Цуьнан цIе историна юккъе язйина

БисмиллахIиррохь манирохьийм!

Олуш ду, стага шен дахарехь лелийна маьIна доккха мел хили а иза кIеззиг вовзийта везаш хуьлу. Наггахь дуьххьалдIа цIе яьккхича а тоьаш хуьлу  къамел стенан хьокъехь хир ду хаа. Баккъал а, Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе яьккхича тоьаш ду цуьнан дахаро лелийначу мехалчу маьIнех кхета.

Кавказехь кIезиг карор бу дийна боллушехь шайн цIерш истори юккъе язйина болу Iеламнах. Дийна воллушехь шен цIе шен къоман, бусалба умматан, оьмаран историна юккъе язъяйта хьекъал, хьуьнар, доьналла, собар, ийман тоьънарг ву Ахьмад-Хьаьжа.

Цуьнан цIе цIеххьана ца яхана историна юкъа. Иза иштта хилийта дукха къахьегна Ахьмад-Хьаьжас. Дуккха а зиэрех чекхвийлина, халонаш Iаьвшина. ТIехула бIаьрг тоьхча хета цуьнан дахаран некъ атта а, чолхенаш йоцуш а хилла аьлла. Амма иза данне а иштта ца хилла. Сталинан чалтачаша луьра таIзарш деш махках даьккхина хиллачу халкъан воI вара иза. ХIетте а цуьнан дагчохь оьгIазалла яцара. Цо халкъан бIешерийн некъ луьттуш шен дагчухула чекхбаьккхинера. Цундела ницкъ кхечира цуьнан къарлур йоцчу республикин къоман керла политика кечъян.

04

Ларамаза дацара советийн шерашкахь цо бусалба Iилма Iаморан некъ юьхьарлацар а, дуккха а шерашкахь доггах къахьегарца оцу некъа тIехь чIагIвелла, сий-лараме кхаьчначул тIаьхьа цуьнан  кхолламехь дагахь ца хилла хийцамаш, голатохарш нисдалар а.

Ма-дарра аьлча, ишттанниг Ахьмад-Хьаьжин дахарехь санна кхечу Iеламнехан дахарехь а нисделла. Цуьнаниг санна хала бералла, къинхьегамца йоьзна къоналла, динлелор бахьанехь хьийзор, эххар а, хиндерг къастон долу дешар, Iилма карадерзор хилла. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас санна, ас а дешна Бухарарчу «Мир-и-Араб» хьуьжарехь, Ташкентерчу Исламан институтехь. Цигара цIавирзинчул тIаьхьа Iалиман декхарш кхочушдина ас. Хетарехь, тхойшиннан дахаран некъаш вовшех тера догIуш хиларо кхоьллира тхойшинна юккъехь доттагIаллин юкъаметтиг, марзо. Ахьмад-Хьаьжига безам а, ларам а кхуллуш яра цуьнан амалш: майралла, доьналла, кIорггера хьесапдан хаар, бакъонна, нийсонна тIера дIаса ца таIар.

Нохчийн халкъо санна бала-гIайгIа дукха лайна халкъ хир дац Кавказехь. Махках даккхаран хало Iаьвшинчу халкъан цхьа а маьждиг дацара 1989-гIа шо кхаччалц. Делахь а, иза шен чIогIа амалш, Iадаташ, гIиллакхаш бахьанехь ийманах ца дуьйхира, цо дин дIа ца тесира, иза иэхь-бехках ца делира. Нохчийчохь къадарин а, накъшбандин а тIарикъаташ лардира, зератийн дола а дира бусалбанаша.

1989-чу шарахь Нохчийчохь муфтият кхолларна тIера дIадоладелира бусалба дин дендалар, даржар, чIагIдалар. Боццачу муьрехь схьадиллира иттаннаш маьждигаш. Яккхийчу ярташкахь а, гIаланашкахь а болх бан юьйлаелира хьуьжарш. Нохчийчуьрчу бусалбанийн аьтто белира ХьаьжцIа баха а, дозанал арахьарчу мехкашкахь бусалба Iилма Iамо а.

Кадыров Ахьмад-Хьаьжин а, сан а гергарло чIагIделира ерриге Кавказана а хала еанчу хенахь. Террористически акташа, граждански тIом эккхарна болчу кхерамаша, вахабиташа лелочу питанаша, къаьмнашна юккъехь нислучу Iотта-баккхамаша долчу тIе а карзахдоккхура ерриге а регионера хьал. Иза Нохчийн Республикин Президент харжале хьалха а тхойшиъ цхьаьна болх беш вара Кавказан халкъийн динан Лаккхарчу советехь. Оцу советан Iалашо яра адамийн уьйр-марзонаш чIагIъяр, къаьмнийн, динан башхаллаш хьесапе а ца оьцуш, уьш вовшашна гергадалор, уьш маьрша, бертахь дахийтар. Ахьмад-Хьаьжа тешна вара Кавказан халкъаш а, мехкаш а ирсе, токхоне, кхиаре кхачон дерг беккъа и цхьаъ боцург кхин некъ цахиларх.

Оцу тешамца хIоьттира иза Нохчийчоьнан куьйгалле а, цунна уггаре а хала, чолхе еанчу хенахь. Ахьмад-Хьаьжас дерриге а дира халкъан барт бархьама, республикера тIом сацорхьама, маьршачу гIуллакхашна халкъ цхьаьнатохархьама.

Бала-гIайгIа дукха лайна долчу оцу халкъан дахарехь Нохчийчоьнан муфти дуьххьара говза политик хилла дIахIоьттира. Ма-дарра аьлча, цунах халкъан тхьамда хилира. Президентан дарже хIоьттича Кадыров Ахьмад-Хьаьжас уггаре а хьалха арахецначу указех цхьаъ дара Нохчийчохь вахабизм лелор цамагоран хьокъехь дерг. Вахабизм ехкаран хьокъехь долчу оцу указан гIо а лецира, иза къобал а дира Кавказан бусалбанийн Урхалло а, ткъа иштта Россерчу муфтияташа а. Оцу даржехь волчу хенахь цуьнан болх политиках, экономиках, социальни декъах, культурах хьакхабелла Iаш бацара. Цо боккха тидам тIебохуьйтура бусалба дин чIагIдарна. Цо маьждигийн имамашка кхайкхамаш бора халкъа юккъехь барт, маслаIат дарехь жигара дакъалаца, бохуш. Ша а дакъалоцура бусалбанийн дуьненаюкъарчу конференцешкахь, тайп-тайпанчу динийн векалийн цхьаьнакхетаршкахь. Халкъашна юккъехь барт, машар барехь царах йоккха дегайовхо йолуш вара иза.

Нохчийчоьнан Президентан дарже Ахьмад-Хьаьжа хIоьттийнчул тIаьхьа тIеман кIур лахбала болабелира, республикера дахар синтеман новкъа делира. Адамаш маьрша къахьега дуьйладелира. МеттахIитто йолийра ярташ, гIаланаш. Цунах тешнера халкъ. Цунах тхо а тешнера. Тхан баккхий сатийсамаш бара цуьнца боьзна. Нохчийчохь бина ца Iаш ерриге  а Кавказехь а цо барт, машар бийриг хиларх тешна дара тхо.

Амма йоккхачу ямартлонца, тешнабехкаца динчу тохаро вайна юкъара дIаваьхьира и сийлахь стаг. Ахьмад-Хьаьжа кхалхар боккха эшам бу суна а, Кавказан берриге а бусалбанашна а, Iалимашна а. Царна хилла а ца Iа. Иза дIаваьлча дика доттагI воцуш дисина азербайджанан халкъ.

Делахь а, массо хIума АллахIан кхиэлаца хуьлуш ду. Хастам бу-кх Цунна! Тахана баккъал а вайн сатедо Нохчийчоьнна куьйгалла деш, республикехь бусалба дин даржош, кхузахь цкъа а ца хиллачу лакхалле ойъуш цуьнан кIант Кадыров Рамзан хиларо. Кадыров Ахьмад-Хьаьжин весеташ кхочушдеш, цо юьхьарлаьцначу новкъа кхиамца гIуллакхаш деш схьавогIу иза. БIаьрла бу республикехь а, Нохчийчоьнан бахархойн дахарехь а хуьлуш болу хийцамаш. Де-дийне даларца толуш, токхе хуьлуш ду церан дахар. Шеко йоццуш, уггаре а хьалха, иза бахархойн хьашташна жоп луш йолу хьекъале политика дIаяхьаран жамI ду. Хьал синтеме хилийтарехь Iаламат доккха ду дино лелош долу маьIна, ма-дарра аьлча бусалба дино лелош долу маьIна. ХIунда аьлча Кавказ кхуьийла дац машар ца хилча, халкъийн ийман чIагIлуш ца хилча, хIара дуьне вайна Дала делла ниIмат хиларх вай кхеташ ца хилча.

Ахьмад-Хьаьжа сан иэсехь даима а вуьсур ву майра, хьикмате, шен халкъах дог лозуш вехаш хилла стаг санна. 1998-чу шарахь ерриге а Кавказан бусалбанийн Х-чу съездехь Ахьмад-Хьаьжас шайн республикин лаккхара совгIат дира суна. 2009-чу шарахь цуьнан кIанта Нохчийн Республикин Президента (хIетахь) Кадыров Рамзана баккъал а доттагIаллин совгIат дира суна – шен турпалчу ден цIарах йолу орден елира. Доккха сий а, хастам а бу иза шен доттагIаллин мах хуучарна, вошаллин мах хуучарна.

Со даима а тешна хилла вайх хIорамма а харцонна, ницкъбарна, терроризмана, юкъараллехь долчу анташна, вайн эхь-бехкаца, ийманца догIуш доцчунна дуьхьал хаддаза луьра къийсам дIабахьа безаш хиларх. Кадыров Ахьмад-Хьаьжас шегарчу масалца дерриге а дуьненна дIагайтина харцонна, питанна, терроризмана, вахабизмана, вайна даха новкъарло еш мел долчунна дуьхьал къийсам муха дIабахьа беза, регионехь а, дерриге а дуьненахь а къинхетаман мехаллаш муха ларъян еза, пачхьалкхан а, динан а юкъаметтигаш муха дIахIитто еза.

Шен мерза са дIаделла цо оцу дерригенан а дуьхьа. Иза вайна а, вайн тIаьхьенашна а цкъа а вицлур вац.

Вассаламу Iалайкум ва рахьматуллохIи ва баракатухIу.

 ПАШАЗАДЕ АллахIшукюр, Кавказан бусалбанийн динан урхаллин председатель хилла верг.

№87, еара, 6 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: