Нана-Даймохк – Нохчийчоь!

Ма деза ду и дешнаш хIора нохчичунна. Нохчашна санна, шен Даймохк безаш дуьненахь кхин цхьа а къам хир  дуй-те? Ларамаза дац, бертаза я бертахь махках довла дезча, сихха цIа дахка  вай  сатуьйсуш хилар. Даймахке болу вайн безам оза дац дуьненанхь цхьа а  терза. Мехкан чIагIо – и лекха лаьмнаш, шера  аренаш, сирла шовданаш, сийна  маьрша стигланаш – и ерриге а  хазна вайн дагех хоттаелла ю, вайна  аьхна ю. Ма бIаьрзе  ву-кха дуьненан хIара ялсамане  ца гуш вехарг.

kavkaz-tury-chechnya-07

Къам  дохийна, махках даьккхича, Даймахке бIаьрг тоха сатуьйсуш, кхин и ца гуш, ма дукха нохчий лахьтичу бирзина-кх Юккъерчу Азехь. Арахьара беана кхерам юхатоха къоман ницкъ луш берг а Даймахке болу безам бу-кх. БIешерашкахь и безам буьйцуш, цуьнга  йолу уьй-марзо елхош иллеш, назманаш, байташ язйина.

Даймахке йолу шен дог-ойла гойтуш поэта Мамакаев Мохьмада аьлла:

…Къонахий дог-ойла гулйина лаьмнаш,
Со вогIу шу хестош, дай хилла чIагIо,
Хеста дац ас лаьмнаш лекха ду аьлла
Лакхенца карош бац накъоста агIо.

ПаргIато лоьхуш уьш кхузахь бахарна,
Сийлахьа сан Даймохк, маршалла хьоьга,
Хьан халчу йозанца ойла гулъярна
Лорур вай, накъостий, церан дош оьзда.

Даймахке болу шен безам буьйцуш иштта яздина поэта Дикаев Мохьмада:

Нанас берахь дуьйна, суна хьо марзбина,
Хьоьга дагара дуьйцуш, хийла ойла йина.
Сан дай баьхна латта, сан ирс долу Даймохк.
Ахь кхиийна, ахь стаг вина
Со новкъа велира.

Ткъа Айдамиров Абузара Даймахке йолу шен марзо иштта гайтина:

Хьаннаш юккъехь ирзеш охуш,
Текхош дечиган шога нох,
Буьйса дийнах къаста ца луш
Кхузахь сан дай баьхна бах

… Хазац тахна гIийла иллеш,
Къиза бала балхабеш,
Дека зевне керла иллеш,
Сийлахь Даймохк хестабеш.

Исторехь дукха  и эрчонаш гина, цIий хуьйдина ду вайн лаьмнаш. Кхин хIумма а ца хилча а, тIаьххьара хиллачу шина тIамо динарг а тоьар дара. Йохийра, этира гIаланаш, ярташ, хIаллакххилира адамаш. Делахь а, халкъана карийра шена хьалхаваккха доьналле, хьекъале волу Даймохк шен сил дукхавезаш волу Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала декъал войла иза!). Цунна хиира тIеман къизаллех къам кIелхьардаккха. Гайтира нийса некъ. И некъ кхиамца дIабахьа хии цуьнан кIантана Кадыров Рамзанна. Йоццачу хенахь, дерриге а дуьне цецдоккхуш, меттахIоттий ерриге республика, экономика, культура, дешар, тоди адамийн дахаран хьелаш.

Шен Даймохк а, шен халкъ а дезачу стеган бен хьуьнар, доьналла, ницкъ кхочур бац оццул даккхий диканаш дан, шел тIаьхьа иштта беркате лар йита. Цундела вайн тахана дог догIу Даймахках, цуьнан бакъболчу кIентех хаза (хьакъ а долуш) дош ала.

АРЖИЕВ Бадрудди

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: