Генетически паспорташ дIаделира

28-чу июлехь Зорбанан цIийнан актови залехь тIепаза байначеран гергарчарна генетически паспорташ делира.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалецира «ТIепаза байнарш лахар» Нохчийн региональни юкъараллин организацин председатела Кагирова Тамарас, Нохчийн Республикин юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин  Советан аппаратан отделан хьаькама Алиев Данилбека, иштта кхечу официальни наха.

Кагирова Тамарас билгалдаьккхира тIепаза байначеран гергарчеран ДНК анализаш гулъярехь тIаьхьарчу масех шарахь беш белхаш хилар.

«Вайн республикехь хиллачу тIемаша хIора керта, бохург санна, бала боссийнера. ХIинца а цу балех бовлаза  нах бу вайн. Уьш тIепаза байначеран гергарнаш бу.  Уьш лохуш беш Iаламат боккха болх бу. Хууш ма-хиллара, тIепаза байначеран гергарачеран ДНК анализаш гулъеш ду тхо хIокху тIаьхьарчу масех шарахь. И гIуллакх бахьана долуш масех стаг карийна. Уьш бусалба динехь бохка ма-беззара дIа а боьхкина. Ала догIу оцу халачу балхахь тхуна гIо-накъосталла хуьлу Инарла Лебедь Александран цIарах йолчу маслаIатдаран миссера а, Нохчийн Республикин юкъараллин а, экономикин а кхерамазаллин Советера а, Россин Федерацин Нохчийн Республикехула йолчу талламан комитетан талламан урхаллера а, иштта Нохчийн Республикин могашаллаIалашъяран министерствон суьдан медицинин экспертиза яран бюрора а», – элира Кагирова Тамарас.

Алиев Данилбека тидам тIебахийтира Шемахь а, Украинехь а долу тIемаш бахьана долуш вайн республикера адамаш хIинца а тIепаза довш хилар. «Тахана дай-наноша шайн кIант я йо1 хатта а ца хоттуш арабевллачу хенахь органашка хаам ца бо. Бакъдерг дийцича царех а кхета тхо. Царна шайн доьзалхо цIа вогIар ву олий хета. Цундела сан берриге а дай-наношка дехар дара шайн берашна тIехь даима а, терго латтор. Хьовсуш хилийша шайн доьзалхо стенгахь ву, хьаьнца ву. Хууш ма ду жиманиг атта Iехалой. а хаьа а хууш цхьа «дика нах» ма бу вайн берашна хаза а дуьйцуш, Iехош, уьш хийрачу тIаме буьгуш. Дала шаьш лардарехь а, шайн доьзал ларбарехь а аьтто бойла шун!», – элира Алиев Данилбека.

ТIепаза байначеран гергарчу нахана цхьаьнакхетар дерзош ткъе итт сов генетически паспорт дIаделира.

А.АБДУЛАЕВ

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: