Данне а самукъанечех дац и хаттар, цунах ма-дарра кхета хала ду ша оцу халонна тIеIоттавелла воцучунна.
Оьздачу доьзалехь хьалакхиочу кIантах а, йоIах а хила тарло наркоман. Сан доьзалхочух наркоман хир вац я иза сан доьзалх хьакхалур дац аьлла, чIагIо ян йиш йолуш вац вайх цхьа а. Муьлххачунна тIеIоттадала тарлуш хIума ду иза. Ткъа иза шена тIе ца Iоттаделлачунна я цунах кхетам кIезиг болчунна хетадала тарло ницкъаца наркоман сацалур ву аьлла. Иштта хета иза хIоранна а шен доьзалхо я юххера гергарниг оцу вуочух хьакхаваллалц. Юха а, шайн кIант я йоI наркотикаш тIе кхийда доладелча, гергарнаш бехкениг цуьнан накъосташна, гуонахарчарна юкъахь леха буьйлало. Цара ойла ца йо жимастаг я зудабер оцу харц новкъа даларан бахьана хIун ду те, олий.
Шайн доьзалхо наркотикех пайдаоьцуш ву боху къаьхьа кхаъ шайга кхаьчча, бIарзлой хьаьвза гергарнаш, хийрачарах иза лачкъо а гIерта уьш, шайн доьзалхочуьнга болу лерам лахлур буй хаьа царна иза нахала даьлча.
Доьзало, гергарчара цуьнга дехарш до, чIагIо йойту, етта, чу а вуллий латтаво, доцца аьлча, шайна хетарг, ницкъ кхочург дерриге а до, амма иза хийца ца ло. Наркомано шена наркотикаш эца юхалург ахча доккху, алсам мах боккхуш, ша санна болчарна наркотикаш йохка волало, хIуъа лачкъайо, аьшпаш ботта волало, иштта дIа кхин а.
И гIуллакх генадала доладелча, цунна юххернаш эххар кхета буьйлало шаьш и сацо гIорасиз хиларх, цу декъехь болчу говзанчашка орца деха дезаш хиларх.
ТIаккха бен ца кхоллало, шен чохь наркоман хилча хIун дан деза боху хаттар. Ишттачохь некъ шиъ бен бац – чуволлар я оцу стагана дарба лелор.
Доьзало хоржург дарбанаш лелор ду, амма цигахь яккхийчу халонашна тIеIиттало. Лелочух цунна дарба хир дац, нагахь и стаг ша реза а волуш лелош дацахь. Ткъа наркоман ша реза атта хуьлуш вац. Эххар а шен дегIе лан ца даллал лазарш хьийза доьлча реза хуьлу иза, амма тIаккха хала хуьлу иза оцу цамгарх хьалхаваккха. И ша реза хилча а хала ду цунна дарба лелон меттиг харжа. Пачхьалкхан наркологически учрежденеш, долахь йолу клиникаш, пачхьалкхан йоцу реабилитаци яран туьшаш ю вайн.
Пачхьалкхан учрежденешкахь юьхьанцара гIо до наркомани боху боьха ун хьакхаделлачунна, дегI лозучуьра меттадаладо цуьнан, реабилитаци а йо. Наркологически хьесапе оьцу и, дIайоху цуьнгара цхьайолу бакъонаш, масала, водителан тоьшалла, муьлх-муьлххачу балха а ца оьцу, иштта дIа кхин а. Амма халаниг иза дац, цу декъехь лелочу дарбанийн эвсаралла лахара хилар ду. Цуьнан бахьана ду шен гуттар гIад даллалц, дегIе ца ладаллал долчу лазарша ша хьийзо волаваллалц наркотикех пайдаэца марзвелларг дарба леладайта реза цахилар.
Шайн доьзалхо наркотикех пайдаоьцуш велахь, жимма а таро йолчара доларчу клинике вуьгу, цигахь гIолехь долу дарбанаш лелоре дог дохуш. Ткъа вукхара алссам мах боккху. Амма цуьнан наркотикех хервалар гена ца доьду, юха а хьалхалеррачу гуоне доьрзу дерриге а. ТIаккха буьйлало цIеранаш пачхьалкхан йоцучу реабилитаци яран туьшашкахь гIо леха. Цигахь могашчу дахаре иза юхаверзо тайп-тайпана гIоленаш лоьху цара, амма юха а коьртаниг наркоман ша товала лууш хилар ду. И кхета веза иштта ша гена дIавахалург цахиларх, Делан къинхетаме дог дохуш, оцу цамгарх хьалхавер волу некъ харжа беза. Цигахь наркоманна гIо дийраш хьалха хIара санна хилла, изза бала Iаьвшина нах бу, уьш кхечарал гIолехь кхета цуьнгарчу хьолах.
Вайна хIинца а жоп карийна дац хIун дан деза шен чохь наркоман хилча бохучу хаттарна.
Бакъонашларъяран органашка хаам бар ду гIолехь дерг, хIунда аьлча наркотикех пайдаоьцучо, вай лакхахь ма-аллара, наркотикех йохк-эцар ян а, лачкъо а, хIуъа лело а тарлуш ду, нагахь ишттаниг лелош гучуваьлча законца чохь яккха хан тоха йогIу цунна. Ткъа набахтешкахь, юкъараллех дIакъастор доцург, цунна дарбанаш ца леладо, цигахь криминальни кхин керла зIенаш тосу цо.
Цхьаберш оцу харц новкъа ваьлла шайн доьзалхо оьций Европе дIабоьлху, цигахь дарба хиларе дог доху цара. Ткъа вукхара, гIийла наркотик луш, латтаво иза, цуьнан лазарш лахдан, хIума лачкъа ца яйта. Амма цунах гIоле хиллане а ца хуьлу, мелхо а оцу лазарх кхелха иза.
Вайнехан кхетамехь наркоман бохург иэхье лоруш ду. Цуьнгара дуьйлучу иэхьечу хIуманашна юьхьIаьржа хIуьтту цуьнан да-нана, гергарнаш, царна гуттаренна тIехь дуьсу долу томмагIа ду иза. Делахь а, муха кхета веза иштта доьзалхо чохь волчу дех-ненах? «Шаьш оццул везаш кхиийна доьзалхо бахьанехь шайн юьхьIаьржа хIиттар муха лов цара» бохучу хаттарна ойла еш хила веза хIора а. Хьанна а тIеIоттаяла тарлуш киртиг ю иза.
Юха а, хIун дан деза шен чохь наркоман хилча?
Оцу хаттарна кхоччуш жоп хIинца а карийна дац. Зеделлачуьнца дуьстича, таханлерчу дийнахь гIолехь болу некъ собаре хилар а, оцу декъехь болчу говзанчех дагавалар а бу. Наркотикех пайдаэца марзвелларг юха могашчу дахаре верзо алссам хан а, къинхьегам а оьшу.
И дерриге а гуш волчунна хууш хила деза, ша оцу новкъа вала ца везий а, шена гуонаха берш ницкъ кхочучу барамехь ша ларбан безий а.
ГАЙРХАНОВ МОВЛА
№87, еара, 6 август, 2015 шо