гектар ю. БIаьстенан мукх кхиорна билгалйинарг 5 эзар гектарал кIеззиг совъэккхаш майданаш яра. Оцу майданех 2525 гектара тIера мукх чуберзийна баьлла. ХIинца аренашлелорхоша коьрта тидам а, ницкъаш а тIехьовсийна иза мелла а сиха чуберзийна балийтарна.
Цуьнца цхьаьна вайн аренашлелорхоша чуерзийна 535 гектар майданара горох. Герггарчу деношкахь чекхдоккхур ду кхьоьш чуерзор. Царна билгалйинарг 367 гектар майданаш ю. Рапс кху шарахь 6615 гектара тIехь кхиийнера. Кху деношна тIекхочуш хьаькхна 5 эзар гектар гергга майданашкара рапс.
Вайн арахь тIех йовха йолуш хенан х1оттам белахь а, вайн аренашлелорхошка белхан боларш кхин а жигарадахалур дара комбайнаш тоъалчу барамехь елахьара. Оьшучун доьалгIачу декъанна бен кхачо ца йина юьртан бахаман техникица. Оцу хьоло мелла а новкъарло йо ялташ чудерзоран гIуллакх лаккхарчу боларшца дIадахьа. Еккъа цхьа комбайнаш лерича а, регионна кхитIе а ши бIе гергга оьшу уьш. Амма цуьнга хьаьжна ца Iаш, ширъеллачу комбайнашна кхечу техникашна тIехь а лаккхара хьуьнарш гойтуш болх беш бу аренашлелорхой», – бохура Х.-П.Матуевс.
С.ХАСАНОВ
№85, шот, 1 август, 2015 шо