Хасбулатов Ямлихан, хьалххе дуьйна поэзи шен дахаран некъ а хаьржина, нохчийн литературехь билггал йолу лар юьтуш схьавогIуш ву. 1949-чу шарахь язйина цо шен дуьххьарлера стихаш. Зорбане ваьлла 1957-чу шарахь Алма-Атахь «Къинхьегаман байракх» газетан агIонаш тIехь. ХIетахь дуьйна хаддаза кхоллараллин лехамехь ву иза:
Даймехкан турпала некъ бийца гIоьртича,
Бийцина валалур варий-те?
Бакъдолу ирс лоьху дош ала хIоьттича,
Ма-дарра алалур дарий-те?
Беркате ойланаш исбаьхьаллин даше ерзоран керла некъаш лоьхуш хилла поэт даима а. Цуьнан кхоллараллехь тайп-тайпана поэтически форманаш ю. Малхбален, Iаьрбийн поэзин кепех а кхоллараллица пайдаэцна цо.
Хасбулатов Ямлиханан поэзин лакхенаш ю нохчийн литературехь евзаш йолу цуьнан стихийн, поэмийн книгаш: «Дегайовхо» (1969), «Лекха цIе» (1972), «Кхокханан йиш» (1974), «Къан ца лун мерзаш» (1977), «Лаьттан йозалла (1985), оьрсийн маттахь «Песня голубя» (1977), «Высокое имя» (1987), кхиерш а. Нохчийн халкъан лирически эшарш гулйина, зорбане кечйина, «БIе мукъам» цIе йолчу гуларехь арахецна поэта.
Хасбулатов Ямлиханан кхолларалла Нохчийчохь евзина ца Iа. Цуьнан стихаш, поэмаш арайийлина оьрсийн, гIалгIайн, казахийн, эрмалойн, гIумкийн, жIайхойн, хIирийн, кхидолчу къаьмнийн меттанашкахь. Царна зорбатоьхна “Аврора”, «Байкал», «Дон», «Дружба народов», “Молодая гвардия”, «Москва», «Нева», «Простор», «Современник» цIерш йолчу журналаш тIехь а.
ДIаихначу шераша лах ца дина поэтан кхоллараллин хьуьнарш, цуьнан поэзи хIинца а сирла ю, зевне ю, дахаре кхойкхуш ю. Поэта ша ма-баххара «нийсонна туьйсина» ду цуьнан «зевне дош».
Ямлихан, вайн поэзехь кхидIа а беркате къахьега Везахинволчу Дала могашалла а, доьналла а лойла хьуна!
АРСАНУКАЕВ Iабдулла
№87, еара, 6 август, 2015 шо