СаьIидагIеран доьзалехь мукъамашца даима а гергарло хилла. Цуьнан деда дечиг-пондар локхуш а, иллешца гергарло долуш а хилла. Цуьнан ваша звукорежиссер-аранжировщик ву.
Ильясханов СаьIид школехь дика доьшуш вара, амма массо а предметал хазахеташ цо къастийнарг музыкин урок яра. КIирнах цкъа бен ца хуьлучу уроке сатуьйсура кIанта. Дагестанерчу Ауховски районан Калинин-Эвлахь (цигахь бехаш бара уьш) №1 йолчу школехь дешна цо. Жимачохь дуьйна шен дахар музыкица доза лууш вара иза. Вайн эстрадин артисташа илли олуш шена хезча, арахь ловзуш велахь а, сихха чу а вог1ий, ладогIа хуура. Амма нана башха реза а яцара шен кIанта хаьржинчу некъана. Ша санна, СаьIид а экономист хила лууш яра иза. Иштта, ненан лаамца, 9 класс чекхъяьккхинчул тIаьхьа, 2008-чу шарахь иза деша воьду Хасавюьртарчу экономикин колледже «экономика а, бухгталетрски учет а» отделене.
Колледжехь дешна ваьллачул тIаьхьа, Соьлжа-ГIалахь вехаш волчу шен ваша волчу схьавеара иза. Кхузахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн институтан искусствон факультете деша вахана. Х1инца дешарца дика ларош схьавогIуш ву. Шайна хьоьхучу предметашна юкъахь цунна «Хоран илли», «Вокал» хазахета. Иштта, цунна дикахета, илли ала Iамийна а ца Iаш, музыкин гIирсаш (гитара, фортепиано, аккордеон) лакха шайна Iамош хилар.
Институтехь культурин декъехь хуьлучу цхьаьнакхетаршкахь жигара дакъалоцу цо. Илли аларехь хIораннан билгалъяьккхина шен-шен тематика хуьлу. Иштта, СаьIидан а ю. Нохчийн халкъан иллеш дукхадеза цунна. Цо дийцарехь, цаьрга ладугIуш синтем хуьлу. Институтан «Internation» КВН-н тобанна юкъахь а ву иза.
Нохчийн эстрадин артистех Межиева Маккин, Джамалдинов Исламан кхолларалла хазахета цунна. Дешна ваьллачул тIаьхьа кхочушъян дагалаьцна масех проект ю. ХIинцале а, йоккха яцахь а, шен студи ю цуьнан. Дешна ваьлча, кхузаманца йогIуш йолу музыкин тоьллачех студи схьаелла ойла ю цуьнан.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан сурт
№87, еара, 6 август, 2015 шо