Ставрополан крайн Лермонтов гIалахь дIаяьхьира греко-римски охьатохархлатарехула турнир IV-ра схьайиллина турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин регионашкара, иштта Къилбаседа-Кавказера спортсменаш.
Къийсадаларш дIадаьхьира кхаа дийнахь. Шайн-шайн йозаллин категорешкахь билгалбевлира толамхой: Газиев ИсмаьIил (32 кг) – ДЮСШ Ленински район, Соьлжа-ГIала, Заураев Ислам (45 кг) – ДЮСШ №12, Саидов Мохьмад (38 кг) – ДЮСШ№7, Мамакаев Сайд-Рахьман (46 кг) – ДЮСШ №3, Ташаев Хасбулат (30 кг) – Ленински районан ДЮСШ Яшуркаев Зелимхан (54 кг) – ДЮСШ №7. Вайн спортсменаш оцу кхиамашка кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Хамзаев, Б.Гулаев.
М.Батаев, А.Магомадов, Р.Зеперханов.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.Шишханова
Авторан сурт
№86, шинара, 4 август, 2015 шо