Белхех

Вайн дайша, наноша лелийначу хазачу гIиллакхех цхьаъ ду белхеш бар. Шеран хене хьаьжина тайп-тайпана хуьлуш хилла уьш. БIаьста хьаьжкIаш дIаюьйш, юха аьхка царна асар деш белхеш беш хилла. КIа-маьрсан, мангалан белхеш беш хилла божарша. Гурахь ялта, хасстоьмаш чудерзийначул тIаьхьа, хьаьжкIаш тилош, хох, саьрамсекх цIанбеш белхеш, бIарийн тIамарш йохуш, тIаргIа къажбеш  белхеш беш хилла, цигахь даима а  эшарш  локхуш,  хелхаран бал  боккхуш хилла.

  Вовшашна гIо дар  мехала хилла вайнехан. И тайпа белхеш хIинца ца бахь а, вайна юкъара дIадалаза дисина ламаст поппаран белхи бар ду. Цигахь  со а хилира. Кхана белхи бу аьлча,  церан йоI, нус еара тхоьга, Iуьйрана шайн йоI белхе яийтахьара аш, аьлла. Iуьйрре схьагулделла,  дIаболийра оха болх. Поппар хьакха атта дацахь а, самукъадаьлла, баккхийчара дика хьехарна атта хеталора болх бан. Масийтта могIа бина поппар дIакхийдош кIентий, дIахьокхуш зудабераш дара. Кегийнах тIахъаьлла хиларна а, зудабераш дика хьийзарна а болх сиха дIабоьдура. Делкъа ламазан хан хилча юкъарадевлира тхо, ламазаш дина, уьйтIахь хIоттийначу еххачу стоьла хьалха, цкъа дуьххьара божарий охьахевшира, цул тIаьхьа зудабераш кхийтира сагIанах. Цул тIаьхьа дIахIиттина, кхин а  сиха бира болх. Дуьххьара еккъа дечигаш бен йоцуш, яьсса лаьттина чоьнаш, пенаш долуш хIусамаш хилла дIахIиттира. Болх чекхбаьлча, цIийнда а, цIийннана а керлачу хIусамашца декъалдира массара. Балхо цуьрриг а кIадбина ца хеталора нах, юьхь тIера белар дIа ца долура церан. ХIусамненаца цхьаьна арабевлла, хIора йоI шен  цIа  дIакхетош, цIехьабирзира кегийрхой.

Вайн дайша лелийна гIиллакхаш карладохуш даьхча,  тIекхуьучу чкъурана уьш довзийтича, царна луур ду уьш дIакхехьа. Со-м ю со кхин а белхе кхайкхаре сатесна, баккъал а хьалха заманахь ма-хиллара бира аьлла хета суна тхаьш и белхи. Цхьа а телефон лелош вацара, совнаха хIумнашна юкъаравуьйлуш вацара, хIора а, ша-ша дика бан а гIерташ, болх беш вара.

Ма хаза ду вайн нохчийн гIиллакхаш, ма товш ю вай лелайо юкъаметтигаш!

Нохчий, нохчий хилийтийша вай, леладайтийша вайга дайн гIиллакхаш!  Цунна новкъарло еш хIумма а ма дац хIинца.

 

 

АВХАДОВА Хьава

 №87, еара, 6 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: