Кегийрхошна беркате гIуллакх

Samsung Electronics компани 1969-чу шарахь Къилба Корейн Сеул гIалахь йиллина ю. Цу хенахь компанис арахоьцура телевизорш, калькуляторш, холодильникаш, кондиционераш, хIуманаш юьтту машенаш. Йоццачу хенахь дуьненна а евзаш компани хилла дIахIоьттира иза. Таханлерчу дийнахь компанис арахоьцу лаккхара технологин ницкъаш болу гIирсаш – монитораш, телефонаш, чипаш, и.дI.кх. Технологин индустрехь ша хьалха хиларе терра компанис боккха тидам тIебохуьйту оцу декъехь лаккхара говзалла йолуш, дуьненан тIегIанехь шайн компанин электронни гIирсаш тIехь болх бан хууш болу говзанчаш кхиорна. Терахьийн технологийн декъехь дуьненахь тоьлла лоруш йолчу Samsung Electronics компанехь 80 пачхьалкхехь болх беш 286 эзар стаг ву…

IMG-20150803-WA0007

Россин Федерацехь 2013-чу шарахь дIаболийна «SAMSUNG-н IT школа» проекто шен болх. Проекташ Iалашо ю пхеа шарахь Россин ткъа регионехь  хаамийн технологийн декъехь болх бен  пхи эзар лаккхара говзанча кхиор.

2013-чу шарахь Россин коммунальни зIенан министерствос кечйина а, Россин Федерацин Правительствон Сацамца чIагIйина а йолчу «2020–2025-чуй шерашкахь хаамийн технологеш кхиоран стратегин» хаамийн гурашкахь кхочушъеш ю хаамийн технологийн а, программированин а баххаш Iамош йолу Самсунг компанин «Нохчийн Республикехь хаамийн технологийн школа» социальни-дешаран проект.

Нохчийн Республикехь оцу проектан гурашкахь къахьоьгуш ю Москварчу «Энтайп» ООО-н Соьлжа-ГIалахь йолу филиал (директор – Демельханов Белал). Лакхарчу классийн дешархошна корматалла харжарна гIодаран а, иштта IT-инновацийн декъехь долу церан хаарш алсамдахаран а Iалашонца юкъаяьккхина проект ю иза.

Таханлерчу дийнахь Россин Федерацехь боккха тидам тIебохуьйту инженерно-технически декъехь къахьоьгуш болу говзанчаш кхиорна. «Нохчийн Республикехь SAMSUNG-н IT школа» схьаелларо гIодийр ду школехь дешна бевллачу дешархошна университетехь долчу дешарна кечамбан а, программированин декъехь долчу дешаран баххаш Iамон а.

«Нохчийн Республикехь SAMSUNG-н IT школа» социальни-дешаран проект таханлерчу дийнахь Нохчийн Республикехь кхочушъечу масех программина жоп луш ю. Уьш ю:

1. «2014–2020-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь дешар кхиор»;

2. «Нохчийн Республикехь инновацин экономика а, экономикин кхиар а»;

3. «Нохчийн Республикехь жима а, юккъера а предпринимательство кхиор»;

4. «2014-2018-чуй шерашкахь Нохчийн Республикехь культура а, туризм а кхиор» Нохчийн Республикин пачхьалкхан программаш.

Проектана оьшуш йолу харжаш къастор ю Россин Федерацин экономика кхиоран министерствос, Нохчийн Республикин Правительствон жимачу, юккъерчу  бизнесан а, предпринимательствон а комитето, Нохчийн пачхьалкхан университето, Хьалха-МартантIерчу №5 йолчу гимназис, «Энтайп» ООО-с.

Вайн республикин дешархошна а, студенташна а пайдехь хир йолуш Iалашонаш ю проекто юьхьарлаьцнарш. Масала: программисташ кхиор, вайн школашкахь а, лакхарчу дешаран заведенешкахь а долу дешар тодар, дешархойн а, студентийн а корматаллин тIегIа айъар, белхан меттигаш кхоллар, и.дI.кх.

Кхаа муьрехь дIабахьа лерина бу цу декъехь беш болу болх. Хьалхарчу муьрехь 2015-чу шеран сентябрь баттахь ялх школа схьайоьллур ю. Царах хьалхарниг схьаелла лерина ю Нохчийн пачхьалкхан университетан «Технопаркан» буха тIехь; Нохчийн Республикин Правительствон жимачу бизнесан а, предпринимательствон а комитетан буха тIехь – ши школа; Соьлжа-ГIалин №14 йолчу гимназехь – цхьа школа; №№57, 64 йолчу юккъерчу школашкахь – цхьацца.

Хаамийн технологийн декъехь болу говзанчаш кхиор бу 9–11-чуй классийн дешархошна  юкъахь. хаамийн технологийн баххашна духе кхиаран (подготовительные) курсаш лерина ю 6–8-чуй классийн дешархошна.

«Энтайпо» юьхьарлаьцна Iалашо ю 2016-чу шеран февраль баттахь дуьйна Соьлжа-ГIалахь а, вайн республикин районашкахь а хаамийн декъехь болу говзанчаш кхиоран 25 школа болх беш хилийтар.

Оцу школашкахь дешна бевлларш хаамийн технологийн лаккхарчу тIегIанехь болу говзанчаш хир бу. Технологийн декъехь къахьега луучу дешархойн боккха аьтто бу иштта школа схьаеллар. Проектан экономически пайда бу белхан меттигаш хилийтар, республикин бюджет тIеюзар.

Л.ИБРАГИМОВА

Авторан сурт

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: