Россин Федерацин Правительствон Председатела Медведев Дмитрийс куьйгалла а деш хIокху деношкахь Москвахь дIаяьхьира Къилбаседа Кавказан федеральни округ социально-экономикин кхиоран гIуллакхашкахула йолчу мехкан правительствон комиссин кхеташо. Цигахь дакъалецира федеральни министраша, Россин Президентан Къилбаседа Кавказехь юьззина бакъонаш йолчу векала Меликов Сергейс, Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Къилбаседа Кавказерчу кхечу регионийн куьйгалхоша, кхечара.
Кхеташонан юьххьехь Д.Медведевс билгалдаьккхира Къилбаседа Кавказ социально-экономикин кхиорна мехкан куьйгалло боккха тидам тIебохуьйтуш хилар а, оцу регионах йоккха дегайовхо хилар а. Цо дийцарехь, Къилбаседа Кавказан федеральни округан деккъа цхьа аграрни дакъа кхиорна хIокху цхьана шарахь 12 миллиард сом хьажор долуш ду. Дозанал арахьара чудохьуш хиллачу кхачанан сурсатийн метта шайн сурсаташ кхио а, товараш арахеца а аьтто бу хIинца аграрийн. Оцу аьттонах сихха пайдаэца дуьйладала деза.
«Россин рынкехь кхиамца болх бойла хир дац лаккхара дикалла йолу, экологически цIена долу сурсаташ кхиош хилчий бен. Цу тIе оцу сурсатийн мехаш а хила ца деза лакхара. Къилбаседа Кавказехь кхузаманан лехамашца догIуш, лаккхарчу эвсараллица, санехь юьртан бахам лело таронаш ю. Вуно яккхий, башха таронаш», – бохура мехкан премьер-министра.
Кхеташонехь къамел дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо дийцира регион социально-экономикин кхиорехь динчу а, деш долчу а, дан леринчу а гIуллакхех. Р.Кадыровс къаьсттина тидам тIебахийтира юьртан бахам, кхидолу дакъош кхиорехь дан леринчунна. Цо билгалдаьккхина ма-хиллара, дан леринарш Iаламат дукха ду. Уьш кхиамца кхочушдарна федеральни центрера гIо-накъосталла оьшур ду, хIинццалц а санна.
Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, Нохчийчохь боккха болх дIахьо импортан товарийн а, сурсатийн а метта меттигера товараш а, сурсаташ а арахецарехь. Цунна бIаьрла масал ду «Родина» ООО-хь а, «Нохчийчоьнан бошмаш» Iилманан-производственни фирмехь а беш болу болх. Хьалхарчохь тоьллачу наьрсашца а, помидорашца а кхачойо республикин бахархошна, ткъа шолгIачохь – Нохчийчоьнна а, Россин кхечу регионашна а дикачу хIух долчу синтаршца.
Цундела ларамаза дацара оцу кхеташонехь Нохчийчоьнан цIе масална яьккхина хилар а, вайн регионан Куьйгалхочунна къамел дан дош далар а.
Д.АНАДЕВ
№85, шот, 1 август, 2015
ООО-х нохчийн кеп ян ца мега? Масала КIЖЮ — к1езиг жоьпаллин юкъаралла
OOO т1еэцна лелош ду вайн газетехь. КIЖЮ яздича цхьа а кхетар вац я хазарна (дешарна) хаза а дац иза.