Куьйган ишарийн дешар

IMG-20150803-WA0001

Куьйган ишарца дешаран говзалла лакхаяккхаран курсаш чекхйовларца доьзна къоначарна тоьшаллаш дIаделира даздаран хьолехь. И гIуллакх дIадаьхьира Къорачу а, хазар ледара долчу а берийн лерринчу школа-интернатехь.

ЗаьIапхойн региональни юкъараллин «Нохчийн Республикин къорачеран юкъаралла» организацин председатела Исмаилов Бахун дехарца, Москварчу социальни университетан куьйган ишарийн оьрсийн меттан кафедрин профессор, Iилманийн доктор Каменева Валентинас дIаяьхьира билгалъяьхна йолу курсаш. 19 июлера 29 июле кхаччалц хьийхира В.Каменевас куьйган ишарийн дешар. Да-нана я йиша-ваша къора, хазар ледара долуш  бара доьзалшкара Iемаш.

Билгалдаьккхинчу цхьаьнакхетарехь дакъалецира «Нохчийн Республикин къорачеран юкъаралла» организацин председатела Исмаилов Бахус, цуьнан заместитела Исмаилов Iелас, мотт ца хуучарна куьйган ишаршца Къуръан Iамош волу говзанчас Алаев Шемала, Социальни страхованин фондан векала Джабраилова Асета.

«Къорачу адаман шатайпа дуьне ду, къора воцург цунах кхетар а воцуш. Къора хиларх цу тIехь дуьне кхачалуш дац. Ишттачарна а карабо дахарехь шайн некъ. Со йоккхае аш со кхуза кхайкхарна а, сайх къоначарна пайдабаларна а», – элира В.Каменевас.

Цхьаьнакхетаре баьхкинчара баркалла элира Каменева Валентинина. Цул тIаьхьа В.Каменевас говзалла лакхаяккхаран курсаш чекхъяхаран хьокъехь тоьшаллаш дIаделира.

Цхьаьнакхетар дерзош толуш вистхилира Исмаилов Iела: «Къора воцчунна ша телевизоре хьожуш лаьтташехь, цIеххьана цу чохь дуьйцург  ца хезаш  дIахIоьттича кхидIа цуьнга хьажа дог а ца догIу. Ткъа цу  къорачунна дийнна дуьне а ду иштта. Делахь а, дан хIума карадо цунна, нахана шех пайда балийта а хьожу иза» хезаш хIума а доцуш.

З.ХАСИЕВА

Авторан сурт

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: