ТIаьхьарчу шерашкахь Россехь чIогIа даьржина коррупци лелор. «Пачхьалкхана, цуьнан кхиарна, юкъараллин хьолана кхераме хIума ду иза. И дерриге а девзаш болчу социальни декъан белхахойн Iалашо ю бахархой социальни ларбаран декъехь коррупцин гучудийларш ца хилийтар, гражданийн хьашташ а, бакъонаш а кхочушъярна кхачояр.
«Нохчийн Республикехь коррупцина дуьхьал гIуллакхаш дIадахьаран хьокъехь» болу Нохчийн Республикин Правительствон сацам кхочушбархьама Шелан районан «Къинхьегаман а, социальни кхиоран а отдел» ГКУ-хь системе дерзийна коррупцина дуьхьал дIадахьа дезачу гIуллакхийн хьокъехь долу дерриге а нормативно-правовой акташ. Иза дина уьш Iамор аттачу даккхаран Iалашонца. Кеч а йина, чIагI а йина кхочушъеш ю 2014–2015-чуй шерашкахь коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран план. Цуьнца цхьаьна кечйина оцу зуламца къийсам дIабахьаран программа. Иза чIагIйина отделан хьаькама.
Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьаран балхана жоьпалле ю коьрта говзанча С.Гапаева. Белхан тобанан секретарь а хIоттийна иза. Реабилитаци йинчу нахана, заьIапхошна, чернобыльхошна, буоберашна, кхечарна хIора баттахь компенсацеш яздеш ю иза. С.Гапаевас дийцарехь, планаца дан лерина долу гIуллакхаш шайн-шайн хенашкахь кхочушдеш ду. Кхузахь бахархошна дерриге а хьелаш кхоьллина коррупцин гучадалар хиллачу минотехь хьокъала йоллучу органашка хаам байта. Болх беш ю тешаме телефон: 8 928 000 73 57. Иштта гуш йолчу метте дIатоьхна ю аьрзнаш, леткъамаш, дехарш чутасарна лерина яьшка. Цул совнаха, лелош ду бахархойн дехарш хьесапе оьцуш долу журнал.
ХIора кварталехь, графикца билгалйинчу хенахь, дIахьо белхан тобанан кхеташо. Цигахь ладугIу планаца дан деза гIуллакхаш дIадахьарна жоьпалле болчу белхахойн отчеташка, коррупци лелорна дуьхьал бинчу белхан жамIашка. Отделан хьаькама А.Вахаевс бахархошна дуьйцу учрежденис бечу балхах лаьцна а, коррупцина дуьхьал дIахьочу къийсамах лаьцна а. Цундела ларамаза а дац кху шеран ялх баттахь коррупци лелоран хьокъехь бахархошкара цхьа а арз кхаьчна цахилар.
– «Пачхьалкхан урхаллин система тоеш-карлаяккхаран коьртачу некъийн хьокъехь» долчу 2012-чу шеран 7-чу майхьлерчу №601 йолчу Россин Федерацин Президентан Указ а, 2012-чу шеран 7-чу декабрехьлера №ПР-3304 йолу Россин Федерацин Президентан тIедиллар а кхочушдаран гурашкахь, ша аьлча, 2015-чу шеран 1-ра январь тIекхачале «цхьааллин кор» принципца пачхьалкхан а, муниципальни а хьашташ жим-жима кхочушдан долоран декъехь тхан отдело барт бина дуккха а декхарш кхочушдечу туьшаца, пачхьалкхан хьашташ кхочушдарехула болу хаамаш вовшашка дIасалур болуш, – бохура С.Гапаевас. – Отделехь кхоьллинчу хьелаша бахархошна таро ло коррупци лелийна меттиг хааелча цу сохьта хьокъала йоллучу органашка хаам бан. Оха тхайн балхахь коьрта тидам тIебохуьйту профилактика яран гIуллакхашна. Белхан тобано уьш дIахьо отделан белхахошна юкъахь. Цаьрца хуьлучу къамелашкахь белхахошна дуьйцу коррупци лелийначунна тIедужучу уголовни жоьпаллех лаьцна.
Оцу а, кхечу а гIуллакхаша гIодо коррупцина дуьхьал дIахьош болчу къийсаман тIаьхье беркате хилийтарна. Отделан хьаькама билгалдаьккхина ма-хиллара, царна хааделла дац шайн белхахоша коррупци лелийна хилар.
З.ФЕДОРОВА
№87, еара, 6 август, 2015 шо