Нажи-Юьртан кIоштарчу Зандакъахь 1974-чу шеран март беттан кхоалагIачу дийнахь дуьнен тIе ваьлла ву Хамаев Хан-Iела. Цигахь чекхъяьккхина юккъера школа. Школехь волуш дуьйна илли олуш вара кIант. Цо жигара дакъалоцура Нажи-Юьртан кIоштахь, республикехь дIахьочу конкурсашкахь, фестивалашкахь, хьажаршкахь. Нохчийн къоьжа лаьмнаш санна нуьцкъала, царех схьаIийдало сирла шовданаш санна зевне дара цуьнан аз. Цундела дукха тамашийна ца хета юккъера школа чекхъяьккхина ваьлча, Соьлжа-ГIаларчу культпросвет училище Хан-Iела деша вахар. Юьртарчу клубин белхахой кечбен отделени яра цо кхиамца чекхъяьккхинарг. Бакъду клубашкахь дукха белхаш бан-м ца кхиира иза. ХХ-гIий-ХХI-гIий бIешераш хотталучу муьрехь тIом баьржира Нохчийчу. Дукхах болу вайн маьрша махкахой санна шен декъаза са дадийна ида дийзира Хан-Iелин а. Къена да-нана дара кхуьнан Iуналла оьшуш. Цундела тIеман кхийсарш мелла а нилха евлача зуда ялийна, доьзал боло беза хан а тIекхечира. Цхьа ирс дара Хамаев Хан-Iелина тIехьаьвзина, Нохчийн Республикин халкъан артиста Абдулкеримов Илеса хаддаза шен семачу тергонехь латтош бара жимачу стеган дахаран некъ. Иллиалархочунна хаьара кхуьнан иллий корматалла юйла. Щелковски кIоштахь ша кхоьллинчу «Теркан Ас» цIе йолчу божарийн вокальни тобане дIавигира хIара Илеса. Юьхьанца «Теркан аре» тобанца илли дIаолуш вара Хан-Iела. Кхуьнан каде хилар, хьуьнар гучу дала доьлча хормейстеран дарже ваьккхира иза. Муьлхха а болх шега кховдийча, цуьнца ларош, гIиллакхах ца вухуш, белхан накъосташца мегаш, тарлуш схьавогIуш ву иза. Адмалла, догцIеналла коьрта ю цуьнан амалехь. И бахьана долуш белхан накъосташна дукхавеза хIара. Тахана Щелковски кIоштан культурин цIийнан исбаьхьаллин куьйгалхочун декхарш кхочушдеш ву Хамаев Хан-Iела. Мукъа хан ян а яц цуьнан балхтIехь. Массанхьа кхиа веза, Щелковски кIоштахь кест-кеат хуьлучу мероприятешкахь дакъалаца деза. Царна лерина керла концертни программаш кечъян еза. Хазахета оцу декхаршца Хан-Iела ларош. Мацах, цхьана хьекъалчас аьлла боху, шена дукхадеза гIуллакх дIакхоьхьуш волу стаг кхиаман новкъахь ву! Хамаев Хан-Iелех аьлла хетало и дешнаш. Хьаналчу къинхьегамо серлабаьккхина цуьнан оьздачу дахаран некъ. Цунна доккха ирс хета адамийн дуьхьа вахар, зевнечу иллица церан самукъадаккхар.
ГАЗИЕВА Аза
№86, шинара, 4 август, 2015 шо