ХIора шарахь А.М.Горчаковн цIарахчу къоман дипломатин гIолацаран фондо Гуьржийчоьнан культурин уьйрийн «Кавказан цIа» туьшаца цхьаьна дIахьочу «Машаран а, юкъаметтигаш чIагIъяран а россин-гуьржийн цхьаьнакхетарш» цIе йолчу проектан гурашкахь хIокху шарахь пхоьазлагIа дIадаьхьира россин-гуьржийн къоначу политологийн цхьаьнакхетар.
Къилбаседа Кавказехь хуьлучу хиламех а, конфликтологех а, исторех а, иштта регионехь хIоьттинчу геополитически хьолах а лаьцна дерг дика хууш болу къона говзанчаш бара россин-гуьржийн къоначу политологийн V-чу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш.
26–28-чуй июлехь Москвахь хьалхара мур дIабаьхьначул тIаьхьа, къоначу политологаша шайн шолгIачу муьран (29–31-чуй июлехь) цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Соьлжа-ГIалахь.
Уьш вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос лакхахь хьахийначу Фондаца а, «Кавказан цIа» туьшаца а цхьаьна.
Хьалхарчу дийнахь Соьлжа-ГIала йовзуьйтуш – гIалин юкъ а, «Ахмат-Арена» спортан комплекс а, Грозный-Сити а – экскурсеш вовшахтуьйхира хьешашна.
ШолгIачу дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочун хьалхарчу заместительца Кашлюнов Дмитрийца а, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министраца Тагиев Муратца а цхьаьна «Нохчийн Республикин масална тIехь Россин социально-экономикин кхиарехь кегийрхойн пачхьалкхан политико дакъалацар» тема йийцаре еш шайна хетарг довзийтира къоначу политологаша.
Цул тIаьхьа Къоман библиотекехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата жоьпаш делира россин-гуьржийн къоначу политологийн хаттаршна. Коьртачу декъана уьш доьзна дара «Россехь йолу хаамийн политика, хаамийн политикин кхерамазалла» а, «Къилбаседа Кавказ а, исламан кIорггера хийцамаш (радикализация), ИГИЛ, кхузаманан лехамаш а» теманашна.
31-чу июлехь Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу адамийн бакъонашларъяран а, граждански юкъаралла кхиоран а Советан председательца Алиев Тимурца «Нохчийн Республикин граждански юкъаралла кхиар» тема йийцаре йира къоначу политологаша.
Цул тIаьхьа Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун А-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориальни комплексехь хилла, Тбилисе а, Владикавказе а дIабахара хьеший.
Къоначу политологаша Москвахь а, Соьлжа-ГIалахь а дIадаьхьначу цхьаьнакхетарийн жам1аш Россин а, Гуьржийчоьнан а юкъаметтигаш кхин а дика хиларе сатуьйсийла юьтуш ду.
Л.ИБРАГИМОВА
Авторан сурт
№87, еара, 6 август, 2015 шо
