Нохчийн къоман гIиллакхаш

уьш хьоьху  школа   схьайоьллуш ву  Берсанов Хожа-Ахьмад

Вайн республикехь хІоьттинчу хьоло а,  чубеанчу  тIамо  хIаллакдечуьра вайн къам кIелхьарадаккха араваьллачу Кадыров Ахьмад-Хьаьжас (Дала декъалвойла иза) уггаре а халчу, кхерамечу хьелашкахь референдум а йина, тIеэцначу Нохчийн Республикин Конституцис вайн боккха аьтто  бира. ПаргIато  елира вешан  къоман гIиллакхаш  лело, вешан оьздангалла ларъян, нохчийн мотт бийца,  Iамо.

Советан Iедал долчу хенахь  коммунистийн идеологис  НКВД-н, КГБ-н къизачу органаша Нохчийчуьра маьждигаш, хьуьжарш дIакъевлира, дешна Iеламнах,  мутаIеламаш, уггаре  а тоьллачех  къонахий, интеллигенташ, гIуллакхашкара нах, контрреволюционераш,  халкъан мостагIий бу  бохуш,  харц цIераш а тохкуш, набахтеш  чохь тоьпаш етташ,  бойуш, Сибрех оьхуьйтуш, хIаллакбира. Цул тIаьхьа дийнна къам махках даьккхира. Оцу берриге а  бохамаша,  яккхийчу  халонаша дицдинера вайн  къоман  цхьадолу  гIиллакхаш, гIелдинера  вайн ийман. Юха,  вешан махка   цIадирзинчул  тIаьхьа,  оццу  коммунистийн  Iедало къоман мотт а, гІиллакхаш а лардеш, культура а кхиош, паргІат даха  ца  дуьтура вай.  Вайга дин  ца леладойтуш, вайн гIиллакхаш а,  оьздангалла а йохо гIерташ,  яккхий новкъарлонаш  йора. Нохчалла долуш  болчарех «националисташ» олура.

И хьелаш  ма-дарра девзаш  волчу  Ахьмад-Хьаьжас,  Iедале вайна новкъарлонаш  ца  яйта  законан  бухе  диллира  бусалба дин  лело, иза Iамо, вешан  гIиллакхаш лело  вайн бакъо хилар.

Шен ден Ахьмад-Хьаьжин   весет кхочушдеш,   а  даккхий гIуллакхаш  дина цуьнан   кIанта,  Кадыров Рамзана. Царех ду шен Указца нохчийн  меттан сий  айдан  Iалашо  йолуш, Нохчийн меттан де  билгалдаккхар, З

 

ударийн де билгалдаккхар. Боккхачу тидамца, ларамца  хIора шарахь  билгалбоху  ийманехь кхиийна, беркате доьзалш, церан  дай-наной.  ДIахьош ю «Синмехаллаш», «Къонахчун  васт», «Нохчийн  оьзда  йоI» проекташ.

«Синмехаллаш»  проект Нохчийчохь  къобалйина   ца  Iаш,  дозанал  арахьарчу мехкашкахь  бехачу вайн махкахоша къобалйина а,  шех масал оьцуш а ю.

Вайн къоман  исбаьхьалла, культура кхиорехь, къоман гIиллакхаш довзийтарехь  дакъалаца  декхарийлахь ду  вай  дерриге а. ХIора юьртахь,  кIотарахь  культурин  кхерчашкахь  цхьаьнакхетарш дIахьош, гIиллакхийн суьйренаш еш,  ловзарш  деш, синкъерамаш  беш,  меттигерчу   артистийн, хелхарийн, эшарийн корматаллаш  йолчара концерташ хIиттош, ийманехь, беркате  доьзалш декъалбеш, уьш  бовзуьйтуш,  эвлаяаш, Iеламнах, дика къонахий бовзуьйтуш къахьега деза. Вай   гучуяха еза   хIинца   тIекхуьуш  болчийн  корматаллаш.  Нохчийн культура кхиорехь  вайн къоман  гIиллакхаш   девзаш болу нах, дешан говзанчаш, яздархой, Iилманчаш, историкаш, гIарабевлла илланчаш, пондарчаш юкъаозош   хила  деза и  массо а гIуллакх.

Изза декхарш  ду  тахана   вайн  республикин   Куьйгалхочо  Кадыров   Рамзана вайна массарна а  тІедехкина, уьш кхочушдеш жигараллица дакъалацар массарна а тIехь ду. Цуьнан  ойла а йина, оцу гІуллакхашкахь  дакъалаца лууш берш алсамбовлуш хилар а, церан  жигаралла гІоттуш  хилар  а суна билгалдаьлла телефонехухула а, со волчу  богIучара    а,  вайн  къоман гIиллакхаш довза лууш болчара деш долу хаттарш совдийларехь а. Цара соьга  хоьтту   нохчийн  ширачу  дешнийн  маьIна, чохь, кертахь  болчу  гIирсийн  цIерш, акхаройн, олхазарийн, дийнатийн,   ораматийн цIерш. Телефонехула нохчийн гIиллакхех лаьцна   хоьттуш долчунна  дуьхьал  жоп  дала къаьсттина  хала  ду. Цхьаболчарна со кхета волчу  агIор  хатта ца хаьа. Иза кхето  гIерташ, телефонехула дIадийца а атта  дац. Хоьттуш долчунна  жоп  дала  дезаш волчу  суна  хаа  деза иза мичара, мила  ву, цуо  иза  стенна  хоьттуш  ду, иза  хIун  дан воллу. Цуо цхьа программа  хIоттийнехь,  иза  цхьана  юьртан  дакъа  долуш ю, я  районан дакъа  долуш ю, я республикехь хIоттош ю, цунах  жоп дала дезаш  верг мила  ву. ХIунда  аьлча  сан бакъо  яц   сайга и хоьттуш верг  галваккха. Цхьадолу  хаттарш дийцариг Къуръан деша а, Цуьнан  маьIна  дан а хууш, Пайхамаран (I.с.в.с.) хьадисаш девзаш, шарIо магош дерг, магош доцург  хууш волчун  бен жоп дала  бакъо  йоцуш, цунна  тIехьажо везаш хуьлу.

Цундела «Синмехаллаш», «Къонахчун васт», «Нохчийн оьзда  йоI»  проекташ,  кхийолу программаш, конкурсаш  дIахьош болчарна а цигахь  дакъалоцуш   болчарна  цахуург  Iамо, хууш  долчух  шеконаш  дIаяха, нохчийн къоман гIиллакхех лаьцна  деш долчу   хаттаршна, гIалат  ца  волуш, и хоьттуш  верг  кхета  волчу агIор жоп  дала лаам  болуш, ас сайн цIахь,  схьайиллина Нохчийн  къоман  гIиллакхаш Iаморан школа.

Занятеш хир ю кIиранах цкъа:  хIора  кIирандийнахь  Iуьйранна  10 сахьт даьлчхьана   дуьйна суьйранна  18  сахьт  даллалц. Делкъана садаIар  хир ду  12   сахьт  даьлчхьана дуьйна 14  сахьт  даллалц.  Суьйранна  18  сахьт  даллалц урокашкахь  Iен везаш  дац. Оцу  юкъана  мичча  хенахь  а цхьаъ  ша а,  йоккха   тоба   йина а чуван  мегаш ду. Шена хаа  оьшуш  дерг хиъначул тIаьхьа шен   лаамехь дIаваха  мегаш ду.  И урокаш лург суна   мах  бала  ца беза я  суна   диллина   алапа а дац.  Ас и гIуллакх  Делан  дуьхьа   деш ду. Ас луш  долчу  жоьпашна  а, вайн  къоман гIиллакхаш  хьехарна а таллам  бан ас  пурба ло  цуьнан  бала   кхочуш  волчу  муьлххачу   стагана,  иза   пачхьалкхан  я бусалба  динан  урхаллера   велахь а. Иза  суна пайдехь хир ду  со гIалат   ца   валийта, сайгара  гIалат  далахь,  и гIалат   нисдан. Ас  нохчийн  къоман  гIиллакхаш Iамор ду  айса х1оттийначу    программехь билгалдаьхначу   кепара.

Сан адрес а, телефонан  а номер:   ШаIми-Юрт, Кадыровн урам, 6.

Тел: 8-928-749-98-97

Х.-А.БЕРСАНОВ

 

 

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: