ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара дакъалецира Россин Федерацин Президентан Къилбаседа Кавказан федеральни округехь юьззина бакъонаш йолу Векал волчохь йолчу Советан кхеташонехь. Иза дIахьош вара Меликов Сергей. Цигахь дакъалоцуш бара иштта Къилбаседа Кавказан федеральни округан ерриге а субъекташкара куьйгалхой. Цига кхайкхинера кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу Федеральни агентствон куьйгалхо Поспелов Сергей.
Кхеташонехь вовшахкхеттачара дийцаре дира кегийрхойн политикин а, экстремистийн тайп-тайпанчу боламашна дуьхьал болх баран а хьокъехь долу гIуллакхаш. Ларамаза дацара кхеташо кху деношкахь дIаяхьар. Хууш ма-хиллара, кегийрхойн «Машук» форум ю д1ахьош. Делах-хIета, цигахь вовшахкхетта Къилбаседа Кавказерчу кегийрхойн векалш. Меликов Сергейс аьлла ма-хиллара, кегийрхой экстремизман Iаткъамах ларбар, цаьргахь Даймахке безам кхоллар пачхьалкхан политикин коьртачех цхьа некъ бу. Цундела дара хIокху кхеташонехь а цунах лаьцна къамелаш дар, оцу балха тIехь йолу проблемаш йийцаре яр, уьш дIаяхаран некъаш лахар. С.Меликовс чIагIдарехь, вайн регионашкахь дуккха а белхаш дIабаьхьна кегийрхой кхетош-кхиорехь. Оцу декъехь дика кхиамаш а бу. Амма дан дезарш кхин а дуккха а ду. «Кегийрхой тайп-тайпанчу гIуллакхашна алссамчу барамехь юкъаозорехь дIора кхиамаш баха аьтто ца баьлла вайн хIинца а. Кегийрхойн дикка дакъа, къаьсттина ярташкахь, кхетош-кхиоран гIуллакхашна ма-хетта юкъаозо таро ца хилла вайн. Уьш, хьалха а санна, юьстаха буьсуш бу», – бохура Россин Президентан Къилбаседа Кавказехь волчу векала. Билгалдаккха деза оцу декъехь Нохчийчохь дика кхиамаш хилар. Вайн ярташкарчу кегийрхошца ийманехь, оьзда, гIиллакхе кхетош-кхиоран белхаш дIахьо маьждигашкахь а, хьуьжаршкахь а, юкъараллин меттигашкахь а. Цаьрца юххера зIенаш латтош, уьш юкъараллин гIуллакхашна юкъаозош белхаш беш ю вайн республикера цхьамогIа кегийрхойн юкъараллин организацеш. Цу юкъахь ю «Ахмат», «Путин», кхийолу организацеш. Оцу декъехь Нохчийчоьнна зеделлачух пайдаэца мегар дара Къилбаседа Кавказерчу кхечу регионаша. Кегийрхой кхетош-кхиоран балхахь вовшашна зеделлачух пайдаэца безаш хиларна тидам тIебахийтира С.Меликовс а. Цо дIахаийтира герггарчу хенахь оцу декъехь долу хьал толург хиларх ша тешна хилар а, Къилбаседа Кавказехь Россина муьтIахь кегийрхой кхуьург хиларх шен шеко цахилар а. Цул тIаьхьа кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу регионийн векалша йовзийтира кегийрхой кхетош-кхиорехь шаьш долчохь кхочушъеш йолу тайп-тайпана программаш.
С.ХАМЗАТОВ
№85, шот, 1 август, 2015 шо
