Ерриге а юкъараллин гIуллакх

ТIедогIучу шарахь вайн берриге а махкахь   санна Нохчийн Республикехь  а дIадахьа дезаш ду  юьртан бахам  дIаязбар. Цуьнца доьзна тхан корреспондентан кхолладеллачу хаттаршна  жоьпаш делира Пачхьалкхан статистикин  федеральни службин Нохчийн Республикехь  йолчу территориальни органан куьйгалхочо  Дигаев Рамзана. ХIинца уьш шун тидаме  дохку оха.

IMG_2863

– Мел хан юкъайолуьйтуш а, муьлххачу  1алашонца  а  д1ахьош  ду махкахь  ерригроссин юьртан  бахам д1аязбар?

– Федеральни законца (108-Ф3) билгалдаьккхина Ерригроссин юьртан  бахам дIаязбар  итт шарахь лаххара а цкъа  дIадахьа дезаш хилар. Ерригроссин юьртан бахам  тIаьххьара  дIаязбар  дIадяьхьира 2006-чу шарахь.

2016-чу шарахь Ерригроссин юьртан бахам  дIаязбар  дIадахьаран Iалашона ю:

–юьртан  бахаман, цуьнан структурин  цуьнан тIаьхьалонийн, царах пайдаэцаран   хьокъехь  болу официальни статистикин хаамаш вовшахтохар;

–юьртанбахаман гIулалкхаллин субъектах лаьцна  буьззина  хаамаш гулбар;

–муниципальни вовшахкхетараллашкахула  (яртийн а, гIалийн а поселенеш) хаамаш вовшахтохар;

–дIаязбар дIадахьарна юкъарчу муьрехь хорж-хоржуш  талламаш бар дIадахьарма  юьртабахаман  производителийн цхьаьнатоьхначу  гIулалкхаллин мехалла  лакхаяккхар.

– Муьлхачу хенахь чекхъяккха езаш ю дIаязбаран компани, муха пайдаоьцур бу  цуьнан хаамех?

– «2016-чу шарахь  Ерригроссин  юьртан бахам  дIаязбар вовшахтохаран хьокъехь» болчу Россин Федерацин Правительствон 2013-чу шеран  10-чу апрелехьлерчу №316 йолчу сацамца  нийса а  догIуш, 2016-чу шарахь Ерригроссин юьртан бахам дIаязбар дIахьур ду 1-чу июлера 15-гIа август кхаччалц.

ДIаязбаран юьхьанцара жамIаш дийр ду 2017-чу шеран йоьалгIачу кварталехь, ткъа чаккхенан жамIаш а дийр ду, уьш официально зорба а тухур ду 2018-чу шеран йоьалгIачу  кварталехь.

– Мила гIур  ву  юьртан бахам  дIаязбарна  юкъа? Долара  гIоьналлин бохамаш  гIур  буй  цу  юкъа, нагахь  санна белахь, меттигерчу бахархоша тIе муха оьцу иза?

– Россин Федерацин законодательствоца нийса а догIуш, юьртан бахам дIаязбарна юкъа богIу  юьртабахаман сурсаташ кхиош болу хIорш: юьртабахаман организацеш, ахархойн (фермерийн) бахамаш, шаьш болу предпринимательш, бахархойн шайн гIоьналлин бахамаш, ткъа иштта дачанаш ерш, бошмашлелорхой, хастоьмашлелорхой.

ДIаязбар дIахьочу  хенахь  бина хаамаш гIарабовларна кхера  ца оьшу республикера  бахархой. ХIунда аьлча, Россин Федерацин законоадательствехь  билгалдаьккхина ду дIаязбаран кехата тIехь  дIаязйинчу объектан хьокъехь  хаамаш хилла безаш цахилар. Хаам къайлах бу, бовзийта, гIарабаккха  йиш йолуш а бац.Цунах пайдаоьцур бу  дуьххьалдIа федеральни хаамийн (ресурсаш) тIаьхьалонаш  вовшахтохаран Iалашонца. Оцу хаамашна тIехь  болх барна мил-милла а тIевуьтур  волуш вац.

– Гулбинчу  хаамаша цхьана а кепара  Iаткъам бийр буй  республикин юьртан  бахаман  дакъа кхидIа а кхиорна?

– Нохчийчоьнан ахархойн, церан белхан, латтанах пайдаэцаран, церан бараман, цара  кхиош долчу сурсатийн  хьокъехь болчу хаамаша таро лур ю юьртан бахаман  сурсаташ кхиочарах муьлхачунна пачхьалкхера гIо оьшур ду  хаа а, ткъа иштта хIинца йолуш йолчу пачхьалкхан программаш тIехь хийцамаш бан а.

–Вайна массарна а хаьа тIаьхьарчу шерашкахь  юьртан бахам кхиорна  мел  тидам тIебохуьйту. Кхолладелла долу экономикин хьал хьесапе а эцна, оцу декъана тIехь  латтош  леррина  терго ю. ДIаязбар дIахьочу хенахь  йолуш йолчу  тIаьхьалонийн  хьокъехь бевзинчу хаамаша  Iаткъам  бан тарлой  социально-экономикинкхиорна.

– Дозанал арахьара чудохьуш хиллачу сурсаташна дозанаш тохаро вайн кху чохь долчу сурсатийн мах лакхабаьккхина. Хьаштахоша  иза  башха  къобал а ца до. Делахь а, дозанал арахьара чудохьучу сурсаташна  дозанаш тохаро яккхий  таронаш схьайоьллу вайн махкахь юьртан бахаман сурсаташ кхиочарна. Сом дайдаларо а аьттонаш бо  вайн  махкахь  товараш арахоьцучеран. Карарчу  юьртабахаман шеран  финансийн жамIаш тоделла хилар а, пачхьалкхо  ахархойн  гIолацаран тIегIа лакхадаьлла хилар а хьесапе эцча. юьртан бахаман ерриге а таронаш ю кхиоран  керлачу  лакхенашка кхача.

– 2016 шарахь Ерригроссин юьртан бахам дIязбаран программа юкъа хIун догIу?

– ДIаязбаран программо дуккха а хIума юкъалоцу: лаьттан майданийн  юкъара барам; юьртабахаман латтанийн структура а, царах пайдаэцар а; дIазбинчу бахаман демографин агIонаш; юьртабахаман культураш а,  стоьллаш-хасстоьмаш  а дIабийна  майданаш; дохан а, зIакардохнан а барам; юьртабахаман производствон  дикалла; машенаш, гIирсаш и.дI.кх.

2006-чу шарахь дIадаьхьначу дIаязбарца  дуьстича  20I6-чу шарахь дIаязбар  дIадахьаран программи юккъе керла хаттарш далийна, масала, бахамлелоран тоьлла кепаш юкъаялоран  а, царах пайдаэцаран а хьокъехь; организацис кредитийн харжаш юкъаозоран а, царах пайдаэцаран Iалашонийн а  хьокъехь федеральни бюджетан а, Россин Федерацин субъектан бюджетан а харжийн чоьтах  субсидеш (дотаци) эцаран хьокъехь, и.дI.кх.

Дерзош аьлча, вайн халкъан Iер-дахар тодаран, мохк  кхидIа а кхиоран Iалашонца  дIахьош ду  юьртан бахам  дIаязбар. Вайн ерриге а юкъараллин декхар ду оцу  мехалчу гIуллакхана лаккхарчу жоьпаллица тIедахар а, иза кхиамца  чекхдаккхар а.

Интервью дIаяхьнарг – Д.ПАШАЕВ

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: