Уггаре а шира килс Кхарачойн-Чергазийн махкахь ю. Иза йина I0-чу бIешарахь.
***
Уггаре а шира гIала Дербент ю. Историкаша дийцарехь, дуьненчохь уггаре а шира гIала ларалуш ю иза. Цуьнан 5 эзар шо сов хилар чIагIдо талламхоша.
***
Россехь уггаре а дукха къаьмнаш дехаш йолу республика Дагестан ю, уггаре а жима гIала — гIалгIийн Магас ю.
***
Эфиопин къилберачу Каффехь вехаш хиллачу Iаьрбичо Халида кхехкийна дуьххьара кофе.
***
УьстагIий дажош цо тидам бина, кегийчу дитташна тIера цара дууш хиллачу буьртигийн. Уьш диинчул тIаьхьа, церан тIах-аьлла хьийзарх цецваьлла Халид. Уьш хIун ю хьожуш, дуьххьара кхехкийна цо буьртигаш. Дуьххьара Эфиопера Йемене даьхьна бохуш яздо уьш. ХV-чу бIешарахь уьш кхаьчна Макка а, Туркойн махка а. 1645-чу шарахь кофе Венеци кхочу. 1650-чу шарахь туркочо Роси Паскуас иза кхачайо Ингалсан махка. Цигахь цо схьайоьллу дуьххьарлера кофейни.
***
Дуьххьара парашют йинарг бусулба поэт, астроном, инженер Аббас ибн Фирнас ву. ГIарабевллачу авиаконструкторийн, вежарийн Уилбер, Оливер РайтагIеран цIерш гучуйовлале эзар шо хьалха дагадеана цунна тIема йолуш йолу аппарат кхолла. 852-чу шарахь маьждиган тхов тIера чукхоссало иза. ТIейоьхначу шуьйрачу плащан тIелатадой дечиган аннаш хуьлу цуьнан. Олхазар санна, ша тIема валалур ву моьттинчу Фирнасана, хетарг ца хилира. Парашютаца кхоссавелча санна, меллаша веара иза лакхара чу. Дукха лаза ца веш, кхераваларца дирзира и гIуллакх.
Шен 70 шо кхаьчча, Фирнас лома тIера чукхоссавелира. ХIаваэхь 10 минотехь бен ца лаьттира цуьнан аппарат. Иза чу а воьжна, хиллачу чевнех кхелхира. ТIехьара цхьа дакъа тIедоьллина ца хиллера цо шен аппаратана.
***
Алхими химе ерзийнарг ву Iилманча Ябир ибн Хайян. IХ-чу бIешарахь цо химин декъехь дуккха а керланиг гучудаьккхина. Схьадиллина серни а, азотни а кислота. Йовзийтина чекхдаккхаран (перегонный) аппарат. Цунах тахана а пайдаоьцу къаьркъа а, IатIар а деш.
Гулдинарг – Б.ДУДАЕВА
№87, еара, 6 август, 2015 шо