30-чу июлехь Зорбанан ЦIийнехь поэтан Касумов Сайд-Мохьмада 50 шо кхачарна лерина кхоллараллин суьйре хилира. Иза Нохчийн Республикин яздархойн союзо вовшахтоьхна яра. Суьйре дIахьош яра Нохчийн Республикин хьакъ йолу журналист Газиева Аза.
Яздархойн союзан председателан хьалхарчу заместительна Шамсудинов Бувайсарна дош делира А.Газиевас. Цо элира: «Ибрагимов Кантас шен цIарах декъалве аьлла соьга хьо, Сайд-Мохьмад. Иза цIахь вац. Сайд-Мохьмад суна вевзина дукха хан ю. Ша шена некъ боккхуш веана иза литературе. Иза шен хатI, дош долуш кхоллараллин стаг ву».
Юбиляран кхоллараллин мах хадош вистхилира Iилманча, этнограф Джамбеков ШаIрани. «Дуьненан хIумана тIаьхьавалий ма лелалахь, тIаккха дош довр ду хьан» – элира цо.
Цул тIаьхьа дош делира вайн республикехь вевзаш волчу этнографна Хасиев Сайд-Мохьмадна. ХIора дош мехала хуьлу цуьнан. Иштта, Сайд-Мохьмадан цIарах аьлларг а дара философин маьIна долуш: «ХIара хьайн кхаьчнарг 50 шо ду алий чот ма тохалахь. Хьо жима ву хьуна хIинца а. Хьо хьалхарчу тIегIана тIера шолгIачунна тIе бен ца ваьлла. Сайд-Мохьмад дуьненчохь хилчахьана, дуьненчохь хIара миччахь велахь а, могаш-маьрша вуй хааро дог токхдо сан. Къежваларх хIумма а дац. Со 6-чу классехь дуьйна ву къоьжа, амма шуна ма гарра дийна ву. Къанвеллачунна оьшу Iаса санна, тхуна оьшуш стаг ву хьо. Дала аьтто бойла кхоллараллин новкъахь. Дала дукха вахавойла. Тхо иштта вовшахтоьхна, дагара дийца меттиг яьккхинчарна Дела реза хуьлда», – элира С-М.Хасиевс. Историн Iилманийн доктора Гарсаев Вахас а элира юбилярана лерина хаза дешнаш. «50 шо кхаьчча болар духу, 60 шо кхаьчча вадар духу» олуш кица ду вайн… Боларх а, вадарх а Дала ма вохавойла хьо, Сайд-Мохьмад! Йозанехь кхиамаш хуьлда, тхуна хьайн ойланаш йовзуьйтуш къахьегалахь кхидIа а», – элира цо.
Иштта Нохчийн пачхьалкхан къоман музейн директоран Асталов Вахин цIарах а декъалваран кехат дIадийшира цуьнан векала. Нохчийн Республикин кхоллараллин, культурин белхахойн профсоюзан председатела Абдулкеримов Лоьмас мидал профсоюзийн юбилейни садаIа ваха путевка елира юбилярна. Юкъараллин «Оптимум» организацин председатела Ахмаев Руслана мидал елира «Къаьмнашна юкъахь барт чIагIбарехь бинчу белхана» аьллачу мидалца. Нохчийчоьнан культурин министерствон Халкъан кхоллараллин туьшан директора Даудов Рамзана Сийлаллин грамота а, ведомствон мидал а елира.
Суьйре хазйира Нохчийн Республикин халкъан артисташа Дудаев Зеламхас а, Межидов Сахьаба а. Цхьаъ вукхул хаза дара, Сайд-Мохьмадан цIарах олуш дош. Суьйре юбиляран томана аьлла а доцуш, дагахь лаьттар йолуш, хаза яра.
З.ХИЗИРОВА
Р.Мусиповн сурт
№86, шинара, 4 август, 2015 шо
