«Иза оьздачу бух тIера ву, церан дай юьртахь дош лелаш бара», олуш хеза вайна баккхийчара. Жима волуш башха ойла а ца йо цуьнан. Воккха кхийча кхета оцу дешнийн мехаллех.
Дуккха а дика а, вон а лайна вай. ТIеман хиламаш бахьанехь цIийнах-цIарах девлла а лелла, эшамаш, сингаттамаш, баланаш лайна.
Мел хала киртиг тIехIоьттича а, доьналлех, къинхетамах, ца вуху оьзда стаг. Цуьнан дог лозу гIийлачух, цо гIо до мискачунна. Багара йолуш йолу Iьа а хуьлу оьздачу стеган ша-тайпа.
Бакъду,тахана чIогIа лахбелла цхьадолчу адамийн вовшашка болу къинхетам, баккхийчаьрга болу лерам. КIезиг ца го вайна тайп-тайпанчу социальни службашкахь болх беш болчу кегийчу наха а, мехкарша а шайна тIе баьхкина бахархой чехош. Сица оьзда волу стаг цкъа а чехар вац кхечунна тIе.
Замано вайн дахара юкъадалийначу хIуманаша тIеIаткъам бина вайн гIиллакхашна, ламасташна. Ширачу гIиллакхех юхатухуш, Iадаташ гIелдеш хIуманаш ду кегийрхоша тIеоьцуш.
Хьалха наха шайн юьртахь, я куьпахь емалвеш хилла вониг, дика цIе йоккхуш хилла дикачун. Пхьоьханашка гуллуш, юьртара дика а, вон а дуьйцуш хилла цигахь. Юьртахь ша ледара гайтина стаг лоруш ца хилла Цаьрца захало дан а, гергарло лелон а цхьанна а лууш ца хилла.
…Суьйранна малхбузучу хенахь юьртарчу хийисте гуллоуш хилла кегий нах. Цига хи эца богIуш хилла мехкарий. Цигахь захало а дуьйцуш, хийла йоIий, кIантий вовшахкхетара. Iуьйранна, я делкъанна йоI хи йисте кхойкхуш ца хилла.
ХьаьжкIаш йохуш, тIаргIа къажбеш, я нораш доьхуш белхеш хуьлура. Цигахь гуллора кегийрхой. Белхешкахь церан таро хуьлура вовшийн бовза а, дагара дийца а.
Ярташкахь кхечу юьртара хьаша веача беш синкъерамаш хуьлура. Зуда ялийна, ловзар хилча-м, ерриге юрт дIагуллора цига. Бакъду, юьртахь тезет даьлча, ловзар-м хьехо ца оьшура, цхьа топ а ца кхуссуш, нускал цIа даладора. Сица оьздангалла йолчу нахе бен ларлур доцуш гIиллакхаш дара уьш.
И дерриге таханлерчу денца дуьстича, дуккха а хIуманаш хийцаделла. Цхьаболчу кегийчу нахана йоIаца ларам муха хила беза а ца хаьа. Нана, йиша, хIусамнана лоруш хиллачу доьзалехь кхиъначу кIантана хаьа ша лело беза некъ. Жима волуш дуьйна, зуда а, йоI а яцархочун декъехь бен ца гинчу жимачу стагана, ца хаьа йоI лара а, и ларъян а.
Иэхье дерг а, доцург а хIун ду хьоьхуш хила деза дай-наной. Юкъараллехь лела ца хууш волу стаг осал лерина вайн дайша. ГIалийн урамашкахь кIезиг ца го вайна эвхьаза лелаш, маьхьарий хьоькхуш, цIармата бевлла кегийрхой.
Дуьненчохь ша йоккхучу хенахь стагана чIогIа оьшу Iилма а, гIиллакх а. ГIиллакх долу стаг бен ца хуьлу оьзда. Мел лакхара Iилма хиларх, цуьнгахь гIиллакх дацахь – цуьнан Iилма эрна дайна ду.
Б.ДУДАЕВА
№86, шинара, 4 август, 2015 шо