Нохчийн Республикин яздархойн союзо даггара декъалво похIме поэт Хасбулатов Ямлихан, цуьнан 80 шо кхачарца. Дукха хан ю цо литературехь болх бен. Цуьнан цIе шуьйра евза вайн республикехь а, генна цуьнан дозанал арахьа а. Жимчохь волавелла иза яздан. Ямлиханан байташ хьалхарчу могIанашкахь дуьйна яра даймахке болчу безамах юьзна, цуьнан Iаламан хазалла юьйцуш, и беза Iамош. Цуьнан лирически турпалхо нуьцкъала амал йолуш хилла даима, дешархочун дахаре болу безам чIагIбеш, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхуллуш, дикане, къинхетаме, адамалле кхойкхуш. Иза ду вайна поэтан зевнечу кхоллараллехь уггаре а мехала дерг. Нохчийн литературин беркатечу хьаьттахь шатайпаллица къаьста майда ю Хасбулатов Ямлиханан исбаьхьа поэзи. Къоман культурин цхьа тайна дакъа хилла дIахIоьттина цуьнан кхолларалла, хIора могIанца нохчалла хестош, хIоранга цу нохчаллех къилба даре кхойкхуш. Дала декъалвойла хьо Ямлихан! Кхоллараллин керлачу лакхенашка кхочийла хьо! Ирс, беркат ма иэшадойла хьан хIусамехь! Бевза-безачийн вуо ца гуш кхин а дуккха а шерашкахь вехийла хьо!
Нохчийн Республикин яздархойн Союз, «Даймохк» газетан редакци
№87, еара, 6 август, 2015 шо