Россин турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу Региональни юкъараллин фондад президент Кадырова Аймани йинчу денна лерина вилспеташ хахкар дIадаьхьира 2-чу августехь. БархI эзар стаг вара велспеташ хахка вовшахкхеттарг, Аргунера «Ненан дог» маьждиг долчуьра Гуьмсерчу «Исламан серло» маьждигна тIе кхаччалц, 22 километр некъ бара цара бан безарг.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Парламентан Председатель Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, кхиберш. Велспеташ хохкучарна хьалхабевлла дIаьбаьхкира уьш.
Финише дIакхаьчначул тIаьхьа Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, хIокху кепара гIуллакхаш Нохчийчохь дIахьур ду бохучух масех шо хьалха теша хала хилла хилар а.
–Нохчийчохь тIаххьара тIом болчу хенахь 11 блокпост яра вай хIинцца схьадаьхкинчу некъаца. ХIетахь цхьанне дага а ца деанера вайн республикехь кху кепара кхийсадаларш дIадахьа аьтту хир бу бохург. Ткъа вайна тахана гуш ду хIетахь сатуьйсийла а хилла доцу гIуллакхаш кхочушдеш хилар. Тахана кхузахь вовшахкхеттачара гойту Айманин беркатечу гIуллакхаша нехан дегнашкахь йовхо кхуллуш хилар. Суна лаьа шу дерриге а шайн наношца кIеда-мерза, массо а хIуманна тIехь церан дог оьцуш хуьлийла,– бохура цо.
Билгалдаккха догIу, вилспеташ хахкарехь дакхалоцурш, хенашка хьаьжжина, шина декъе бекъна хилла хилар: 14 шо кхаччалц берш, цул тIехбевлларш.
Дейтта шарал лакхара хенаш йолчарна юкъахь хьалхара меттиг яьккхира Соьлжа-ГIаларчу вахархочо Дадаев Рамзана, ткъа кегийчарна юкъахь– Чечанарчу Усманов ШаIбана. Царна совгIатна «Лада-Приора» машенаш елира. ШолгIачунна тIера итталгIачунна тIе кхаччалц йолу меттигаш яьхначарна 200-20 эзар соьмаш ахчанаш делира. Цул сов, «За волю к победе» аьлла йолчу кхин цхьана номинацехь а хилира къийсадаларш, цигахь хьалхара меттиг яьккхира Нальчик гIаларчу зудчой, майрачой– ГайваронскгIара Александра а, Ольгас а. Царна а «Лада-Приора» машен елира.
Цул сов, вилспеташ хахкарехь дакъалаьцначу депутаташна, министерствийн, ведомствийн, районийн куьйгалхошна юкъахь а билгалбехира хьалхара меттигаш яьхнарш. Хьалха финише кхечира Нохчийн Республикин вице-премьера, Нохчийн Республикин автомобилийн некъийн министр Тумхаджиев Абубакар а, Нохчийн Республикин Парламентан Председателан заместитель Закриев Салман а.
Билгалдаккха догIу, Кадырова Айманис вилспеташ хахкарехь дакъалоцуш хиллачу 4 эзар стагана совгIатна вилспеташ а, 9 эзарна футболкаш а елла хилар.
Р.МУСИПОВ
Авторан сурт
№86, шинара, 4 август, 2015 шо