Белхароев БатIал-Хьаьжин цIарах долу маьждиг ТIехьа-Марта юккъехь дина долуш ду. Кху шеран 23-чу январехь ТIехьа-Мартан районе кхечира республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан хьалха волу хьеший Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьненчу ваьлла де даздеш дара бусалбанаша цу дийнахь. Республикин Куьйгалхочун тІедилларца, цу дийнахь бух биллира кхузахь 5 эзар стагна леринчу башхачу маьждигна.
Эдельгериев Амрудди жоьпалле хIоттийна гIишло яр сацийна дац цхьана а дийнахь а, цхьана а бахьанина а. Участкан куьйгалхочо Эльбазуров Казбека дийцарехь, массо а белхало шен меттахь нисвелла а, ша дечу гIуллакхах дуьззина жоп луш а ву. Маьждиг даран коьрта белхаш д1абирзина. Цуьнан хинйолу хазалла гучуяьлла х1инцале. ГIишлонна дуьхьал тоьхна керт дIаяьккхина, уьйтIахь бай а, зезагаш а дIаден майда кечйина, кетIахь асфальт йиллина, машенаш дIахIитто меттиг билгалйина.
Маьждиган проект туркойн ю, иза дахаре ерзош а алсам белхалой Хонкарара бу. КIезиг бац кхузахь меттигера а, Дагестанера а белхалой. Ала деза уьш берриге а цхьа доьзал санна бертахь къахьоьгуш бу шайна дуьненахь а, къематдийнахь а ял хир йолчу гIуллакхехь.
Кулаев Адам а, АкмурзаевгIар Хьусейн а, Хьамзат а, Дадаев Тамерлан а кертана бух буттуш бохкура со тIеяхача. Цара дийцарехь, оцу буха тIехь дахчийначу аьчках йина керт хир ю. Ткъа цунах чекххьаьжча гуш шагатIулгаца кечдина башха маьждиг хир ду. Йина йолуш ю ламаз эцаран меттиг а, хIайттараллица дIабоьлхуш бу мимар яран белхаш а. Цунна тIехула хьийзаш ду Хонкарарчу белхалочо Чинар Адама Iалашдешдолу машаран кхокхарчий а. Маьждиг дина дала бан безаш кIезиг белхаш бац хIинца а. Бакъду, Сурхахера Хьаьжин цIарах долчу маьждиго вайн вежаршца гIалгIайшца хьовх, туркошца, жIайхошца, берриге а бусалбанашца йолу уьйраш чIагIйийриг хиларан цхьа а шеко яц.
Т.САРАЛИЕВА Авторан сурт