Школехь доьшуш йолчу хенахь массо а хьехархочун ч1ог1а хьоме дешархо хилла Сембиева Разет. 1959-чу шарахь 26-чу декабрехь Г1ойт1ахь Хожалиевг1еран 1алавдин а, Зулайн а доьзалехь дуьненчу яьлла иза. Школехь оьшучу х1уманна т1ехь оьзда чекхйолуш хилла иза. Нохчийн мотт а, литература а даггара 1амош, нохчийн маттаца ч1ог1а уьйр йолуш хилла Разет. Жима йолуш дуьйна цуьнан салаьтта меттиг берашна нохчийн мотт 1амор яра. Хьалххе дуьйна бераш ч1ог1а дукхадезаш а, нохчийн мотт к1орггера талла лууш а хилла иза. Нохчийн маттахь дошам лелайора цо, ша шена йина йолу. Нохчийн маттахь керла дош шена девзича цуьнан к1оргене кхиа хьожура. Разетан нохчийн меттан хьехархо хилла Саидов 1умар Сайдалиевич. Цуьнан урок къаьсттина дукхаезара Разетана, х1ора урокехь кийча а хилара хаьттинчунна жоп дала. Ша миччахь а толам баьккхича иза 1умаран толам лору цо. Х1унда аьлча цо даггара, дика хьехарна нохчийн матте безам бахна яра Разет. Массо х1ума хьехархочун хьекъалх, корматаллах доьзна лору цо.
Иштта нисделира Разета школа чекх а яьккхина, 1977-чу шарахь Соьлжа-Г1аларчу Нохч-Г1алг1айн пачхьалкхан университетан филологин факультетан нохчийн мотт а, литература а 1аморан отделене деша яхар. 1982-чу шарахь университет кхиамца чекхъяьккхина, оццу шарахь церан директор хиллачу Демельханов Зиявди Даудовича д1а а кхайкхина, ша дешначу №2 йолчу школе балха х1оттийра нохчийн мотт а, литература а хьеха. Дуьххьара школехь, муьлххачу хьехархочунна санна, халонаш а 1иттаелла белхан новкъахь. Дуьххьара балха вахача дерриге а хууш ца хуьлу цхьа а, болх баре хьаьжжина карабоьрзуш бу массарна а. Амма цо шен болх даггара бо, ахчанан дуьхьа беш бац. Х1инца и болх ца хилча мегар йоцуш, йоьлла иза цу балхах. Шен коьрта 1алашо лору цо берашна к1орггера вайн ц1ена нохчийн мотт 1амабар. Оцу школехь 8 шарахь болх бина Разет Алавдиновнас. Х1инца а дагахь лаьтта цунна №2 йолчу школехь яьккхина хаза хан.
1990-чу шарахь ц1ера яьлла Разет. Цуьнан ши доьзалхо ву, вайна, нохчашна ма-веззара ший а к1ант а ву. Амма Разет маре яхана кхо шо а далале доккха а вуон деара цуьнан керта, 1993-чу шарахь да а кхелхина, цхьалха бисира цуьнан доьзал. (Дала гечдойла цунна). Ч1ог1а бала хьийгира цо шен х1усамда кхелхича. Ч1ог1а хала делахь а, болх ца бича ца болура, чохь ши к1ант хилча, ц1а-х1усам ян а дезара.
Иштта, 1997-чу шарахь дуьйна 3-чу школехь хьанал къахьоьгуш схьайог1уш ю Разет Алавдиновна. Цигарчу берриге а хьехархошна юккъехь пох1ма долуш хиларца къаьсташ ю иза. Цуьнан дешархой къаьсташ хуьлу. Х1ора шарахь дешархошна юкъахь д1ахьочу районан а, республикин а къийсадаларшкахь толамаш боху цара, нохчийн мотт хааран говзалла гойтуш. Цо 1амийна цхьа а дешархо къийсадаларшкахь совг1атан меттиг ца йоккхуш веана вац. Тайп-тайпанчу совг1аташца билгалбаьккхина цуьнан къинхьегам. 30 сов грамота ю районан администрацис елла. Цхьа бутт хьалха а иштта Сийлаллин грамота елла цунна Нохчийчоьнан дешаран, 1илманан министра Байханов Исмаь1ила. Телевиденехь хуьлуш йолчу передачашкахь дакъалаца кхойкху иза, нохчийн мотт говза бийцарна. Цуьнан дешархой нохчийн мотт дика хууш бу. Х1унда аьлча цо, дешархоша нохчийн мотт бийцарехь г1алат даьккхича, хьехар до нохчийн мотт ц1ена бийцийта. Дешархошна вайн нохчийн ц1ена мотт безабалийтархьама дуккха а къахьоьгу цо, берийн самукъадер долу сценкаш х1иттош. Цо язйина берашна лерина йолу байташ язъйина а. Амма зорбане а ца йохуш латтайо цо уьш. Муьлххачу а мероприятехь дуккха а материал хуьлу цуьнан. Дукхахьолахь вайн Даймахках а, нохчийн маттах а лаьцна хуьлу уьш. Р.Сембиеван урокехь цхьа а вист хуьлуш ца хеза. Дешархошна дукхаеза шайна нохчийн мотт хьоьхуш йолу Разет Алавдиновна. Цкъа а дешархошна т1ечехаш а, к1оршаме дош олуш а хезар дац цуьнан урокехь. Дагахь мел ч1ог1а бала хиларх, берашна юкъа кхаьчча бицло Разетана шен бала а, г1айг1а а.
Шовзткъе итт бер т1е а кхайкхина, уггаре а оьзда, г1иллакхе нохчийн мотт безаш, харцо ца езаш, ког ца тасалуш йог1уш йолу хьехархо билгалъе аьлча, цара билгалйина ю Сембиева Разет.
ДУДАЕВА Разят,
Нохчийн пачхьалкхан университетан студент