Цхьа-ши дош…

ООН-о бечу хаамашца дIабаханчу июль баттахь Иракехь 1300 сов стаг велла Ибилсан пачхьалкхан гIеранийн карах а, теракташ яр бахьанехь а.

***

ХIинццалц синтеме хеталуш йолчу Финляндехь демонстраци дIаяьхьира неонацисташа. Полицица тасадаларш хилира церан. Царах 30 сов стаг полицин отделе дIавигира.

***

Хонкаран малхбалехь полицин цхьана куьпахь теракт йина. Оцу бохамехь 3 стаг кхелхина, 28 стагана чевнаш хилла. Зулам дарна бехке лоруш бу Курдистанан белхалойн партин декъашхой.

***

Иблисан пачхьалкхан гIеранашкахь Шемахь а, Иракехь а т1ом беш  хилла волу Таджикистанера бIе сов жима стаг вийна.

***

Дуьненаюкъарчу валютин фондо къобалдина Украинна кхин а 1,7 миллиард доллар кредит далар. Кхул хьалха делларг а санна, тIеман хьашташна хьажор ду цуьнан коьрта дакъа.

***

Лугански областан гIаланашна юха а даккхий герзаш диттина Украинин эскарша. И бахьанехь маьрша цхьа стаг велла, шинна чевнаш хилла.

***

Молдовехь хьалхарчу августехь дуьйна газан мах 15 а, электроэнергин мах 36 а процентана алсамбаьлла.

***

«Мистраль» хIордакеманаш Россина дохкаран хьокъехь болу барт бохорна Россина 1,2 миллиард евро дала дезар ду Францин куьйгаллин.

 

 

ХIокху шеран ворхI баттахь Россис дозанал арахь а мехкадаьтта дохкаран барам 8,7 процентана алсамбаьлла.

***

Россин Президента В.Путина а, оборонан министра С.Шойгус а махкара десантникаш декъалбира хIаваан-десантийн эскарш кхоьллина 85 шо кхачарца.

***

Россехь дIахьош долчу эскархойн ловзаршкахь дакъалоцуш бу 17 пачхьалкхера эскархой.

***

Рязански областерчу Дубровичи гIалахь Мн-28 Н вертолет доьхна. Цу тIехь хиллачу пилотех цхьаъ кхелхина, шолгIаниг чIогIа лазийна. Иза тIеман госпиталехь ву.

***

ГIалгIайчохь хIаллакйина иблисан пачхьалкхан гIеранашна юкъахь хилла бархI стагах лаьтташ йолу зуламхойн тоба.

 

№86, шинара, 4 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: