Шу Маккарчу Сийлахьчу КаIбате а, Нуьречу Мединатерчу Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Ровзате а хьаьждан нийят дина, новкъадовла кечамбеш ду.
Новкъахь шуна хьовзам цахилийтаран а, Россин Федераце экстремистийн материалаш яр цахилийтаран а Iалашонашкахь Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу Дозанхойн урхалло шуьга доьху динан хьокъехь жайнаш оьцучу хенахь а, уьш шайна совгIатна лучу хенахь а сема хилар. Динах лаьцна цхьа жайна эцале хьалха, я шайна совгIатна луш долу жайна схьаэцале хьалха шайн тобанерчу Iеламстагах я республикинбусалбанийн динан урхаллин векалх дагадовла. Уьш хIора а тобанехь хуьлуш бу.
Сема а, тидаме а хиларца аш шаьш-шайн лардийр ду законаш, бакъонаш талхорах а, Россин Федераци юхадогIуш шайгахь экстремистийн амалехь жайнаш а, литература а хIунда ю дийца дезарг хиларх а.
«Экстремистски гIуллакхаллина дуьхьал къийсам дIабахьаран хьокъехь» долчу 2002-чу шеран 25-чу июлехьлерчу №114-Ф3 йолчу федеральни законан хьалхарчу статьяца нийса а догIуш, экстремистийн материалаш лору экстремизм лелоре кхойкхуш, я и санна долу гIуллакхаш къобалдеш, я цхьа къам тоьлашха ларар къобалдеш, я муьлхха а цхьа къоман, социальни, рассан я динан тоба юьззина, я цуьнан цхьа дакъа хIаллакдарна тIехьажийна тIемаш бар я зуламаш дар бехказадохуш халкъа юккъехь дIасадаржо лерина документаш, я кхечу хIуманашна тIехь болу хаамаш.
Россин ФСБ-н Нохчийн Республикехь йолчу Дозанан урхаллин пресс-служба
№86, шинара, 4 август, 2015 шо