Мехкан а, дозанал арахьарчу а шуьйрачу хаамийн гIирсаша йийцаре еш ю масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана «РИА Новостина» елла интервью. Оцу хаамийн агентствон журналистийн хаттаршна жоьпаш а луш, вайн регионан Куьйгалхочо дийцира дуьненахь а, махкахь а, республикехь а политикин, экономикин декъехь хуьлуш болчу мехалчу хиламех, оцу хиламашкахь вайн дерриге а халкъо жигара дакъалаца дезаш хиларх, дуккха а кхечунах лаьцна.
Интервьюхь хьахаделира Нохчийчохь мехкадаьттанах гIуллакхден завод ярх долу гIуллакх а. Иза яр дIадолалур ду Россин Федерацин Правительствос цу хьокъехь хьокъала боллу сацам тIеэцначул тIаьхьа. Иштта дара Кадыров Рамзана шега динчу хаттарна делла жоп. Юха, шен жоп тIедузуш вайн регионан Куьйгалхочо билгалдаьккхира, Россин Федерацин Президента Путин Владимира Нохчийн Республикехь мехкадаьттанах гIуллакхден завод йийр ю аьлла дIахьедина хилар. Ткъа цо ша аьлларг даима а кхочушдо. Делахь а…
«Мехкадаьттанах гIуллакхдеш йолу завод таханлерчу дийнахь ялур йолуш хьал дац, нагахь санна хьалха ялур йолуш хиллехь а. Цунна оьшуш долу хьелаш дац. Цундела дахдина и гIуллакх, я «хIаъ» а, я «хIан-хIа» а доцуш. Цу тIехь болх беш ду тхо. Президента цу хьокъехь цхьа сацам бийр бу аьлла хеташ ву со. Цо ша ма-аьлла: оха завод йийр ю. Харжамел хьалхара кампани дIахьочу хенахь ша дийр ду мел аьлларг кхочушдеш схьавогIуш ву иза. Нохчийчохь мехкадаьттанах гIуллакхден завод а йийр ю. Массо а хIуманан шен-шен хан а, рагI а ю. РагI тIекхачаре хьоьжуш Iаш ду тхо. РагI тIекхаьчча, цо эр ду: хIинца завод ян еза!», – элира Кадыров Рамзана.
Нохчийчохь мехкадаьттанах гIуллакхден завод яран таронийн хьокъехь долу гIуллакхаш дийцаре деш долу масех шо ду. «Роснефть» куьйгалхочо Сечин Игора 2013-чу шеран чаккхенехь дийцира Нохчийн Республикехь мехкадаьттанах гIуллакхден завод йилларан проект кхочушъяр налогийн гIоленаш еш ца хилахь санехь хирг цахиларх лаьцна.
Дагадаийта лаьа 2013-чу шеран декабрехь «Роснефть» проектийн тептарш кечдарна заявка дIаэцна хилар. Цуьнца билгалдеш ду шен нуьцкъалла цхьа миллион тонна мехкадаьттанах шарахь гIуллакхден йолу Соьлжа-ГIалара завод ярна инженерни лехарш дар.
Цу тайппана, шега динчу хаттарна дуьззина а, кхачам боллуш а жоп делира Кадыров Рамзана. Цунна тидам тIебохуьйту интервью интернетехь а, шуьйрачу хаамийн кхечу гIирсашкахь а еша аьтто баьллачара.
Д.ХАМЗАТОВ
№87, еара, 6 август, 2015 шо