ГIала яккха со ца воллу, —
Цул чIогIа ду адаман дог…
Ирчу дашца ца даккхалахь,
Тоьпе-м и ца даккхало…
Воккхаве со хьуна хуъчу
Кхечу къаьмнийн меттанех,
Хьайниг бицбеш, Iамо дезна
Уьш хьуна ца моьттинехь.
Сулейманов Ахьмад
Нохчийн мотт угаре а хьалдолуш а, хаза а, бийца атта а болчех бу. Уггаре а ширчу меттанех цхьаъ а бу иза. Мотт ойла яран а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а уггаре а йоккха хазна ю, хIунда аьлча адамийн дахарехь а, юкъараллехь а буьйцучу матто дакъа ца лоцуш цхьа хIума а дац, чIагIдо Iилманчаша.
Меттан гIоьнца вайна тахана ца хиънарг кхана Iема, кхана ца хиънарг лама Iема. Нагахь санна, адамашна цатамаш беш, зуламаш деш лелаш зуламхой белахь, царна дуьхьал къийсам латто, ира дош ала гIо до матто. Хьекъалца а, кхетамца а, Iилманца а дерг маттаца дIадийца йиш ю вайн. Цундела маттах лаьцна яздина: «Мотт халкъан дахаран хазна ю. Халкъан мотт халкъан историн куьзга ду».
Яздархочо К. Паустовскийс Iаламат хьекъале а, нийса а аьлла маттах лаьцна башха дешнаш: «Шен махке болу бакъ безам, шен матте бацахь, маьIна долуш бац! Мотт вай Iама а бо, дахаран тIаьххьара денош тIекхаччалц саццаза Iамо декхар а ду…»
«Дош, мотт – деза а, мехала а дешнаш ду. Дош ала а, мотт бийца а ца хууш дуьнен чу догIу адам. Ткъа ши-кхо шо кхаьчначул тIаьхьа, адам къандаллалц шен мотт Iемаш кхуьу. Оцу меттан бала а болуш. къахьегча адам меттан къайленаш йовзаран лакхенашка кхочу. Хаза, мерза дош долуш, наха шайга леррина ладугIуш кегий нах а, кхо-виъ стаг вовшахкхеттачохь вистхила ца хууш воккха стаг а хуьлу. Меттан хааршка кхочу къахьегарца. Шашаха хIумма а ца хуьлу», – яздора цкъа «Даймохк» газето.
Меттан а, коьртан а вовшашца хиллачу къамелах дийцар а ду-кх. Матто коьрте аьлла:
– Ирс долуш бу хьо, корта. ЛадогIа лергаш а ду хьан, дуьне ган бIаьргаш а бу хьан, массо а диканиг хьуна делла Дала.
– Ирс долуш-м ший а дара вайшиъ, вайшинна Дала деллачун вайшимма хама бича, – бистхилла корта. – Диканиш хьоьгахь а ду хьуна: мерзаниг, къаьхьаниг къасто а, шийланиг, йовханиг къасто а хаьа хьуна. Амма ахь соьга бала бохьу. Оцу сан неIарх ара а оьккхий, ахь цхьана адамна «дIовш туху». Ткъа цу адамо ластийна хIума хьайна кхетале, оцу сан неIарх чоьхьа оьккху хьо. Хьажал кху суна тIерачу моьнашка. Хьан болх бу хьуна иза. Хьайна лиъча Дала кхоьллинчу массо а хIуманна вайшиъ дезийта ницкъ бу хьан.
Ненан мотт. Нанас аганан илли аьлла мотт. Саидов Билала говза аьлла цунах лаьцна:
Хьуо безаш волчунна
Пондаран аз ду хьо,
Хьайца уьйр йоцчунна
Гихь беза мохь бу хьо.
Хьо хууш волчунна
ЖовхIарийн хIонс ю хьо,
Хьайца шовкъ йолчунна
Чам тайна стом бу хьо.
Нохчийн мотт безарехь, бовзарехь, шена хуучух тоам ца барехь, иза дика хьехарехь масална бало дуккха а, хьехархой-говзанчаш бу вайн, хила а хилла. Царех цхьаъ вара зеделларг долу хьехархо Джамалханов Зайнди. Цунна лерина I-Хь Хатуевс шен «Нохчийн мотт» цIе йолчу стихотворенин дешнаш:
Вайн мотт дуй-те
Маьлхан зезаг,
Я ахь буьйцуш хетало?
Дуьне, эхарт, вевза-везарг
Суна-м дерриг диц ма ло.
Вайн мотт дуй-те дашо хьоза,
Мохехь, малхехь ийалуш,
Хазчу иллин доцуш доза,
Маьлхан нуьрца къийсалуш?
ХIан-хIа, дац и зезаг, хьоза.
Бац и аьрха хаза дин.
Мазал мерза, пхьерал говза
И марзбинарг ву Зайнди.
Вайн мотт Iаморехь, марзбарехь кхочушдеш дуккха а дика гIуллакхаш ду. Амма вайн бакъо яц долуш долу кхачамбацарш хьулдан, хьулъярх цамгар дIа ца йолу. Совдегарша туьканашна, аптекашна, кафешна техкинчу цIерашна юкъахь 5 процент а хир яц нохчийн маттахь ерш. ХIунда ду иштта хьал? «Хьанал», «Машар», «Зезаг», «Собар», «Беркат» «Ийман», «Марзо», «Барт», «Ларам», «Ирс», «Безам», «Тешам», «Hyp», «Сатасар», «Iуьйре», «Суьйре», иштта дIа дуккха а кхиерш ца тохкуш, тахана вай тохку цIерш ю: «Смак», «Бистро», «Арион», «Три толстяка»… (Кхи дIа цаягаръяр гIолехь ду).
Нохчийн маттахь бен ара ца долуш «Орга» а, «СтелаIад» а журналаш а, «Даймохк» газет а ду вайн. Шина а маттахь арадуьйлу кIоштийн газеташ. Дика хир дара «Вести Республики», «Столица плюс», «Молодежная смена» газеташна а шина а маттахь яздар тIедиллича.
Хьаькам воьдучу стагана нохчийн йозанан мотт хаар тидаме оьцуш хилча а дика хир дара. Шаьш нохчийн меттан пусар дой хоуьйтуш, и цIена бийцарехь масал гойтуш хила безара куьйгалхой. Вайн маттаца боьзна лазамаш кхин а бийца йиш яра. Кхузахь хьахийнарш юкъаралло тидаме эцча а дика гIуллакх хир дара. Цхьаболчу хьехархошна, кхиболчу могIарерчу бахархошна хетарг иштта дуй а хаьа суна.
Вуьшта аьлча, ненан мотт вайн юкъара хьал дуй а хууш, и кхиоре, ларбаре хьашт долуш хила веза вайх х1ора а.
ГАЙТУКАЕВ Абубакар
№86, шинара, 4 август, 2015 шо