Кадыров Рамзан: «Культурин гIуллакххо массарна а масал хила деза»

Масех де хьалха Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан цхьаьнакхийтира регионан культурин гIуллакххошца. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийчоьнан Куьйгалхочун, Правительствон Администрацин куьйгалхо Кадыров Ислам, вайн республикин Культурин министр Дааев Хожа-Бауди.  Цхьаьнакхетаран юьххьехь Р.Кадыровс билгалдаьккхира Нохчийчоьнан Iедало культура кхиорна тIехь сема тидам латтош хилар, оцу декъана дикка харжаш еш хилар, культурехь хьанал къахьоьгуш болчарна хаддаза гIо-накъосталла деш хилар.

 Иза дан а ду иштта. Цунна ду-кх тIаьхьарчу хенахь вайн культура кхиорехь кхиамаш хилар. Иза чIагIдеш, Нохчийчоьнан Куьйгалхочо элира: «ТIаьхьарчу шерашкахь баккхий хийцамаш хилла вайн культурин декъехь. Кхеташ ду уьш дика хийцамаш хилар. ЧIагIлуш бу материально-технически бух. Лакхайолуш ю артистийн говзалла. Регионан тайп-тайпанчу меттигашкахь – лаьмнашкахь а, шерачу аренашкахь а – кхиамца гIуллакхдеш ю кхузаманан дуккха а культурин учрежденеш. Цигахь болх а дика дIахIоттийна бу. ТIаьхьарчу шерашкахь, хьацарна пIелг а хьоькхуш, бинчу хьуьнаречу белхан жам1 ду иза. Вай тIейогIучу хенахь а къахьоьгур ду культура кхиорехь баьхна кхиамаш керлачаьрца тIебузарехьа, керлачу лакхенашка кхачарехьа.

Цуьнца цхьаьна Кадыров Рамзана гулбеллачеран тидам тIебахийтира кегийрхой артистех Iемаш, царах тера хила лууш хиларна. Цундела уьш шайх масал эца мегар долчу кепара лела беза сцени тIехь а, хIора дийнан дахарехь а. «Артисташа шайн кхоллараллица, дахарехь леларца адамашна нийса некъ гайта, хьеха беза, вайн гIуллакхашка, ламасташка, Iадаташка церан безам кхолла беза. Халахеташ делахь а, наггахь нисло культурин гIуллакххоша шайгара вуон масал гойтуш меттиг а. Иштта долчу адамаша сцени тIехь дан хIума дац. Цара шайна кхин меттиг лаха еза. Цара шайн амал, лелар хийца деза. Цуьнца доьзна билгалдаккха лаьа культурин декъехь дуккха а шерашкахь къахьоьгуш болчарна тIехь долу жоьпалла. Цара къоначу актерашна, иллиалархошна, эшаршлакхархошна, хелхарчашна, кхечарна шайн говзаллин къайленаш йовзийтина ца Iаш, царна шайн хаарш дIаделла ца Iаш, къоман гIиллакхаш, оьздангалла, эхь-бехк Iамо деза, оцу мехаллашка марзо кхолла еза», – бохура Кадыров Рамзана.

Республикин культурин белхахоша чIогIа резахилла тIелецира регионан Куьйгалхочо шайга дина къамел. Кхул тIаьхьа беш болу болх цунах куьйгалла а оьцуш, цуьнан къамел дагахь а латтош бан лерина бу уьш. Ма-дарра аьлча, кхечу кепара хуьлийла а дацара.

 

Д.АНАДЕВ

№87, еара, 6 август, 2015 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: