«Зенит» – «Терек» – 3:0

terek

Премьер-лигин командашна юкъахь Россехь хьалхеяккхаран чемпионатан 3-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» хьошалгIахь цхьаьнакхийтира Санкт-Петербургерчу «Зенит» командица.

Майданан дай: Ю.Лодыгин, И.Смольников, Л.Нету, Д.Кришито, Э.Гарай, Х.Гарсия, А.Витсель (М.Данни,74), А.Юсупов (В.Файзулин, 61), О.Шатов, А.Дзюба (П.Долгов,81), Халк.

СоьлжагIалахой: Я.Годзюр, А.Семенов, Родолфо (В.Адилсон,46),  Д.Кузяев, Ж.Маурисио, Ф.Пириз (Р.Кану,77), И.Лебеденко, М.Рыбус, И.Айссати, О.Иванов, А.Мбенгуе (З.Садаев,77).

Коьрта суьдхо: Иванов Сергей (Дона-тIера-Ростов)

ХIара чемпионат йолаелчхьана защитникашца бала хьоьгуш ю вайн республикин коьрта команда. Цхьаберш лазийна бу, кхечеран цIен карточкаш ду.. Хьалхарчу кхаа матчехь ши защитник бен воцуш левзина Соьлжа-ГIалара «Терек». Ткъа царна гIо деш Рыбус Мацей а, Айссати Исмаил а вара. Оцу шина футболистана защитехь ловзаран зеделларг дан а дацара. Цундела царна хала дара шайн йоцчу меттехь ловза. Иза иштта хилар премьер-лигин хьалхарчу турашкахь вайн ган а гина.

Санкт-Петербургерчу «Петровски» стадионехь меттигерчу «Зенитца» хиллачу цхьаьнакхетарехь соьлжагIалахой хьалхарчу миноташкахь боьхна ловзура. Цунах майданан дайша дикка пайда а ийцира. Лакхахь вай хьаха ма-дарра Рыбус Мацейс гIалат валарца доккха совгIат дира «Зенит» командина. Дукха атта гол тохарца билгалвелира Россин вовшахтоьхначу командин декъашхо волу Смольников Игорь. Цул тIаьхьа дукха хан ялале счет йоккха йира майданан дайша. Вайн защитникан Родолфон ледара ловзарх пайдаийцира Шатов Олега. Иштта шайна ши гол тохийтира Соьлжа-ГIаларчу «Терекан» футболисташа. ШолгIа тайм йолаяларца мелла а ловза йолаелира вайн команда. Мбенгуе Аблайн таро яра серлонан таблон тIе шен цIе язъяйта. Амма вратаран тIах-аьлла ловзаро иза шен Iалашоне ца кхачавалийтира. Годзюр Ярослава шозза чу яхна яьлла аьлла хеташ йолу буьрка схьалецира, защитникаш гIалат бевллачул тIаьхьа. Матч чекхъяла масех секонд йисинчу хенахь Данни Мигела кхоалгIа гол туьйхира соьлжагIалахошна.

Жам1 3:0 долуш толам баьккхира меттегерчу футболисташа

8-чу августехь 4-чу туран матчехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь «Ахмат аренехь» цхьаьнакхетар ю Саранскерчу «Мордовия» командица.

Довзуьйту 3-чу туран кхидолу жамIаш: «Ростов» (Дона-тIера-Ростов)  «Краснодар» (Краснодар) – 0:0, «Мордовия» (Саранск) – «Урал» (Екатеринбург) – 1:1, ЦСКА (Москва) – «Анжи» (Махачкала) – 1:0; «Локомотив» (Москва) – «Динамо» (Москва) – 1:1; «Амкар» (Пермь) – «Крылья Советов» (Самара) – 1:0.

 

А.АБДУЛАЕВ

№87, еара, 6 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: