Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира федеральни министраца

ДIадаханчу кIирнах Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан Россин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министраца Донской Сергейца цхьаьнакхийтира. Цу хьокъехь Р.Кадыровс хаам бира шен инстаграмехь.

«Москва моссазза воьду, федеральни министрашца а, ведомствийн куьйгалхошца а тайп-тайпана цхьаьнакхетарш хуьлу сан. Цигахь Нохчийчоьнан уггаре а коьрта проблемаш йийцаре йо. Иштта, кху деношкахь Россин Федерацин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министерстве кхечира со, цигахь министраца Донской Сергейца вуно чулацаме а, пайде а цхьаьнакхетар хилира», – яздо Кадыров Рамзана.

Иштта цу цхьаьнакхетарехь дакъалецира Нохчийн Республикин Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара. Республикин Iаламан тIаьхьалонаш ларъярца а, царех пайдаэцарца а доьзна дуккха а гIуллакхаш дийцаре дира Нохчийчоьнан куьйгалло С.Донскойца хиллачу къамелехь. Уггаре хьалха дийцира мехкадаьтта лелийначу саьнгарах (нефтяные амбары) латтанаш цIандарх а, хьаннаш ларъярх а, царех промышленностан декъехь пайдаэцарх а лаьцна. Цу гIуллакхашкахь Россин министра вайн республикина накъосталла дийриг хиларх ша тешна хилар чIагIдо Р.Кадыровс инстаграмехь ша язбинчу хаамехь.

Цхьаьнакхетар дерзош, Россин Федерацин Iаламан тIаьхьалонийн а, экологин а министран Омрица «Таллархойн бахаман сийлаллин белхахо» билгалонца совгIат дира Нохчийн Республикин Куьйгалхочунна. Дуьненчуьра дIайовла кхерам болу акхарой Iалашъярехь Кадыров Рамзана беш болчу белхан мах хадор ду иза. Тахана Нохчийчоьнан Iаламан заповедникашкахь эзарнашкахь сайнаш ду, ткъа вайн лаьмнашкахь денна черчий, ламанан гезарий, кхийолу акхарой а го. Уьш цхьа а республикин Куьйгалхочун тидам боцуш ца юьсу.

А.ВАХАЕВА

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: