Регионашна юкъара уьйраш чIагIъеш…

ХIокху деношкахь  Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь хилира Россин книгашарахецархойн Ассоциацин «Книгаш арахецаран декъехь цхьаьна гIуллакхаш дар а, регионашна юкъара уьйраш кхиар а» аьлла  йолу  конференци. Иза вовшахтоьхнера оцу Ассоциацис, зорбанан шуьйрачу коммуникацешкахула йолчу Федеральни агенствон а, Россин книгийн союзан а, зорбанан шуьйрачу коммуникацешкахула ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьалкхан комитетан а, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а гIоьнца.

IMG_2326

Цигахь дакъалецира Ассоциацин президента Чеченев Константина, Нохчийн Республикин Парламентан вице-спикера Жамалдаев Шаида,  Ассоциацин вице-президента Филимонов Олега, юриста Галустян Еленас, хьехамчас Чеченева Полинас, кхечара.

Хьалхара дош олуш, шаьш Нохчийчу дахкаран Iалашо йовзуьйтуш вистхилира Чеченев Константин: «Соьлжа-ГIала дуьххьара даьхкина ду тхо.  Соьлжа-ГIала хаза кечйина дIахIоттийна а гина, цунах бIаьрг буьзна тхан, кхузара адамаш а ду шатайпа дикаллийца, хьеший безарца, дика тIеэцарца къаьсташ. Тхуна хаьа, книгаш йоьшуш шуна хазахетийла, цундела, шуна  кхечу къаьмнийн культура, Iадаташ довзуьйтуш йолу книгаш еана оха. Цунах шуна пайда бериг хиларх тешна  ду тхо».

Хьешашна баркалла элира Жамалдаев Шаида.

«Тхуна дика хета, шу кхуза даьхкина. Тхуна хIара конференци чIогIа мехала ю. ХIунда аьлча, Нохчийн Республикехь книгаш йоьшур, езарш кIезиг бац. Кхечу регионашка хьаьжча, газеташка, журналашка язбаларан гIуллакх а дуккха а дика ду кхузахь. Шун Ассоциацин балхах дерг аьлча, гуш ду аша хьоьгуш долу къа, къаьсттина дика хета, аш кест-кеста тайп-тайпана конкурсаш (масала «Шеран тоьлла книга») вовшахтухуш хилар».

Книга араяккхарх а, авторан бакъенаш талхочух а, иштта, кхечуна а шайна хаа луург хатта таро хилира  хьешашка. Ассоциацин белхахоша шайн-шайн корматаллин декъехь книгашца доьзна долу нахана хаа дезарг довзийтира. Масала, юриста Галустян Еленас книгийн авторийн бакъенех дийцира.

Россин книгашарахецархойн Ассоциацин белхахоша шаьш еанчу тайп-тайпанчу къаьмнийн книгийн презентаци йира. Цу тIехь берзийра конференцин болх.

З.ЛОРСАНОВА

Хь.АВХАДОВАН сурт 

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: