Ишттачу цIарца схьабиллина кху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон туьшехь керла гайтам. Кхузахь дIахьош болу хIора а гайтам, ша санна долу хIума вайн цIахь кхин хилла доцуш, шатайпа хуьлу. ХIоразза а дагчохь башха синхьаамаш кхоллалой, хIинццалц довзаза долу керла дуьне девзий, юхавоьрзу хьо Кхузаманан искусствон туьшехь вовшахтоьхначу гайтамера…
Бакъдерг аьлча, тIаьхьарчу гайтамо санна чIогIа синхьаам бина бацара кхул хьалха кхузахь гина долчу художникийн белхаша. Карарчу хенахь туьшехь схьабиллина нохчийн къоначу художникан Гайсумов Асланан гайтам. Цуьнан белхашка хьаьжча, «художник» бохучу дешан маьIна дуьне ма-дду шуьйра долуш санна хетало. Шатайпа кхолларалла а, дуьнене башха хьежам а болуш ву Аслан. 2012-чу шарахь тхешан газетехь оха дийцира А.Гайсумовн Москвахь хиллачу дуьххьарлерчу гайтамах лаьцна. ХIетахь цо книгашца тIамах лаьцна дуьйцура хьовсархошна. Йохийна, этIийна, юкъара агIонаш схьаяьхна, чу хьостамаш диттина, ягийна йолчу книгаша къоначу художникана бераллехь «бевзина болу» тIом гойтура. Цул тIаьхьа дуьненан тайп-тайпанчу меттигашкахь вевзаш а, везаш а художник хилира Асланах.
1991-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь вина а, кхуззахь кхиъна а ву Гайсумов Аслан. 2010-чу шарахь Москвахь дизайнан колледж а, 2012-чу шарахь Кхузаманан искусствон проблемийн институт а чекхъяьккхина цо. Оццу шарахь Москвахь дIабаьхьначу «Хетарехь, кхузахь цхьа хIума ца тоьа» аьллачу гайтамехь дакъалецира художника. Цул тIаьхьа кхин масех гайтамехь а… Соьлжа-ГIалахь дуьххьара гайтаме даьхна цуьнан белхаш. Кхузахь цо гойту ша винчу гIалин истори, лазам, бала. Кхузаман искусствон туьшан ларми чохь дIахьош бу гайтам. Йоьттина кибарчигаш ма-ярра гуш а йолуш ду лармин пенаш. Хетарехь, кхечанхьа хIара белхаш иштта товр а дацара. Чу ма-веллина, аьтту агIор ерриге а чоь дIалоцуш йоккха экран ю иштта йоккха экран ю шолгIачу чохь а. Оцу экранаш чухула го Асланан «видеобелхаш». Цхьана чохь Соьлжа-ГIалин коьрта урамаш, хаза гIишлош, маьждигаш, сийлаллин меттигаш, ирсе адамаш го, нохчийн шира мукъам а хеза. Гуш ерг хьалхалера гIала йолуш санна хета. ХIунда аьлча, массо хIума йоьхначу хIусаман корехула «гойтуш» ду. Бакъду, доьхна кор цкъацкъа бен гучу ца долу – хилларг ца дицдайта гIерташ санна, дIаяхана хала зама ойланехь карлайоккхуш, бIаьргашна хьалха хIуьтту иза (шира кор). ШолгIа чохь йолчу экрана тIехь иштта сурт го: яьссачу арахь лаьтташ «Волга» машен хуьлу. Шишша, кхоккха адамаш тIеэха дуьйлало машенна. Эххар а, 24 стаг оцу ширачу «Волги» чу хуу, машен дIайоьду… ТIом болчу хенахь, ларми чохь масех бутт баьккхина, Асланан гергарнаш, лулахой Соьлжа-ГIалара дIабоьлхучу хенахь, хIорш а вара цхьана «Волги» чохь 24 стаг…
ТIом балале хьалха, Соьлжа-ГIаларчу урамашкахь цIенойн номерш тIеязйина цхьатерра эчиган аннаш (таблички) хуьлура, Iаьржачу басар тIехь яздина кIайн терахьш а долуш. Гайтаман «зала» чохь цхьа пен дIалоцу оцу аннаша. «1»-на тIера «100»-на тIекхаччалц ду уьш. Ду аьлча, оццул хила тарлора уьш. Амма, юкъ-юкъахь терахьш тIеоьшуш ду, цхьадолу аннаш чIогIа дохийна ду, цхьадерш мелла а тIера сирдаьлла бен дац. Цаьрга хьоьжуш, тIамо йохийна нохчийн хIусамаш дагайогIу. Кхузахь долу аннаш санна, цхьадолу цIенош кIеззиг, вуьш чIогIа дохош, цхьадерш латтаца дIашардеш, къизаллаш лелийнера вайн лаьтта тIехь тIеман хенахь.
Иштта, цхьана пена тIехь хьалатоьхна жима тептар го, геннара хьаьжча, цу тIехь цхьа йоза долуш санна хета. Улло а веана, бIаьрг тоьхча, цу тIехь дерг йоза ца хилар къаьста. Иза тайнашца вовшахтегна масех тептар ду (книги тIера), тIехь йоза а доцуш. Вайн къоман истори ю аьлла хета иза, тIепаза яйначуьра вовшахъетташ йолу… Хьуо дуьххьара бIаьргтоха веача, хьайна гинчух башха кхета а ца кхеташ дIа а воьдий, цул тIаьхьа, гинарг юх-юха а коьртехь карладуьйлуш, тайп-тайпана ойланаш йойтучарех бу Гайсумов Асланан гайтам. Август бутт чекхбаллалц цуьнга хьовса таро ю шун Соьлжа-ГIаларчу Кхузаманан искусствон туьшехь (Путинан цIарах проспект, 20-гIа цIа).
А.МУСАЕВА
№87, еара, 6 август, 2015 шо